Чехин Конституцин кхел реза ца хилла ГIалгIайчуьра йахархо шайн пачхьалкхера арайаккха бина сацам хийца. Пачхьалкхан Iедалхоша цунна депортаци йан сацам бина, Чехин пачхьалкхан вахархочуьнгахь иза марехь йоллушехь, цу шиннан бер а доллушехь, йаздо Novinky.cz сайто. Терроризмца боьзна болчу нахаца цуьнан зӀенаш хилар а, цара къоман кхерамзаллина латтош кхерам хиларна а тIетевжина кхелахой. Ша зудчо дӀахьедина, ша зIенехь йолу нах кхераме хиларх информаци шена йовзийтина йац аьлла.
Чехин вахархочуьнца телефонехула мах бина хилла цо. Цул тIаьхьа Оьрсийчуьра Чехи кхаьчна иза микроавтобус тIехь, цо дийцарехь. Праге схьакхаьчначул тIаьхьа цо хIаллакдина шегара Оьрсийчоьнан кехаташ, шена оцу пачхьалкхехь йаха бакъо йаьккхина а ца хилла. Делахь а цул тIаьхьа шена тховкIело йехна хиллера цо, йуьйр йу бохуш, ГIалгIайчуьра кхерамаш туьйсу шена, цигахь зударий балехь латтош бу а аьлла. Цунна тховкIело йала дуьхьал хилла Iедалхой, нагахь санна, ГIалгIайчуьра кхерамаш тийсарх, "Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионехь йаха йиш йу хьан" аьлла.
Шена депоратци йар къийсира цо, ша Чехин вахархочуьнгахь марехь а йу бохуш. Ӏедалша дуьхьало йира, бакъо йоцуш шайн пачхьалкхе кхаьчначул тIаьхьа бен цуьнан шен цIийндеца йукъаметтиг хилла йац аьлла.
"И зуда Чехехь йехаш йолу дукха хан йац; иза къона а, могуш а йу. Шен хIусамда Оьрсийчохь вевзина ву цунна, цхьана а хӀумано новкъарло ца йо цунна, шен зудчунна тIаьххьа дIаваха", - дуьйцу Novinky.cz гIирсо, Лакхарчу административан кхелан жоьпана тIетевжина.
ГIалгIайчуьра йахархо гIиртира Конституцин кхелехь шен депорт йар къовса, цо чIагIдора, оцу хеначохь шен йоI дуьненчу а йаьлла, ткъа ша пачхьалкхера арайаккхаро шен доьзалан дахаран бакъо йохайо бохуш.
Иштта цо чӀагӀдора, шен аьтто ца баьлла къайлахчу сервисийн тептаршна тIекхача, цара кхераме йу аьлла, билгалъяьхна контакташ йовза а. Кхело йухатоьхна цуьнан чIагIдарш. Ткъа кхело хьесап дина, дуьйцург ларамза девзина цхьаъ-шиъ адам дац, йуьйцурш "билггала пачхьалкхана а, йукъараллина а кхерам бохьу уьйраш йу" аьлла.
- Казахстанехь а, Хорватехь а тховкIело йаккха хьийзачу Къилбаседа Кавказера бахархоша дIахьедира, шайн бакъонаш луьра хьоьшуш хиларх. Даймахкахь царна кхерам лаьтташехь, миграцин хьукматаша тховкIело йала дуьхьалонаш а йеш, Оьрсийчу дIахьийсабо уьш. Оцу тIехула масех иттаннашкахь кавказхоша мацалла кхайкхийра, ткъа ша Украинана дуьхьал тIом бан хьажорна ведда Нохчийчуьра вахархо масех кIиранаш аэропортан транзитан зонехь латтийра Казахстанехь. Бакъонашларйархоша дийцира тхан сайте оцу хIоьттинчу хьолах лаьцна.
- Венерчу Германин векалтана хьалха гулам дӀабаьхьира дозанал арахьарчу нохчийн диаспоро, бакъо йоцуш Европера нохчийн мухӀажарш арабахарна дуьхьал. Митинг дӀайахьаран бахьана дара Сербехь тховкӀело ца йелла 6I шо долу нохчийн махкахо Оьрсийчу дӀахьажор.
- Австрехь нохчийн диаспоран векалша митинг дIайаьхьира Кремс гIаларчу набахтена хьалха. Гулбеллачара тIедожийра бозуш боцу, цIена, эвсара талламаш дIабахьар пачхьалкхерчу набахтешкахь нах баларан хьокъехь. Жигархоша иштта дIахьедира Нохчийчуьра бахархошна депортацеш йан мегарг цахиларх, нагахь санна, царна даймахкахь кхерам лаьтташ белахь.
- Цул а хьалха Эстонин Iедалша махках ваьккхира, шайга тховкIедо йоьхуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Цунна тIе ца битира адвокаташ, ца витира иза ша-шен бакъонаш Iалашйан а, бохура Дунаева Розас.