Оьрсийчоьнна керла санкцеш кхайкхийна G-7

ХIолланди-- G-7 лидерш цхьаьнакхетта ХIаагехь. Охан 24, 2014

​Оьрсийчоьнна дуьхьал кесталгIа рогIера санкцеш ян сацам бина нуьцкъалчу пачхьалкхийн G-7 тобано. Оьрсийчоьнан кеманаша даханчу дей-буьйсанний юккъехь массийтаза Украинин хIаваан доза дохийна, аьлла, дIахьедар дина Пентагонан пресс-секретар волчу Уоррен Стива.
Хууш ма-хиллара, кху тIаьхаьрчу масех дийнахь оьрсийн эскарш, Москохарчу омрица, Украинин дозанна уллохь тIеман Iаморш дIахьош ду. Цу Iаморша Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгаллехь а, йоллучу дуьненан юкъараллехь а вуно боккха сингаттам кхоьллина, Оьрсийчоь Украинина чугIорта кечлуш ю бохуш йолу шеконаш кхуллуш. Иштта, масала, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр волчу Хейгл Чака Оьрсийчоьно цу Iаморшца деш дерг питана ду элира.

Цунна дуьхьал Оьрсийн инарла штабан куьйгалхочуо, „хьуо ву хьо Iовдал“ бохучу хьесапехь дIахьедар дира, мелхо а Украина ю Оьрсийчоьнан дозанна уллохь эскарш а гулдина, шеконе жигаралла гойтуш, аьлла, и эскарш Оьрсийчоьнна дуьхьал диверсиш ян кечдеш хилар а хьахош.

Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалло, вовшашна тIе бехк буьллуш, дерачу дIахьедаршца къийсам дIахьочу муьрехь сепаратисташа дIалаьцначу Малхбален Украинин кIошташкахь Iенаш цIий ду. Славянск гIалахь масех стаг вийна терроран дуьхьал дIахьочу операцехь, ткъа цигахь Iедал дIалаьцначу Оьрсийчоьнгахьа йолчу гIаттамхойн тобанаша Европерчу кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а тобанера 8 векал закъалтина лаьцна. Иштта цара къиза йиттина, сагатдала суьрташ дохуш лелачу меттигерачу берашна. Доцца аьлча, сепаратисташа дIалаьцначу цу гIалахь къепе дацарш марсадуьйлуш ду хIора денца.

Царна дуьхьал тIеман операци дIайолийначу Киевера ханна хIоьттинчу Iедалан цкъачунна шаьш толам баьккхина ала таро яц. Мелхо а, хIинцалца схьа Малхбалерчу Украинехь къепе юхаметтахIоттон гIерташ цара мел йохуш йолу гIулчаш цхьанна а кепара пайда боцуш нислуш ю. Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, Украинин Iедалша шаьш гIорасиз гойту, хIоьттинчу хьолана дуьхьал баккха я ницкъ а, политикан говзалла а йоцуш.

Политологин Iилманча волчу Асхабов Хьамзатна цу цецвоккхучу гIорасизаллин бахьана Украинин шен пачхьалкхе кхолларехь тоъалла зеделларг ца хиларехь го.

Асхабов Хьамзат: „Политикехь и хьал дIанисдан а, дIахIоттон говзалла яц церан. Уьш гуттар а кхечу пачхьалкхан Iедална бухахь Iийна къам ду, вай санна, кху тIаьхьарачу 3-4 бIешарахь. Вайна ма-барра, иштта оцу ницкъ болчу пачхьалкхаша ницкъ а бина царна. Шайн лаамехь даьхна къам дац иза“

Официала Киев сел мела лелаш хиларан а, цуьнан шен махкахь къепе юхаметтахIоттон ницкъ ца тоаран а бахьанаш Венерчу университетан белхахочун, политологна Чапханов Русланна Украинехь хIинца а харжамаш дIаьбаьхьна цахиларехь го. Цуо дийцарехь, ханна Iедале баьхкина болу нах кхоьру цIий Iано, шаьш цунна бехке хиларна а. Ткъа Оьрсийчоьно цунах пайда оьцу.

Чапханов Руслан: „Ханна дIахIиттина болу куьйгалхой, Турчинов велахь а, Яценюк велахь а, царна и цIий Iанор шайна тIелаца ца лаьа, хIунда аьлча, уьш цхьана билгалчу ханна хIиттина бу. Стигал къекъа баттахь харжамаш а хилла, иза чекхдаьллачул тIаьхьа уьш майроха къамел дан буьйлалур бу аьлла хета суна“.

Цу юкъана, Малхбалерчу Украинехь хьал вуочу даларо гIайгIане йина Малхбузе Оьрсийочоьнна дуьхьал рогIера санкцеш яха кечъелла. Гергарчу оршот дийнахь юккъедохур долуш ду и, тергамхоша дийцарехь, Путин Владимиран уггаре а гергарчу I5 стагах хьакхалун долу гIуданаш.

Цу нехан цIераш цкъачунна билгал евзаш яцахь а, амма, схьахетарехь, массо аьчла санна миллиардашкахьчу тароний дай болчу Путинан гуонан декъашхойн бизнес йолчу экономикан секторех хьакхалур ю и санкцеш. Амма цу нахах хьакхаелла ца Iаш, уьш Оьрсийчоьнан махлелоран, финансийн, экономикан дахарах кхетар ю.

Кху лаьттахь уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхийн G7 тобано динчу дIахьедарца, дуьненан юкъаралло Оьрсийчоьнга хIинцалцачул а лакхарох мах балийта беза, ша Украинина дуьхьал лелочу питанех. ХIоьттинчу хьолехь Украина вуно собаре хил хилар билгал а доккхуш, цу тобан куьйгалхоша яздо шайн дIахьедарехь, „Оьрсийчоьно цхьа а хIара ю аьлла гIулч ца яькхина, Женевехь хилла барт кхочушбархьама“, аьлла.

Ткъа билгал хIун тайпа гIуданаш ду Малхбузено рогIера юккхеяьхначу санкцешца бохург тIедогIу кIира долалуш гучдер долуш ду.