ГӀалгӀайчуьра вахархочо хьехархо верца доьзна гӀуллакх Францехь кхеле хьажийна. Цуьнан вежарий бехказабаьхна

Могушков Мухьаммад

ГӀалгӀайчуьра схьаваьллачу 23 шо долчу Могушков Мухьаммадан гӀуллакх листа кечлуш бу Францехь кхелан тешаме векалш. 2023-чу шарахь цо урс диттина вийра 57 шо долу францхойн меттан а, литературин а хьехархо Бернар Доминик. Могушковн кхиазхой болу вежарий а цхьана лецнера хӀетахь, амма уьш бехказабаьхна.

ТӀелеттачун жимахволчу ваша а, шича а бехкевинера цунна гIолацарна а, хуьлуш долчух шайга схьа ца хаийтарна а. Дийцарехь, шичина хууш хиллера кIентан Iалашонах. Царна дехкина хилла бехкаш йухадаьхна, хаамбина къоман антитерроран прокуратурина тIетевжина Le Figaro газето. И сацам кхелехь къовса дагахь йу урхалла, йаздо "Коммерсанто".

ТӀелатар динера 2023-чу шарахь гIадужу-беттан 13-чу дийнахь. ХӀетахь 20 шо долу Могушковс, ша чекхъяьккхинчу школе а вахана, кхаа стагана чевнаш йеш, цхьа хьехархо вийра. ТӀаьхьо шега хеттарш дечу заманчохь цо аьллера, вен Iалашонца Доминик Бернар хаьржинера ша, хIунда аьлча францхойн маттехула "республике, демократига, адамийн бакъонашка шовкъ а, безам а дӀакхачо йиш хиларна".

Францерчу хаамийн гӀирсаша дийцарехь, и зулам дале хьалха Могушковс "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанна ваIда дина хиллера, цо хьахийнера ХЬАМАС-н Израилца бен тIом а. Францин чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Дарманин Жеральда а дӀахьедира, Аррасехь динчу тӀелатарца а, Гергарчу Малхбалехь хуьлуш долчуьнца а зӀе хилар, къайлахчу сервисийн хаамашна тӀе а тевжаш.

Шен доьзалца Франци веана Могушков бер долчу хенахь. Аррасехь тIелатар динчул тIаьхьа къастарца, жимчу стеган воккхаха волу ваша хьалхо таIзар дина хиллера террорхойн артиклехула. Ткъа ша Могушков полицин тергонехь хиллера радикалан исламехь ву аьллачу шеконашца. ХIетте а бакъоларйаран органийн бахьана ца хилла иза лаца.

  • Полицихь даьккхинчу кхаа дийнахь Могушков Мохьаммадан йишас францхойн журналисташка дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. Цо дийцарехь, цуьнца а, ненаца а гIело латтош хилла вашас, тIе куьйг хьош а хилла. Хаамийн гIирсийн информацица, доьзалехь ницкъбар марздинарг хилла Могушковн да, Францира депортаци йина хилла цунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкхан" агIор тIемаш бан лаам хиларна. 2018-чу шарера схьа дуьйна доьзал и цхьаьна а воцуш баьхна.
  • Хьалхо кхело дIатеттира Могушковн нанас чуйелла иск, иза лууш хиллера бехкузуламан гIуллакх толлучу хенахь бахархойн агIор декъах хила. Цо чIагIдора, шен кIенатн амал бахьана долуш щена а цунах бала хилла хиларх. Хьехархо вийначул тIаьхьа шен йоккхаха йолчу йоIаца кхечу меттиге йаха дIайаха декхаре хиларх а ша. Цул совнах Могушковн ненера жимахйолу йоI а схьайаьккхира, цуьнгара ненан бакъонаш дIа а йохуш.