Шаройн къоштарчу ХIимой юьртана гергарчу лаьмнийн чхарнашца дохкуш, миллионаш шерашкахь шайх тIулгаш а хилла, динозавран хIоаш карийна географин талламаш беш Нохчийн университетерчу тобанна. Тобан коьртехь хиллачу Iилманчица къамел дира Маршо Радионо.
Нохчийн пачхьалкхан университетерчу геологийн факультетерчу тобанна Шаройн кIошта цхьацца талламаш бан йоьдучу хенахь ца моьттура цигахь динозавран хIоаш хуьлийла ду. Оцу тобанна хьалхаваьллачу Iилманчас Джабраилов Сайд-Эмина Маршо радиога дийцира, шайна карийначух лаьцна.
Джабраилов: Даима а талламеш беш ю тхан экспедици. Тхо Шаройн кIошта даханера, цигара ши чухчари талла. Тхайн болх чекх а баьккхина, тхо лелаш, цхьана басех дохкучу даккхий тIулгех бIарг кхийтира тхан. Шера, горга дара уьш. Цигахь оха тIехула бинчу талламца, динозаврийн хIоаш ду, аьлла, сацам хилира тхан. Кегдинчу тIулгашна юкъахь долчу суьрте хьаьжча, гуш ду, уьш цхьана хенахь хIоаш хилла дуйла. Юккъахь кIай а, буьйра а хилла ларш а йолуш. Вайн Кавказ 60-за хи буха йоьдуш, хьалайолуш хилла ю. РогIехь хи тIедолучу хенахь хиллачух тера ду иза. 60 миллион а сов шерашкахь хи бухахь лаьттинчу оцу хIоанех тIулг хилла".
Алхазуров: "ХIара геологин гучудаккхар Юра-заманара долчух тера ду.Оцу муьрехь яьхна, массо а Iилманчаша бахарехь, и динозавраш. Иза мел лаххара а 65 миллион шо ду аьлла хета суна. Тевна даккха дехкина хилла и хIоаш. Оцу суьрташ тIехь гуш ду оха бустамаш бохуш. Цхьадолу хIоаш даккхий ду, вуьйш кегий ду".
Муьлха а, и тайпа хIума карийча, иза, Iилманчаша гул а лой, зерашка даьккхинчул тIаьхьа, цхьа сацам а бой, дIадоьрзу, иза я даре деш, я харц деш. Карийна и тIулгаш хIоанех тера ду, амма леррина говзанчаша мах хадабаллалц, уьш динозаврийн хIоаш ду, бохуш, чIагIдан ца оьшу аьлла хета кхечу Iилманчана Висмурадов Адамна.
Ала догIу, Висмурадов Адам хIокху кIирандийнахь карийначу тIулгийн гериг а эцна, Ессентуки-гIала воьдуш ву, цигарчу лабораторехь таллам байта.
Гарехь, динозаврийн хIоаш ду бохучу оцу тIулгех пайда эца хьожур ду меттигера Iедал. Иза чIогIа оьшуш хIума ду махкахь туризм яьржорехь, боху цхьаболчу тергамхоша.