Дахаран хьелех хIоттийначу рейтингехь уггар а гIад дайначу регионех йу ГIалгIайчоь

Наьсара, ГIалгIайчоь. Архивера сурт

2025-чу шеран зерашца бахархойн дахаран хьелех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьарчу могIарехь йисина ГIалгIайчоь. Кхача тарлучу 100 баллех 3,5 кхаьчна махкана. Ледарчу итт регионашлахь нисйелла ишта Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Ставрополь.

Пачхьалкхан "Риа Рейтинг" агенталло бина и таллам, Росстатан официалан хаамашна тIе а тевжаш. Цу йукъахь йу аннекси йина ГIирма а, Севастополь а, сепаратистийн "ЛНР", "ДНР" мехкаш а, ишта Оьрсийчоьно дIалецна Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташ а.

2024-чу шарца дуьстича, ГIалгIайчоьно шен жамI цхьана баллана тодина, боллу мах хадийнера бахархошна хуьлучу йукъарчу пайдене, цара туьканахь-базарахь оьцучуьнга зийна, ипотека эцнарш мел бу а хьаьжна.

Амма мухха делахь а рейтинган шолгIачу меттигехь нисйеллачу Кхарачой-Чергазийчоьнна а (18,4), аутсайдерна а йукъара йохалла 15 балл йу. Иза регионашна йуккъера уггар а йоккха башхалла лору.

ГIад дайначу итт регионашлахь йу ишта Нохчийчоь (26 балл), ГIалмакхойчоь (30,3), Дагестан (36,6), ГIебарта-Балкхаройчоь (38,8), Ставропол-мохк (39,4).

  • Харжамаш бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьедина йасакхийн а, коммуналан хьаштийн а мехаш тIекхетарх. Къилбехь а Къилбаседа Кавказехь а шо шаре мел долу гучудолу социалан-экономикан хьелаш эшна догIуш хилар. Тхан редакцино къастийра, цунах лаьцна регионашкара бахархошна хIун хета а, адам реза дацахь, уьш протесташка бевр буй а.
  • Коммуналан хьаштийн мехаш гIадужу-баттахь дуьйна къаьсттина лакхабохур бу Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а: 22, 19,7 проценташна. ПхоьалгIачу меттигехь Къилбаседа ХIирийчоь йу 16,3 процентаца. Краснодаран а, Волгоградан а кIошташкахь тарифаш лакхайевр йу 13,7 а, 11,2 проценташна. Хьалхо дIахьедора, 10 % бен лакхабер мац мах бохуш.