Джумаевн адвоката апелляци йина кхелан сацамна

ОМОН-ах латарна хан кхайкхийначу Джумаев Сайд-Мухьаммадан адвоката Мусаев Мурада латкъам бина кхелан сацамна. Цо билгалдаьккхина, эшам хилла аьлла кхелехь дакъалоцуш хилла ницкъаллин структурийн белхахой юхабевлла хилар, цуьнца вас яц шайн – я гӀиллакхца а, я бахамца а йоьзна аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узел" зорбан гIирсо.

Хан тоьхначуьнан нанас Мархиева Лизас дIахьедина, шен кIант оппозицица юкъаметтигаш лелийна вац, ткъа дуьхьалонан акцехь ша а, кхиболу нах а ларбан гIоьртинера иза ницкъаллин структурийн белхахойх аьлла.

Навальныйна гIортор еш Дечкен-баттахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нахана динчу таIзарех уггар луьраниг ду Джумаевна динарг.

Your browser doesn’t support HTML5

Колонехь даккха пхи шо кхайкхийна Джумаев Сайд-Мухьаммадна

Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан тоьхна Москварчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна.