ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархой уггар а мискачу эцархошлахь бу Оьрсийчохь

Нохчийчуьра базар

Кху шеран зерашца, Къилбаседа Кавказан мехкаш аутсайдерш хилла туьканашкахь узуш оьшург эцарх хIоттийначу статистикехь. Уггар а кIезиг ахча дойъу ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархоша. Къаьсттина кега-мерса харжаш йечу республикашлахь нисйелла ишта Нохчийчоь.

Росстатан жамIаш тIехь таллам бина пачхьалкхан "Риа Рейтинг" агенталло. Билгалдаьлла, кху шеран гIуран-баттера стигалкъекъа-батте кхаччалц терзи тIехь узуш йухкучу хIуманах хуьлу пайда пачхьалкхан йоллу регионашлахь, Ямало-Ненецкан автономин гонаш ца лерича, лакхабалар. Ткъа цигахь стохкалерачу оццу йукъца лерича, 3 процентан пункте охьабаьлла.

Йохка-эцарх хуьлу пайда къаьстташ лакхара бу ГIалгIайчохь (+0,2 п.п.), Дагестанехь (+0,8 п.п.), Къилбаседа ХIирийчохь - (+0,9 п.п.). Йуккъерчу барамехь аьлча, ГIалгIайчоьнан цхьана вахархочо пхеа баттахь 52 эзар соьмана хIуманаш эцна- иза пачхьалкхехь уггар а лахара гайтам бу. Цунна тIаьхьа йогIу Кхарачой-Чергазийчоь (77 эзар сом). ГIаддайначу итт регионашлахь йу Нохчийчоь (101 эзар сом)

  • Хьалхо Росстато дIахьедира, алапаш лакхадевллачу республикашлахь Оьрсийчохь Къилбаседа Кавказан мехкаш хьалха ду аьлла. И барам 12,3 проценте хьалабаьллера 2025-чу шеран оццу муьрца дуьстича. Уггар а чIогIа хаалуш динамика йара – Дагестанехь. Пачхьалкхан органан статистикано динчу зерашца, алапаш 13,4 проценте девллера, 52,3 эзар соьме. Оцу йукъанна и ду уггар а лахара алапа пачхьалкхехь долчу хьелашка хьаьжча.