100 шо кхаьчна Ламанхойн Республика кхоьллина

Your browser doesn’t support HTML5

1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Чермоев Iабдул-Межеда а, Бамматов ХIайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таIийна, дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика кхоллар. Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Iаьржачу хIордан тIера Таркхойн хIордана тIекхаччалц долчу латтанашна тIехь дехаш долу къаьмнаш. И пачхьалкх, къобул а йина, тIеийцира туркойн Iедалша а, кхин а цхьайолчу пачхьалкхаша а.