ХIинжа-ГIаларчу къепедацаршкахь хилла кхин цхьаъ а вийна Украинерчу тIамехь

ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацарш, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-гIа

Жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь лелийначу къепедацаршкахь дакъалаьцна кхин цхьаъ а декъашхо вийна Украинерчу тIамехь. Иза ву Джанбаруев Iумар, иза дIавуллур ву Таркхи эвлахь.

Джанбаруев кхалхарх лаьцна хаамбина Дагестанера Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала. Цо дийцарехь, вийначун виъ кIант висина. Стенгахь, маца дуьйна, йа муьлхачу Оьрсийчоьнан тIеман декъехь иза хилла а, хууш дац.

"Осторожно, новости" телеграм-канало йаздо, Джанабаруевна 2025-чу шеран мангал-баттахь таIзар динера, ткъа Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт йина хилла 2026-чу шеран гIуран-баттахь.

ХIара шолгIа ву ХIинжа-ГIаларчу къепедацаршкахь дакъалаьначех Украинерчу тIамехь вийнарг. Хьалхарниг- Муртазалиев Муртазали ву, иза дIавоьллира махкахь гIуран-баттахь. Хаамбора, ша тIаме хьажийна бутт баьллачу хенахь иза вийнера бохуш.

ХIинца, Хадулаевс дийцарехь, тIемаш бечу меттигашкахь ву аэропортера гIуллакхна тIехула кхелаш йина хилла пхиъ. Кхин цхьаъ а цIа веара, заьIапхо хилла, дIахьедина дагестанхойн ОНК-н куьйгалхочо.

  • ХIинжа-ГIалара аэропорт дIалаьцнера транзитехь Тель-Авивера догIу кема лоьхуш масех бIе стага 2023-чу шарахь гIадужу-беттан 29-чу суьйранна. Къепедацаршкахь дакъалоцурш дуьхьал бара ХЬАМАС-н тIемалоша динчу тIелатарна дуьхьал Израило ГIазза секторехь йолийначу тIеман операцина.
  • ХIетехь талламхоша тидаме ийцира 142 стаг. ТаIзарш динчу нахаца а, царна тоьхначу хенашца а и бехкзуламан гIуллакх Оьрсийчохь уггар а даккхийчех а, шогачех а хилира. Бакъонашларйархоша билгалдоккхура гIуллакх толлуш нийсо лелийна цахилар: хаамбора, бехкебинчашлахь оцу къепедацаршкахь дакъа лоцуш ца хилларш а хила тарлора, бохура, ишта тIехь ницкъбина бехкаш тIелецийтинарш а хила хьесап дара.