Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу 32 шо долчу вахархочунна дуьхьал. Цьнан ц1е йоккхуш яц. Оцу стагана бехке дуьллуш ду "хаамийн-телекомуникацийн машанех, шайна юкъахь интернет а йолуш, пайда а оьцуш нацизмна реабилитаци яр".
"Талламехь болчу хаамца, 2021-чу шеран Товбеца-беттан 12-хь шеконевиллинчу стага интернетехь дIахIоьттийна хааман материал. Цу тIехь цо вочу агIор яздина 1941-1945 шерашкахь хиллачу Сийлахь Даймехкан тIамехь толам баьккхина де даздарх лаьцна, ветеранийн сий а, ларам а аьшнаш а беш", - аьлла ду Талламан комитетан сайта тIехь.
- Хьалхо хаам баржийнера гIалIайн 32 шо долчу блогерна Белокиев Исламна духьал бехктакхаман гIуллакх долийна хиларх лаьцна, тIемалойн сийн символийн сий дайъарна.
- Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь You-Tube-рчу "Мысли Ислама" каналехь, "День позора" цIе а йолуш видео арахецнера блогера. Талламхойн версица, оцу видеоно эсан сий дойъу даймохк ларбинчеран.
- Оьрсийчоьнан инарлин прокурора Игорь Красновс некъ кховдийна нацизмана реабилитаци бакъяр, пропаганда яр экстремизм хилар санна тIелаца деза аьлла. Прокурорна хетарехь, оцо вуно аьтто бийр бу цу тайпа хIуманашна дуьхьало ян.
- Кхушара Товбеца-баттахь президента Путин Владимира низамна тIе куьг таIийра, гуш-хезаш СССР а, нацистийн Германи а ШолгIачу дуьненан тIамехь цхьатерра яра алар доьхкуш.