Нехан духарца бала кхаьчна Абдулатиповн а

Абдурахманова ЗахIра Дагестанан векал яра Киров областехь. Конституцин Де даздан суьйлийн коч юьйхина еанера иза.

НогIий мехкан къилбаседехьа Iаш бу. Янбулатов Казимагомед (юккъехь) НогIийн кIоштан куьйгалхо ву.

ГIалгIазкхийн барзакъ масех тайпа хуьлу.

Арахь йовха елахь а, хIара ногIи шен куй дIабоккхур болуш вац. Заргишиев Мурад -- Динан паргIатонан а, динан организацешца уьйр латторан а комитетан гIантда.

Дагестанехь шортта болх бу Iедална бан. Белхаш бац; коррупци ю, цамгар санна, яьржина; бойуш, идош нах бу; хьаннашка дIаоьхуш кегий нах бу. Амма Абдулатиповна наха лелош долчу барзакъана бала кхаьчна.