Берашлахь дуьненан чемпион-тхеквондохо

Your browser doesn’t support HTML5

10 шо бен дац. 5 шо ду латаран корматаллаш караерзш волу. 100-зза тоьлла иза. Пхеазза Къилбаседа Германин, кхозза ерриг Германин чемпион ваьлла. Стохка Куккивон Кубок йоккхуш, Дуьненаюкъарчу берийн чемпионатехь ши эзар декъашхошлахь толам баьккхина Мухьаммада. Иштта, дахначу шарахь Германехь уггар йоккхачу турнирехь, шеца леттачех 22 стаг а эшош, толам баьккхира Агаев Мухьаммада.