Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь кхераме ду

Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь лайн токхамаш хила кхерам бу аьлла дIахьедина махкарчу орцан министраллан куьйгалло. Оршотдийнахь а, шинарийдийнахь а къаьсттина кхераме ду хьал.

Орцанхоша кхойкху меттигера бахархой а, туристаш а кху деношкахь лаьмнашка ца гIертаре а, ламанан некъашкахь ларлуш хиларе.