Думин депутато Талламан комитете дехар дина Нохчийчохь лаьцна латточу зудчун хьокъехь

Belkisa Mintsayeva

Думин депутато, доьзал Iалашбечу комитетан урхалхочо Останина Нинас дехар дахьийтина Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре Нохчийчохь Минцаева Билкъис лацарца доьзна. Охан-бутт йуккъе баьллачу хенахь дуьйна Нохчийчохь лаьцйна латтош йу иза, цунах лаьцна хIетахь дуьйна хезаш хабар дац.

Цо дахьийтинчу кехатан копи зорбане йаьккхина шен телеграм-каналехь журналисто Собчак Ксенияс. Цу кехата тIехь Останинас дагадоуьйту, "дас ненера, йа нанас дегара бер схьадаккхар" бер лачкъор аьллачу Iедалан къепехула листа догIуш цахилар, цо доьху Бастрыкине оцу гIуллакха йукъа а гIортий, йистйаккхахьара аьлла.

Минцаева лацарх дуьххьара хаамбира охан-беттан 14-чохь Михальченко Лидияс, иза йу «Нана йоцу Кавказ» цIе йолу бакъоларйаран проект къоьллинарг. Цо дийцарехь, цкъа йуьхьанца Минцаева дIайигина хилла Теркйистан кIоштарчу полицин декъе, цул тIаьхьа и жима зуда а, цуьнан гергарнаш а бакъоларйархойн зIенера дIабевлла.

Бастрыкин Александре хьалхо орца дехнера ишта Минцаева Билкъиса а. Ша дIайазйинчу видео тIехь цо дийцира, ши шо хьалха шен хиллачу хIусамдас шегара лачкъийна ши йоI дIайигарх, и шиъ Нохчийчохь ненан нана йолчахь хьошалгIахь йолуш. ТIаьхьо кхело жимахйерг деца йитинера, ткъа йоккхахайерг -ненаца. Охан-беттан 6-чохь Минцаева Нохчийчу йахара, шен бер ган. Цо аьлла хиллера, шен сахьийза йишина, тIаккха Минцаевас шеца дIайигинера иза Новосибирске. Цул тIаьхьа цуьнан хиллачу цIийндас полици дIахьедира, йоI лачкъийна шен аьлла. «Нана йоцу Кавказ» проектан куьйгалхочо Михальченко Лидияс дийцарехь, Минцаева Нохчийчу йаийтархьама, цунна кхерамаш тийсина хилера, цуьнан ваша Украинерчу тIаме вохуьйтур ву шаьш бохуш. Ткъа ваша латтош хилера полицин декъехь лаьцна

  • Къилбаседа Кавказера зударий цIера бовдаран коьртачех бахьана ду- майрчо, йа марзхоша тIехь Iуналла латтор, иштта ша берех йаккхарна кхерар а. Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ беш хиларх лаьцна Ad Rem тобано 2025-чу шарахь хIоттийначу рапортехь дуьйцу шелтерашкара берхIийтта шерашка бовланза кхиазхой лечкъорах, наной лаца кхайкхорах, уьш талламан изоляторшкахь латторах. Ткъа Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а зударша, шайн цIийндайша шайна кхерамаш туьйсу бохуш, ден аьрзнаш, мелхо а тергамза дуьту бакъоларйаран органаша.