ХIинжа-ГIалахь стаг лачкъорна бехкебечарна 11 шарна тIера 15 шаре гергга хенаш йиттина

Гайтаман сурт

Дагестанан Лакхарчу кхело таIзар кхайкхийна ахча даккхархьама совдегар лачкъийна аьлла бехкебечу нахана. Официалан версица, йалх стагах лаьтта и тоба цхьа адам лачкъийна Iен дагахь а ца хилла. Кхеле хIиттийначарна 11 шарна тIера 15 шаре кхаччалц хенаш йиттина шогачу хьолерчу набахтехь такха.

Махкарчу Талламан комитетан урхаллин хаамашца, 40 шо долу совдегар лачкъийна хилла 2022-чу шеран дечкен-беттан 31-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь. Луларчу ураме дIа а вигина, гараж чу а ваьккхина, иза дIахоьцург цуьнгара 20 миллион ахча даккха гIорьтинера, цунна тIехь ницкъ а беш. ХIетахь оцу тобана йукъахь мел хилларш лийцира полицино.

Кхелан хаамашца, лецначаьргахь карийнера тапчанаш, патармаш, ткъа оцу тобанан хьалханчера наркотикаш а цхьана йаьхнера. Герзашца вовшахтоьхначу тобана йукъахь дакъалацарна а, талораш дарна а, стаг лачкъорнна а бакъо йоцуш герз, наркотикаш лелорна а бехкаш дехкинера царна. Йаккхий хенаш йеттарал совнах уьш декхаре бина 500 эзар соьмана тIера миллион соьме гергга гIуда такха а.

Кхелан хаамехь цIераш йохуш йац таIзар динчийн, картотекица а догIуш, оцу гIуллакхца доьзна лаьцнарг ву пхи стаг. Йуьхьанца йалх ву аьлла бара хаам. Тобанан хьалханча ву боху Мирзебалаев Рустам. Цуьнца цхьаьна кхел йира Кубутаев Эльдарна, Магомедов Бадрудина, Чаринов Мугутдина а, Аблаев Акимна а. ТIаьххьара цIе йаьккхинарг Дербентан вахархо ву, тоххара шозза таIзар дина а ву иза- талораш лелорна пхи шо хан йаьккхина а, некъан бохамехь стаг лазорна цхьа шо а.

  • Дагестанера 28 шо долу контрактхо Омаров Ахьмадна кхел йеш йу, зуламхойн тобанца цхьаьна герз а лелош ахчанаш дахарна а, стаг лачкъорна а. Цуьнан адвокат гIоьртира иза лацар къовса, оцу эскархочун "Доьналлина" а, "Майраллина" а йелла шиъ мидал а йу бохуш.