Трамп Доналд: дахаран некъ

Трамп Доналд. Сурт маца даьккхина хууш дац. Нью-Йоркерчу хьолахойн доьзалехь 1946
шарахь вина иза.

Доьзал, Трамп - пхеа берах воьалгIаниг (аьрру агIор). Дас, таро йолчу бизнесхочо Трамп Фреда, миллионаш долларш делла воьIе бизнес йолаяйта. 

 

Трамп - Нью-Йоркерчу тIеман академин кадет.

Трамп шен деца, 1968 шарахь бизнесан Wharton школа яьккхича. 

Чехословакера Зелничкова Ивана ялийна Трампа 1977 шарахь. Сурт даьккхина 1989 шарахь. ТIаьхьо дIасакъаьстина уьш, юкъахь кхо бер а долуш: Эрик, Иванка, Трамп Доналд-жиманиг.

Хазалла гойтучу конкурсийн декъашхо, актриса Мэйплс Марла ялийна Трампа 1993 шарахь.

 

​Трамп а, Мэйплс Марла а шайн йоьIаца Тиффаница 1995 шарахь. Уьш дIасакъаьстина 1999 шарахь.

 

"Дуьненан Мисс" къовсам шен Iуналле ийцира Трампа 1996 шарахь. Оцу шарахь къовсамехь тоьллачу Венесуэлерчу Мачадо Алисияс иза бехкевира, иза шеца эвхьазвелира аьлла.

 

2004 шо. Продюссерца Бюрнетт Маркца. Супер-Седа хилира Трампах шен"The Apprentice" реалити-шоу бахьанехь. Къийса а луш, болх лоьхура шоу декъашхоша иза волчохь. 14-за хIоьттира шоу.

 

"Вехаш муха хилало" жайна ду Трампехь. 2004 шо. 1987 шарахь бестселлер хилира цуьнан "Махбаран корматалла" ("The Art of the Deal") жайна. 

 

2005 шарахь Словенера модел Кнаусс Мелани ялийна Трампа. 2006 шарахь вина церан воI Бэррон.
 

ВоI Бэррон ловзош ву Трампа 2007 шарахь Голливудехь баьккхина седа. 
 

2016 шо, Товбеца-беттан 21-ра де. Огайо штатерчу Кливлендехь Республикан партера Трамп президентан дарже кандидат велира.

 

Трамп накъосташца, 2016 шо - харжамашкахь тола бутт буьсуш

Доналд, Мелания Трамп кхаж тосуш Нью-Йоркехь.