"ХIара Мансур бахьанехь ду хьуна". Казахстанехь лаьцна латточу нохчочун доьзал лачкъор

Мовлаев Мансур

Казахстанерчу мухIажарийн набахтехь вуьсуш волчу Нохчийчуьра вахархочун Мовлаев Мансуран ваша вон чевнаш а йина дарбан цӀийне кхачийна, хетарехь, полицин декъехь хьийзийначул тӀаьхьа. Цунах лаьцна гIарадаьллачул тӀаьхьа кадыровхоша лачкъийна Мовлаевн да-нана, хаам бо цунна гӀортор йан Iалашонца кхоьллинчу тобано. Махкара ведда Мовлаев нуьцкъаша цӀаверзо гӀертар ду аьлла хета и бакъонашларъярхошна. Оьрсийчоьнан Ӏедалш хьийза иза Казахстанан Iедалхошка схьавалийта, ткъа хӀинцале а шозза цунна мухӀажаран статус ца луш, дуьхьало йина.

Мовлаев Мансур – Йоккхачу АтагIара ву, тхэквондо спортан мастер а ву иза. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь нохчийн оппозицин NIYSO тобано хаамбира, Шела кIоштан полицин декъан белхахоша иза лачкъийна вигина, цхьахйолчу къайлахчу набахтехь латтийна аьлла. Марсхьокху-баттахь Мовлаевн ка йелира вада, карахь кехаташ а доцуш кхечира иза ГIиргIазойчу.

2023-чу шеран гIадужу-баттахь Бишкекерчу кхело 6 бутт хан туьйхира Мовлаевна, бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан ГӀиргӀазойчоьнан доза хадийна аьлла. И хан текхна ваьлча, и бахьана долуш шайн махкара аравоккхур ву аьлла, сацам бинера Iедалхоша. Оцу шеран лахьан-беттан 20-чохь Мовлаевна тоьхна хан чекхйелира, иза махкара дӀавахара, Оьрсийчу депортаци шена ца йайта.

Стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь Мовлаев лецира Алматахь Оьрсийчоьнан дехарца, цигахь лаца кхайкхийнера иза, Нохчийчохь цунна дуьхьал экстремизман артиклехула бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхарна.

Мовлаев лецира, тIаккха официалехь дехар дира цо, шена тховкIело лахьара аьлла, амма 2025-гIа шо довш Казахстанан Iедалхоша дуьхьало йира цуьнан дехарна. Ткъа гIуран-баттахь мехкан Коьртачу прокуратурано Оьрсийчоьнан дехарна жоп делира, иза дIалур ву шаьш аьлла. И сацам йуха баккха кхелахой реза бацара.

"Стигалкъекъа- беттан 26-чу дийнахь латкъам бира кхело мухӀажарийн статус ца йала бинчу сацамна дуьхьал. Кхелан сацам хийцаза битира. Апелляци листира йоццачу хеначохь. Оха кху кӀиранан йуьххьехь кассацин латкъам бийр бу, цуьнга ладоьгIуш а Iийр ду тхо. Цкъачунна суна хууш дац кассаци маца хир йу, хьалха а санна сихо йийр йац-те", - дийцира редакцига Мовлаевн адвокато Жигаленок Еленас.

ХIуъа дина а цIа вига гIерта

Нохчийчуьрчу ницкъахоша тӀеӀаткъам беш бу Мовлаевн доьзална, иза нуьцкъала даймахка йуха вига хьийзаш, Казахстанан кхелаша бина сацамаш мухха хилахь а. Стохка гIадужу-баттахь Мансура видео дӀайазйира, шен вежарий Зеламха а, Хьамзат а Нохчийчохь лачкъийна хиларх дIахоуьйтуш. Цо бахарехь, Хьалха-Мартанан кӀоштан полицин декъе дӀа а бигина, цигахь гӀело йинера царна тIехь, церан ведда вахана ваша цIа ваийта Iалашонца.

Кху шеран мангал-баттахь Мовлаев Мансурна гIортор йеш кхоьллинчу тобано инстаграмехь хаамбира Мовлаев Зеламха дарбанан цIийне охьавиллина, йоьхь-цIога лазийна аьлла. Карарчу хенахь лартIахь йа хиъна Iар а, йа наб йар а дайна цуьнан, цунна йина чевнаш бахьана долуш. Жигархоша дIахьедира, Казахстанехь чохь валлочу Мовлаев Мансурна Iаткъам бархьама полисхоша лелош хIума ду и аьлла.

Тхан редакцига хаамбира цара, Мансуран да-нана хьалха кхоьруш Iийнера, 2022-чохь а шаьш дIадигина хиларх лаьцна дийца.

"Шела кIоштарчу полицин декъара 2022-чу шарахь Мансур веддачул тIаьхьа, боллу доьзал дIабигина хиллера. ШолгIачу дийнахь Зеламха воцург уьш берриш дIахецнера. Эхашарахь гергга лаьцна латтийнера иза. Доьзал кхоьруш хиллера цунах лаьцна гIарадаккха. Дукха хан йоццуш Зеламха йуха а дIавигира лачкъийна, йуха а тIехь къиза ницкъбина хиллера цунна. "ХIара Мансурана догIург ду оха хьуна тIехь дийриг",- баьхна хиллера цуьнга аьлла, дийцира тобано.

Мовлаев Мансура шен адвокатехула дийцира тхан редакцига, шен гергарнаш лачкъийна дIабигарх лаьцна шена муха хиъна дийца йиш йац шена, амма цуьнан цхьа а шеко йац, и хьал бакъ хиларх. "Информаци тхан йуьртара кхаьчна, иза дӀавигиначу дарбан цӀийнера а, вешина Рамзан цIе йолчу ницкъахочо ницкъ бинчу Шела кӀоштан полицин декъера а. Оцу оперативнико ток йеттийтира суна 2022-чу шарахь", - дийцина Мансура.

Мангал-беттан 5-чохь суьйранна Мансурана гIортор йечу тобано хаамбина, цуьнан да Мовсар а, нана Хьава а дIадигина аьлла: "Уьш стенга бигина хууш дац йа Зеламхана а, йа Хьамзатана а. Мансур цIа ца вагIахь, цуьнан да-нана а шаьш дIахоьцур дац аьлла цара", - хаамбина тобанан декъашхоша тхан редакцига.

КХИН А ХЬАЖА:

Вен дIавала? Iазапех Нохчийчуьра веддарг Оьрсийчоьне дIавала тарло

"Казахстанехь тхуна стенна оьшу зуламхой?"

Мовлаевна кхерам бу Нохчийчохь, амма Казахстанерчу хьаькамаша вуно леррина тӀеоьцу Оьрсийчоьно цунна бехкаш дахкар, хаамбина Кавказ.Реалиига Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас.

"Дукха хан йоццуш Казахстанехь дIайоьдучу форумехь дакъалецира аса, и йара зарратан герзах лаьцна, амма аьтто хилира сан Мансуран гIуллакхехула йистхила а. Иза дIавала йиш цахиларх аса далийначу бахьанашна дуьхьал жоп луш, соьга бохура: "Тхуна стенна оьшу кхузахь Казахстанехь зуламхой? Мила ву хьо тIехIуьттург, ахьа Iалашвийриг?". Суна хетарехь, официалан позици ишта йолчух тера ду хIинца", - бохура Дунаевас.

Оьрсийчохь кхелаца гIуллакх деана ву Мансур а, цуьнан ваша Зеламха а. 2020-чу шарахь Мовлаев Мансурна хан туьйхира наркотикашца доьзначу гIуллакхехула. Оппозицин нохчийн жигархоша дIахьедира, и гIуллакх а бух боцуш, шайггара долийна дара бохуш. 2022-чу шарахь иза хенал а хьалха араваьккхира, цул тIаьхьа аьхка йуха а лецира. 1АДАТ-а билгалдоккхура, Нохчийчуьра къайлахчу набахтера вада ьатто баьлларг цхьа Мансур бен вац. Жигархойн хаамашца, шолгIа бехктакхаман гIуллакх цунна дуьхьал айдира, Мовлаевн телефонехула боламан чоьта тIе ахча даьккхина аьлла, Нохчийчуьра Лакхарчу кхело 2022-чу шарахь и болам экстремистийн лерина бу.

Нохчийчохь адамаллина дуьхьал зуламаш лелош ду Оьрсийчоьно кхин дIа а

Мовлаев Зеламхана хан туьйхира 2019-чу шарахь низам дохош вовшахтоьхначу йукъараллица цуьнан гIуллакх деана аьлла. Тхан сайтан хаамашца, Нижегородскан кIоштарчу номер 5 йолчу колонихь хан йаьккхина цо. Цуьнца цхьаьна бехкевинчу Сулейманов Ислама Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле латкъам барна бен хууш дац цунна дуьхьал кховдийначу бехках а, цунна тоьхначу хенах а ма-дарра дерг.

Апелляцин сацамехь йаздина ду, Мовлаев а, Сулейманов а Туркойчуьра дIа Шемарчу тIаме ваха гIоьртина аьлла. Сулеймановн адвокато чIагIдора, НВФ-тобанах дIакхета Iалашонца цо лелийна хIуммаъ а дац, ур-атталла Нохчийчу йухавеанчул тIаьхьа а цхьаьна аьлла. Ишта адвокато дехар дира, цо бехк тIелацар дIа а ларий, цуьнан гIуллакх лерринчу къепехула листахьара аьлла. Апелляцихь дакъалаца Мовлаев дуьхьал хилира.

"Хьалха Зелимханна дуьхьал долийна бехктакхаман гӀуллакх Нохчийчуьрчу муфтиятехь болх бан реза ца хилар бахьана долуш дара, - аьлла, хабар тоьхна Мовлаев Мовсара редакцига. - Цо дуьххьал дIа а хIоьттина, ца лаьа шена ца аьллера, амма йуьртабахаман декъехь болх бан гIур ву ша аьллера, кадыровхошца цхьа а уьйр шен ца хилийта. Цунна лачкъийна, тIехь гIело а хьегийтина, бехк тIелацийтира цуьнга. Цо хьегна Ӏазап вуно ирча хиллера, даге лазар деанера цунна, йа цIийн таIам лакхабаьлла вон хиллера, дага ца догIу суна билггал. Амма вон хьал дара цуьнгахь. Кхело чохь даккха кхо шо туьйхира цунна, цуьнга аьлла хиллера, апелляци цо чу лахь, кхин а масех бехк цунна тIе а биллина, хан йахйийр йу шаьш".

Чиллан-баттахь ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу комитето дихкира Казахстанна Нохчийчуьра вахархо Оьрсийчоьне дIавала. И сацам хиллачул тIаьхьа Алматан кхело йуха а дуьхьало йира цунна тховкIело йала.

Оцу сацамаша гойту, "бакъонаш ларъяр формалан кепара кхело дӀатесна ца Ӏаш", "Казахстано тIелаьцна йолу дуьненаюкъара бакъонан норманаш тидаме ца оьцуш йисина хилар а", боху адвокато, Ӏазапна дуьхьал йолчу Казахстанан НПО-н Коалицин декъашхочо Мурат Адама. ХӀинца цхьаъ бен йоцу вариант йу кассацин латкъам бар, цуьнца меттигерчу кхелан сацам йухабаккха мегаш бу, аьлла хета цунна.

Нохчийн жигархочунна Мовлаев Мансурна Оьрсийчу экстрадици йар ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето дихкина доллушехь, тахана а иза дIавала кхерам лаьтташ бу. Казахстанан керлачу Конституцин проектаца а догIуш, къоман низамаш приоритетехь хир ду халкъашна йукъарчу бертан дийцарел а, аьлла йистхилира нохчийн "Цхьаллин ницкъ" боламан официалан векал Сулейманова Фатима.

"Мансурна Франци гуманитаран виза йаккха хьийзаш йу со хIинца, хIунда аьлча, Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан оккупацин рожо кехатех ваьккхина иза. Хала хеташ делахь а, Европана дукха хан йу, Оьрсийчоьно Нохчийчохь беш хилла тIом бирзина дукха хан йу аьлла хета. Цуьнца доьзна нохчийн мухаIажаршна чIогIа хала ду кхузахь тховкIело йаккха. Делахь а Мансуран гIуллакхо къеггина гойтуш ду, и тIемаш бирзина боций. И тIемаш оккупацин кепе дирзина, ткъа оцу хьелашкахь Оьрсийчоьно Нохчийчохь адамаллина дуьхьал деш долу зуламаш совцийна а дац", - билгалдаьккхира цо.

  • Шена вевзаш хилла цхьана хенахь, тIаьхьа экстремистийн тобанах дIакхетта хиллачу накъостаца цкъа мацах даьккхина сурт бахьана долуш а депортаци йан кхерам латтар, Нохчийчуьра вахархо тIаме ца хьажош вуьтург цахиларх тоьшаллаш дан декхаре хилар, кест-кеста бен талламаш- и дерриге а цхьа дакъа бен дац, Европехь беха нохчийн мухIажарш Iитталуш болу. И тайпа хиламаш кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь йух-йуха а стенна нисло, дийцаредира тхан редакцино бакъонашларйархошца цхьаьна.
  • Бакъонашларъяран Amnesty International организацино хьалхо кхайкхам бира Евробертана йукъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла. Даймахкахь царна Ӏазап латто кхерам бу, йа нуьцкъаша Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьийсон тарло аьлла.