ГIалгIайчохь лецна экстремизмаца къийсам латточу Центран белхахой

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экстремизмаца къийсам латточу Центран 6 белхахо дIалаьцна, дахначу шеран Iай 50 шо долу Далиев Мохьмад валаран хьокъехь а, цуьнан зудчунна тIехь Iазап латторна а бехкебеш. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дина и дIахьедар.

Стохка оццу бехкашна лецира экстремизмаца къийсам латточу Центран (ЦЭП МВД) куьйгалхо Хамхоев Тимур а, цуьнан белхахо Хамхоев Iадлан а. Бутт тIаьхьа кхеле валийра Центран урхалхочун гIовс Хандыгин Сергей а.

Зазадоккхучу-баттахь, талламчийн хаамашца, кхи а 5 полисхо лаьцнера оцу гIуллакхан хьокъехь. Евкуросвс дIахьедо ишта, дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина хиларх коьрта бехкелору «Россельхозбанкана» къола динарг.

Болчу хаамашца куьгбехкениг карарчу хенахь Полшехь лечкъина ву.