Берийн яххьаш самукъане, екхаелла хилча баккхийнаш а хуьлу сапаргIат. Ткъа шаьш ирсе хетийта берашна-м ца оьшу башха дукха хIума а: марзолгаш, лоппаргаш, вилспет, машен, ден-нена безам а.
Бераш, бераш, кегий бераш...
Бабас вилспеташ эцна тхуна!
ХIара ду-кх дош!
Дада цIа вале трактор хахка Iамош ю со!
Берийн бешахь тIаьххьара де! Кху шара школе йоьду со.
Мультфильмчуьра Маша гичхьана шен худар а дицло кхунна!
Тахана вайн де долччуьра жимма вуон ца лелахь, кхана мамас а, дадас а могуьйтур дац.
Хаза гуш ю хIара торт, вуьшта чам муха бу-те!?
Морожни яа ца дуьгуш, оцу Бабас кху хийисте а даладой, сурт даккхийта бохуш, хьийзадо тхо.
Урокаш ер-те ас я сайн жимахйолу йиша Iалашъер-те ас?!
Куьйгаш дIацIанде сан катоххий!
Уггар а хазаниг ю сан йиша Iайшат!
Воккха хилча иштта къонах хир ву со а!
Маржа дахар яI, ма хала ду хьо!
Дуьйла совгIаташ а дахьаш со винчу дийне.
Цхьаъ дацахьара баккхийчара а лелор яцара хIара айпадаш!
Наб тIейеъначохь ца йича хIун дора цунах!