ГИБДД-н белхахой юкъахь а болуш герзаш детташ летта Нохчийчохь

Соьлжа-ГIалара полисхо, гайтаман сурт

Нохчийчуьра Хьалха-Мартанахь дов даьлла меттигерчу бахархошна а, ГИБДД-н белхахошна а юкъахь. Дош дашера даьлла йолайелла конфликт йирзина герзаш детташ. Ресубликан урхаллин официалан сайташа хоуьйтуш дац маса стаг лазийна, вийна.

ГIуран-беттан 11-чу буса хилла ю инцидент. SKFO Times телеграм-каналан хаамашца, СОБР-н белхахочо тIара тоьхна хилла ГИБДД-н белхахочунна, вукхо дуьхьал лаьттах герз тоьхна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина шен видеохаамехь, Хьалха-Мартанан конфликт билггал хилла ю аьлла. Цо дIахаийтира гIалин бахархошна, шайн претензеш схьйийцийта цига доллу дакъойн векалш хьовсор ду аьлла. Ца хуьлчу далахь, кхерам тесна цо уьш Украине тIамтIе хьовсон. Кадыровн версица, конфликтехь дакъалаьцнарг СОБР-н белхахо вац, Росгвардин резервхо ву.

Меттигерчу "Чечня Сегодня" информацин агенталло хаамбарца, "ДПС-н белхахочо некъан низамаш ларде аьлча, шогалла гайтинера" Хьалха-Мартанарчу бахархоша.

  • ГIуран-баттахь Буьри-ГIалахь дуккха анах вовшахкхетта леттера герзаш детташ цхьахйолчу ресторанехь, ялханна чевнаш йира. Травматикан герз диттинера ресторане бахкинчарна юкъахь конфликт иккхинчул тIаьхьа.
  • Стохка гIуран-баттахь герзаш лелош летарш нисделира Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархошна юкъахь Назранан кIоштарчу федералан боккхачу некъа тIехь. Бахьана дара некъаца хилла конфликт- Нохчийчуьра вахархочо микроавтобус тIехь воьдучу хенахь новкъарло йинера ГIалгIайчуьра машенлелорхочунна, некъ ца буьтуш.
  • 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Краснодарехь масех иттанашкахь божарша Ставропольская а, Вишнякован урамийн сонехь герзаш диттинера. Лазийна Дагестанера 27 шо долу вахархо кхелхира дарбанан цIийнехь. ТIаьхьо къаьстира оцу инцидентехь дакъалаьцна пхи декъашхо лацарх.