Европера мухIажаршна депортаци йарна дуьхьал митинг дIайаьхьна нохчийн диаспоро

Нохчийн диаспоро Венера Германин векалтана хьалха хIоттийна митинг

Венерчу немцойн векалтана хьалха гулам дӀабаьхьира дозанал арахьарчу нохчийн диаспоро, бакъо йоцуш Европера нохчийн мухӀажарш арабахарна дуьхьал. Митинг дӀайахьаран бахьана дара Сербехь тховкӀело ца йелла 6I шо долу нохчийн махкахо Оьрсийчу дӀахьажор. И хаам официалехь тӀечӀагӀбина бац.

Бакъонашларъйархочо, Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас тхан редакцига ма-дийццара, нагахь санна диаспоран хьостанаша и хаам тӀечӀагӀбахь, и гӀуллакх "дуьненайукъара бакъонаш къиза талхор ду, шайна йукъахь бертаза пачхьалкхера араваккха йиш цахилар а долуш".

Митинган декъашхоша кхайкхамбина Германига а, Европан кхечу пачхьалкхашка а Нохчийчуьра мухIажарийн бакъонаш ларйар, царна Оьрсийчу депортаци йар сацадар тIедожош. Цара билгалдоккху, даймахкахь оцу нахана кхерам хилар.

  • Литвахь веха 21 шо долу нохчо Оьрсийчу дIахьажо тарлуш ву. Иза лаьцна, шен кехатийн хан дIайахйан Iалашонца полицин декъе веъначу хенахь.
  • Нохчийн Австрера диаспоран векалша митинг дIайаьхьира Кремс гIаларчу набахтена хьалха. Гулбеллачара тIедожийра бозуш боцу, цIена, эвсара талламаш дIабахьар пачхьалкхерчу набахтешкахь нах баларан хьокъехь. Бакъонашларйархочо, Ичкерин векало Дунаева Розас бахарехь, митингехь вовшахкхеттачара дагалецира белларш, церан кхолламаш. Жигархоша иштта дIахьедира Нохчийчуьра бахархошна депортацеш йан мегарг цахиларх, царна даймахкахь кхерам лаьтташ белахь.
  • Цул а хьалха Эстонин Iедалша махках ваьккхира, шайга тховкIедо йоьхуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Цунна тIе ца битира адвокаташ, ца витира иза ша-шен бакъонаш Iалашйан а, бохура Дунаева Розас.