Германин малхбузехь хи дистинчул тIаьхьа беллачу нехан терахь 130-нне кхиъна, хаам бина Bild журнало. Зенаш хилла 600 сов вахархочунна. Де хьалха оцу регионехь юха а цIеххьашха телхина хенан хIоттам, догIанаш ихина.
Къилбаседанера Рейн -Вестфалия федералан лаьтта тIехь хи тIедаьллачу бохамехь велла 43 стаг, кхин а 90 кхелхина Рейнладн-Пфальцехь.
Flooding in Germany right now.Unreal. And devastating. pic.twitter.com/rDE350fN0b
— ian bremmer (@ianbremmer) July 16, 2021
Де хьалха Эрфтштадт-Блессем муниципалитет дистинчу хе дӀахьулйинчул тIаьхьа алсамбевлла белларш, хи бухахь нисъелла пассажирашца цхьаьна масех машен. Хайнсберг гIалахь чIинг йохийна.
Кхевсина догIанаш даьхкира Германин малхбузехь а, Къилба-Малхбузерчу агIонгахь а кху кIиранах. Германин тIеман министралло тIеман катастрофан раж кхайкхийна пачхьалкхан малхбузехь.