Дагестанера Социалан фондан хиллачу хьаькамера 310 миллион соьмана бахам схьабаьккхина

Дагестанан а, Оьрсийчоьнан а байракхаш. Гайтаман сурт

Дагестанехь кхело меттигерчу Социалан фондан декъан хиллачу хьаькамера а, цуьнан доьзалера а 310 миллион сов соьмана болу бахам схьабаьккхина. Оцу йукъанна цуьнан цIе йоккхуш йац. "АиФ" зорбанан гIирсо йаздо, Буйнакан кIоштарчу Соцфондан хиллачу куьйгалхочуьнгара Гаджибатыров Набиюллера баьккхина и бахам. Ткъа иза ша талламан изолятороехь ву боху. Ненан капиталца курхаллаш лелорна бехкево иза.

Официалан версица а догIуш, и гIуллакх кхеле кхачон бахьана хилла бина талам. Цо гучуйаьккхина хьаькамна а, цуьнан гергарчу нахана а тIебогIучу пайдана а, цара беза мах луш гIишлош эцарна а йукъара башхалла. Дийцарехь, 2009-чу шарера 2024-чу шаре кхаччалц хьаькаман а, цуьнан хӀусамненан а, йишин а тIедогIу рицкъ 11 миллион сом хилла дерриг а вовшахтоьхча. Оццу муьрехь цара долабаьккхина 78 миллион сов мах болу бахам. Ткъа йинчу экспертизо гойту, йукъахь лелош болу мах оцу гIишлойн гергарчу хьесапехь 317 миллион хилар.

ГIуллакх листа долийча хьаькаман ницкъ ца кхаьчна и рицкъ шена стенгара даьлла схьадийца. Эххар а кхело сацам бина Буйнакскера ара-чу ца баккхалу цуьнан бахам пачхьалкхан чоьте эца: нах чохь Iаш боцу йалхозза тIекIелйина гIишло а, латтанан ши дакъа а, петар а. И боллу бахам шен зудчунна тIе йазбина хилла цо.

  • Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочун Салпагаров Ахьмадан бахам схьабаккха аьлла Инарла прокуратуро дина дехар йухатоьхна Москохарчу кхело, барт а бина, гIуллакх дӀадерзийна цара.
  • Кхарачой-Чергазийчуьрчу кхело бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр хиллачу Бугаев Дмитрийгара 65 миллион гергга соьмана йолу активаш схьайаьхна. Шен даржех пайда а оьцуш, хьарамлонаш лелорна лаьцна ву иза.