Доьзалан Iедал чӀагӀдар? Стенна хӀоттийна Кадыровс шен 20 шо долу кӀант Нохчийчоьнан вице-премьер?

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала


Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан вице-премьеран декхарш кхочушдан хӀоттийна шен 20 шо долу кӀант Ахьмад. Республикан куьйгалхочун воккхахволчу кIентан керла дарж цхьана а кепара догIуш дац цуьнан хьекъалан корматаллица, йа иза дешна хиларца, регионера Iедал доьзалера долуьйтуш цахиларх лаьцна дийцадаьккхина.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс билгалдаьккхина, шен кӀентан "куьйгалла дарехь доккха зеделларг" хилар а, "жоьпаллин а, эвсаре а куьйгалхо хилар гайтина хилар а", цо "республикан социалан-экономикан дакъош кхиорехь доккха дакъа лаьцна хилар а". ХӀинццалц иза спортан министран даржехь вара, керла дарже иза хӀоттийначул тӀаьхьа а Ахьмадехь дуьсур долуш министран декхарш кхочушдар а. Ӏедалехь болх барал сов, регионан куьйгалхочун кӀант ву "Ахмат" футболан клубан президент а.

Кадыровс жим-жима хьалха а тоьттуш, валийра шен воккхаха волу кIант политике: 16 шо долуш иза хилира берийн а, кегийрхойн а боламан регионан декъан куьйгалхо, цунна йелира "Нохчийн кегийрхойн политикан сферехь сийлахь белхахо" цӀе а. Шен 18 шо кхаьчначу дийнахь Ахьмад хӀоттийра физикан культуран а, спортан а, кегийрхойн политикехула а министран хьалхара гIовс, дукха хан йалале иза чIагIвира кегийрхойн гӀуллакхийн министран даржехь, тIаьххье регионан уггаре а лакхара совгӀат - Кадыровн орден а йелира цунна.

Цул тӀаьхьа кхо бутт баьлча, физкультуран а, спортан а министраллан урхалле хӀоьттира иза. Федералан низамо тӀедуьллу куьйгаллин дарже кхача кандидат низаман хене кхаьчна ца Ӏаш, магистратуран йа говзанчин диплом долуш хила везаш хилар а. Кадыров Ахьмадан цкъачунна бакалавран диплом а ур-атталла дац: Нохчийчоьнан спортан министраллан официалан сайта тӀехь йаздина ду, меттигерчу пачхьалкхан университетехь юридикан факультетехь доьшуш ву иза 2022-чу шарахь дуьйна аьлла. ТIаккха а шолгӀа курс чекхъйаккхале министран дарже хаийна хуьлу-кх иза.

Бакъду Нохчийчоьнан куьйгалхо шек ца волура иштачух. "Сайн тешам берриг хIоттаво аса", - иштта жоп делира Кадыровс шен цIийнах болу нах пачхъьалкхан даржашка ша хIитторах лаьцна критика йинчу нахана.

Ахьмад хьалхара доьзалхо вац Кадыровн вице-премьеран лакхарчу дарже хIоттийначех. Цуьнан йоккхах йолу йоӀ Кадырова Ӏайшат 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан вице-премьер хӀоттийра, социалан политикех жоп дала декхаре а йеш. Амма чиллан-баттахь Кадыровас дӀахьедира ша дарж дуьтуш хиларх лаьцна, бохура "доьзалан декхаршна" а, бизнесана а тӀе тидам бахийта лаар бахьана долуш ду и. Кадыров Рамзана хӀетахь билгалдаьккхира, шен йоьӀан сацам шеца дагайаьлла бина хилар.

Коьртачу даржашна йуьстах ца битира мехкан урхалхочун невцарий а: ший а Кадыровн нуц а ву вице-премьерашлахь. Ву царлахь Алханов Адам, чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттинчу Алханов Русланан кIант. Мацуев Висхан а- йоккхаха йолчу Iайшатан хIусамда, иза ву йуьртабахаман министар а цхьаьна.

Династи чIагIйар

Ахьмадах вице-премьер вар Нохчийчохь тийна-таьIна тIеийцира, иштта хир долуш дуй а- хууш дара. Регионан хьаькамаша а, парламентан декъашхоша а нахана хьалха декъалвира керла вице-премьер, "ханна жима велахь а, цо лаккхара говзалла гойту" аьлла, билгал а доккхуш.

Европехь бехачу нохчийн диаспорехь и дарже хӀоттор дийцаре деш ду, республикехь коьрта даржаш шен доьзалехь дитар низам хилла дIахIоттина ду бохуш. Нохчашна йукъахь цу кепарчу гIулчаша сингаттам кхуллу династийн Ӏедалан кеп эххар а чӀагӀйарна, аьлла билгалдаьккхира тхан сайтаца хиллачу къамелехь Ичкерин "Цхьаьнатоьхна ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана.

Къоман хьалханча билгалвоккхуш нохчаша даим а "лоруш болчу нахалахь" къаставора

Къамелдийриг тешна ву, дуккхаъчарна и кIант цу дарже хӀоттор Кадыров Рамзана шен метта вита хьалхатеттина ву аьлла хеташ хилар. Бакъду, вукху кIентан, Адаман кара Iедалан мукъ бала хьийза аьлла хетарш а бара алсам, амма хетарехь, цуьнан хан хIинца а кхаьчна йац: "Бакъдерг аьлча, хIара дIахIоттор а, Iедал цуьнан каралур ду аьлла, чIагIдина олийла йац, хIунда аьлча Нохчийчоьнан куьйгалле стаг хIоттор федералан центран лаамехь ду".

Дозанал арахьарчу Нохчийн Ичкерин Республикан Ӏедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада тидам тӀебохуьйту "ламастан йа могӀарера ду аьлла лара йиш йоцу хӀума нохчийн халкъана ницкъаца кочадуьллуш" хиларна: "Тахана вайн мехкан куьйгалле а, вайна тIехь урхалла дан а дIахIиттийна вайна хийра долу низамаш, Москвано шен векалшкахула кхочушдеш, чIагIдеш ду уьш. Къоман хьалханча билгалвоккхуш нохчаша даим а "лоруш болчу нахалахь" къаставора. Ткъа тӀаьхьарчу шерашкахь КадыровгӀеран доьзалца хуьлуш дерг цхьана а кепара нохчийн менталитетца доьзна хила йиш йац".

Иза тешна ву, тӀаьхьарчу масех шарахь республикехь тергал йеш йолу процессаш дӀайовр йу Оьрсийчоьно Кавказехь бен, къаьстина Нохчийчохь болу тӀеӀаткъам гӀелбаларца цхьаьна. Закаевс иза дузу Украинана дуьхьал бечу тӀамехь Оьрсийчоь эшарца, Ӏедал хийцаделлачул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан керла приоритеташ хир йу аьлла хета цунна. Политико чӀагӀдо, пачхьалкх дуьненаюкъарчу бакъонашца нисъеллачу низаман пачхьалкхе йерзо езаш хилар. Иза иштта хилахь, Нохчийчохь хьал орамера дуьйна хийцалур ду аьлла хета Закаевна: пачхьалкхалла меттахӀоттор йу, Ӏедалан ламастан принципаш а, Ӏедалан структураш кхоллар а йухаметтахӀоттор ду.

Хьакъбоцчу нехан Iедал?

Кавказан эксперто, йозуш йоцчу талламийн "Стратегин анализан центр" а, "Йуккъерчу Европерчу институт" йукъараллийн эксперто Баранец Томаша чӀагӀдо, мел лахара а 2022-2023-чу шерашкахь дуьйна Кадыров шен цхьахволчу кӀанте мехкан куьйгалла дар дӀадала таро луш йолу сценари хӀоттон хьийзаш хилар.

Тергамчашна хета тарло, Ахьмад воккхаха волу кIант хиларе терра, цуьнга дала йиш йу Iедал аьлла, амма хуьлуш долчуьнга бIаьрг тоьхча, билгалдолу шен метта кхозлагIа кIант- Адам- цо вита тарло аьлла.

Вице-премьеран дарж, билгалдаьккхира къамелдечо, сацам бан йиш йолу бахьана дац: цуьнан йоккхах йолу йоӀ Ӏайшат а ма йара хьалхо цу даржехь, амма тахана Нохчийчохь лаьттачу хьелашца, иза хуьлийла дацара Кадыровс шен метта йита хьакъ йу аьлла.

"Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретрь ву Адам, ткъа иза билгалонан дарж дац, иза билггал Iедалан мукъ бу, иза а Адамехьа ду. Амма, хIинцалерачу муьрехь дицдойла йац, Кадыров Рамзан дIавалахь, йа цуьнан кхалхар нислахь, тIаьххьара дош Москвагахь дуьсуш хилар", - билгалдаьккхира Баранец Томаша.

Хьекъал доцу нах куьйгалхой хIиттор – рецепт йац

Экономист а, Къилбаседа Кавказан эксперт а волчу Георгиев Давида редакцица хиллачу къамелехь критика йарца мах хадийра куьйгалла даран зеделларг доцу, йа дешна а воцу жимстаг лакхарчу дарже хӀоттор, и чекхдалахь хинболчу кхерамах а элира цо.

"ХIара доьхна хьал ду. Цунна бухахь цхьа корматалла йолу, хьекъале, дешна нах хир бу аьлла, дегайовхо йу сан, амма проблема йу, церан ца хааро аьтто бийр хилар, йерриг а хӀаллакйан тарлуш йолу инициативаш хьалхайаха. Муьлхха а тема чаккхе йоцуш йийцаре йан йиш йу, амма хьекъал доцу сонта нах куьйгалле хӀиттор, билггал, рецепт йац, уьш хьеннна бераш делахь а. Нагахь санна, цара масала Европерчу я Персин аймерчу паччахьан доьзалех оьцуш делахь, цу доьзалшкахь долчу берашка дукха дика доьшуьйту цара, церан урхалла дарехь а зеделларг хуьлу, цул тIаьхьа бен уьш коьрте хIиттош а бац. Кхузахь, нийсса бӀостанехьа ду дерриг а", - элира цо.

Цхьа могӀа Кавказан регионашкахь гергарнаш лаккхарчу даржашка хӀиттор исторехь доьзалехь Ӏедал шайгахь латторан некъ санна лоруш хилла. Амма кхузаманан хенахь, вуьйцург дуьззина дешар чекхдаьккхина а воцу 20 шо долу жимстаг велахь, цу кепара дарже хӀотторо бахархошна а, ур-атталла цхьайолчу элиташна а йукъахь резадацар алсамдоккхуш ду, билгалдоккху нохчийн этнографо (оха цуьнан цӀе ца йоккху Оьрсийчоьно "оьшуш йоцчу" организацех лаьцна репрессиван низам йукъадаккхар бахьана долуш).

"Тахана деша а, карьерехь гIулчаш йаха а марзбеллачу кегийрхоша оцу кепара гIулчаш шайца харцо лелор а, шайн таронашна догIа тохар а санна тIеоьцу. Коьрта позицеш гергарчара дIалоьцуш хилча, цо кхин тIе а чIагIдо Iедал шегахьа хилар, оцу Iедалхошца уьйраш йоцчу нехан таро ца хуьлу даржашкахь сов бовла, тIаккха эргIадалла алсамйолу", - дерзийра къамелдечо.

  • Нохчийчохь кхуллуш йу Кадыров Ахьмадан культ – Ичкерин хилла муфтий, цул тIаьхьа Оьрсийчоьно хIоттийна республикин президент, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь волчун да ву иза. Кадыров Ахьмадан цIе лелош йу ЦIоьнтара (Ахмат-Йурт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а, Санкт-Петербургера тIай, "Донречфлот" теплоход, маьждигаш а, хьуьжарш а, дешех а, дезачу тIулгех а йина орден, Нохчийчоьнан лаккхара свгIат, орбите хьажийна мини-спутник, Нохчийчохь куп тоьхна, тIеман министраллин а, Росгвардин а 14 дакъа а , полк а.
  • КадыровгӀеран гергарчу нахах 100 гергга стаг ву пачхьалкхан даржаш д1алецна – бераш, йижарий, невцарий, вешин-йишин кӀентий, шичой, маьхчой. Тхан редакцино хӀоттийна республикехь Ӏедалан структурашкахь болх бечу КадыровгӀеран тайпанах болчу нехан тептар.
  • Хьалхо эксперташа бохура регионехь Кадыров Ахьмадан культ йаржоро "динан билгалонаш" а цхьаьна схьаэцна. "Дала ваийтина ву" бахар Нохчийчоьнан куьйгаллина оьшуш ду, мел а шайгара Iедална легитимизаци йан а, шайна кхерамзалла латто а, дIахьедира нохчийн оппозицин НИЙСО телеграм-каналан векалша.