ГIалгIайчуьра йахархочунна таIзар дина шен хиллачу хIусамдена харц арз дарна

ГIалгIайчоьнан байракх

Набахтехь даккха цхьа шо хан тоьхна ГIалгIайчуьра кхело меттигерчу йахархочунна беххтакхаман гIуллакхехула, харц арз дина аьлла. Цо дIахьедина хиллера полицига, шен хилла хIусамдас Iен-йаха а ца йуьту ша аьлла.

Цунна динчу таIазарх лаьцна хаамбина ницкъахошца йоьзна лоручу Mash Gor телеграм-канало. Кхечу зорбанашкахь цунах лаьцна йаздина дац. ГIирсан хаамашца, кхел йинчу зудчун цIе Зульфия йу. ХIусамда шена тIе кхин зуда йало воьлча, цунах дIакъаьстинера иза. Ала догIу, Оьрсийчохь шалха зударий хилар дихкина ду.

"Вон къаьстинара и шиъ- кхелаш, девнаш, кхин йуха а ца кхеташ, дIасакъаста хьийзара. Амма цуьнан хилла хIусамда цуьнг дог дохуш хиллера, цуьнца берта ваха лууш. Эххар а цу шиннан дов даьлча, зудчо кхерам тесна, хьуна "дан дезарг хаьа" шена аьлла, тIаккха полици дIахаийтинера цо. Шен хилла хIусамда герзашца лелачу цхьана тобанца воьзна а ву, цо герз а духку" аьлла, дIахьедина хилла цо", - йаздо Mash канало.

  • Цуьнан латкъамехула ницкъахоша теллинера и стаг, амма низамехь магийна йоцу хIума цуьнгахь хаайелла йац. Цул тIаьхьа цуьнан хиллачу зудчунна дуьхьал даьккхинера бехктакхаиман гIуллакх.
  • Нохчийчохь лаьцна йигинчул тIаьхьа Минцаева Белкъисан хабар доцу хIинца бутт буьзи. Цо дIахьединера, шен хиллачу хIусамдас шен ши йоI лачкъийна, дIайигинера аьлла. Цунах хилларг хууш дац. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло оцу хьолах лаьцна олуш дош а дац.