Кху мангал-беттан 15-чу дийнера 17-чу дийне кхаччалц гуьржийн ПIаьнказан чIожехь дIайаьхьира дуьххьарлера кинофестивал. Иза лерина йара къоначу нохчийн режиссерийн белхашна. Цигахь гайтина филмаш мухIажараллех а, дайн орамех а хьакхалуш йу. Фестивал дIайахьа меттиг ПIаьнказан чIоже харжар а ларамза дацара, цигахь бехаш бу нохчийн-кистойн доккхакха долу дакъа, ткъа шайн даймахкаца йолу зIе, уьйраш даим а латтош йу цара шайн дахарехь.
ХӀара масех бутт а бара Гуьржийчохь нохчийн кино гойтуш йолу. Тбилисехь киношка хьоьвсинчул тIаьхьа а дукха хьолахь чоь йуьззина йуьсура, бохуш дуьйцу фестивалан кураторо Курдеванидзе Гиоргис: чаккхенан титраш дӀайевллачул тIаьхьа хьовсархоша жигара дийцаре дора шайна гинарг, хеттарш дора кинорежиссершка. И тайпа интерес хиларо тӀаьхь-тӀаьхьа нохчийн киноца а, цо толлучу теманашца а шовкъ латтайо, билгалдоккху Курдеванидзес.
Билгалдаккхар: Гуьржийчура ПIаьнказан чIоже Кахетин Ахметан муниципалитета йукъа йогIуш йу, Алазани хинан лакхенехь. Кхузахь йу мел кIезиг а адамех йуьзна 16 эвла, цигахь дIатарбелла бехаш бу нохчий. Уггар а йаккхийчех эвла йу Дуиси.
Фестивалан программина юкъайогӀуш йолу кхуьй а филм вуно башха йу кепаца а, жанраца а, амма йукъара теманаш йу церан: иэс, тӀамехь зеделларг, мухIажаралла, дахарехь шен меттиг лехар. Филмийн йукъара дийцарш дуьйцина ду, эмиграцехь бехачу Нохчийчуьра къона авторша, шайн селханех а, таханенах а муха кхета дуьйцучу шуьйрачу къамелашца.
Фестивал дIахьош гIо дина Roddy Scott Foundation цIе йолчу дешаран фондо, и кхоьллина йу британхойн тIеман журналистан сий деш. Иза хилла ву ПIаьнказахь а, цо дукха дийцина Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамах лаьцна а.
Мусаева Маликин дебютан "КIара лоьху хьозано" филм дуьххьара гайтира Берлинехь хIоттийначу кинофестивалан Encounters программехь. Оцу кепарчу тIегIанехь дуьххьара йовзийтина нохчийн маттахь йаьккхина кино йу иза.
Сокуров Александран Нальчикера школехь дешна йу Мусаева Малика, шен филмехь цо дуьйцу Къилбаседа Кавказера зудабераш Iитталучу дуьхьалонех. Коьрта турпалхо Яха лакхарчу классехь доьшуш йу, шина лаамна йукъахь йисинчу цунна хала ду харжам бан: иза ца йалало шен цIийнах, везавеллачу кIантах, вукху агIор нохчийн эвлара дIайаха лууш йу иза, шен керла дахар доло.
Кино чохь коьрта васташ ловзийна бевзаш боцчу артисташа- ГIалгIайчуьра Нохчийчоьнца дозанехь йолчу Аршты эвлара бахархоша. Актеран корматалла шайгахь ца хиллехь а, цара Iаламат дика гойту васташ, хьовсархоша а, критикаша а бахарехь, церан ловзар даггара а, ма-дарра а нисделла. Оцу кино чохь ишта дуьйцу Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь кхелхинчех, царна сагатдарх, уьш дагахь латторах а.
Ша Малика Соьлжа-ГIалахь йина йу. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь цуьнан доьзал цкъа хьалха ГIалгIайчу кхечира тIамах бедда, цул тIаьхьа Украине а. Карарчу ухенахь иза йехаш йу Германихь, Гамбургера зорбанан гIирсийн школехь "режиссура" корматалла карайерзош йу иза. Цуьнан йоца метражаш йолу кинош гойту дуьненайукъарчу фестивалашкахь.
Программин шолгIа декъашхо ву Нохчийчохь вина, Бельгихь кхиъна режиссер Пицаев Дени Iумар. Цуьнан "Имаго" филм гайтира 2025-чу шарахь Каннерчу кинофестивалехь "Критикан кIира" программин гурашкахь. Цигахь совгIат а кхечира цунна.
"Имаго" – документалан кино йу, цу чохь режиссеро шен дахар ду гайтинарг. Иэсах, ша схьаваьллачу орамех, тIаьхьенийн зIенех ойланаш гойту цо цу филмехь. Пицаев Гуьржийчу йуха вогIу, цигахь нанас доьзал боло а, шен дахар нисдан а цIа дан меттиг эцна хуьлу цунна ПIаьнказан чIожехь.
Турпалхочунна и латта хуьлу цIа верза тарлучу а, керла дахар дӀадоло гӀертаран а билгало санна: цуьнан шовзткъа шо гергга хан йу, цо ойланаш йо шен хIусаман а, дахарехь дIанисвала везаш хиларан а. Амма, ша цкъа а ваьхна а воцчу меттигашкахь нисвелла иза ца кхета, ша цигахь муха вехар ву, цундела гергарчу нахаца жимма дов-шов нисло цуьнан. Иштта ша-шен меттиг а лоьхуш, ойланаш тIегоргйо цо.
Пицаевс Парижехь политологи Ӏамийна, Брюсселехь INSAS-ехь режиссеран корматтал карайерзийна, LUCA-н исбаьхьаллин школехь магистран диплом эцна. Иштта цо дакъалаьцна Локарно кинорежиссерийн академин а, IDFAcademy а программашкахь. Цуьнан йоца "Ловзарех ловзуш йоӀ" (2016) а, "Дени лоьхуш" (2017) филмаш гайтира дуьненайукъара фестивалашкахь, шайна йукъахь Visions du Réel а, MoMA Doc Fortnight а, DokumentART а йолуш. "Имаго" цуьнан дуьххьарлера исбаьхьаллин филм йу.
Программехь дакъалаьцна кхоалгIаниг ву Белгера документалан кинош йоху режиссер Куразов Заур. Нохчийчуьра тIамах кIелхьарбовла дагахь церан доьзал Европе кхечира, Зауран пхи шо долуш. Куразовс аудиовизуалан искусство Ӏамийна Гентехь йолчу Паччахьан исбаьхьаллин академехь. Шен кхоллараллехь цо толлу иэсийн, шатайпаналлин, миграцин, гуманитаран кризисийн теманаш.
Цуьнан "Хан ю" кино, Нохчийчохь йаьккхина йу. Коьрта турпалхой-ши зуда йу: нана а, йоI а. И шиъ йуьртахь йехаш йу, тIемаш боьлхучу заманчохь цIера йаьлла шайн гергара зуда цIа йаре сатуьйсуш йу и шиъ. Цхьа тийна, тапъаьлла дIадоьдуш ду церан дахар, церан хIора а де. Цуьнан филмо дакъалаьцна "Артдокфест" фестивалехь а, чехийн Ji.hlava кинофестивалехь а.
Пицаев Дени Iумар ву (сийна коч йоьхнарг) шен кино гойтучу хенахь.
"Экаме теманаш" йихкина йу
И филмаш чIогIа хазахета дуьненайукъарчу майданашкахь, амма Нохчийчохь цкъачунна гойтуш йац. Куратор Курдеванидзе Гиорги тешна ву, и хьал даим а лаьттар дац аьлла. Цхьана дийнахь авторийн даймахкахь а уьш гойтур йу аьлла, тешна ву иза.
И тайпа филмаш тахана Нохчийчохь шуьйра йаржор йу аьлла дIоггара догдохийла йац, бохуш, дуьйцу, шен цӀе йовзийта ца лиъначу махкарчу социолого. ТIеман, иэсан тема хиларца доьзна дац и, билгалдоккху цо, регионехь муьлхха а кхоллараллех лаьцна долу дош политикан контекстехь тIеоьцуш хиларна ду: "Зударий шайн лааме бовлар, цIера дIабаха лаар, кхечу кепара царна шайн дахар нисдан лаар, чIогIа экаме тIеоьцу, хIунда аьлча, бIешерашкара схьадогIу Iадаташ цара дохош хиларна. И бахьана долуш, и тайпа филмаш фестивалашна а, арахьарчу хьажархошна а лерина хуьлу".
Цуьнца цхьана, билгалдоккху социолога, историн иэсаца йоьзна теманаш дукха хьолахь Нохчийчохь йоьхкуш йу. Цунна хетарехь, и теманаш дукха хьолахь чолхе тIеоьцу, нахана шуьйра йовзийта йаржор ца нисло. Цу фонехь Нохчийчоьнах а, тӀамах а, иэсах а, йа адамийн дахарх лаьцна йолу кхузаманан филмаш халонех Iиттало регионехь, охьадагардира къамелдечо.
Масална социолога хьахийра режиссеро Эркенов Хьусейна "ТIедожийна дицдар" цIе йолу, 2014-чу шарахь йаьккхина и кино "Грозный-фильм" студихь. Нохчий а, гIалгIай 1944-чу шарахь махкахбахарх лаьцна йу и. 2014-чу шеран стигалкъекъа-беттан 10-чохь Соьлжа-ГIалахь гайта лерина йара и кино, амма культурин министралло Оьрсийчоьнан дозана тIехь и гайтар дихкира. "Къаьмнийн барт эгIабо" цо аьлла, бахьана а хIоттийна.
ГIортор йоцу филмаш
Йуьйцучу кинох лацна шена хетарг элира ишта Германехь вехачу нохчийн актеро, сценаристо, режиссеро Сугаипов Сурхос а. Фестивалан программи йукъа йахначу кхаа филмах цунна гинарг йу Мусаева Маликин "КIара лоьху хьозано" филм. Сугаиповс бахарехь, чIогIа тIеIаткъам бира цунна оцу белхо: "Суна чIогIа тайра и дийцар, операторан а, актерийн а болх а. Цхьа даггара, корматаллица бина болх бара и".
Сугаипов Сурхо
Пицаев Дени Iумаран филман хьесап дира Сугаиповс шен хьажа аьтто баьллачу трейлерца а, цхьацца дакъошца а, оцу кинох лаьцна говзанчаша йаздинчуьнца а: "Аса дукха дешна малхбузерчу критикаша оцу филмах лаьцна йаздинарг, суна ма-гарра, цара чIогIа дика тIеэцна и. Трейлере хьаьжча а гуш ду, и дика болх буйла а, даггара дийцар хилар а, цхьа хазачу забаршца, эмоционалан кIоргаллица йаьккхина кино хилар. Йоллу оцу кинога хьажа сатесна ву со".
Сугаиповс дийцарехь, ший а филм хьакхало харжамийн маршонах, йукъаралло бечу тӀеӀаткъамах а, наха эр долчу дашах ларлуш, шен лаамаш кхочушбан вайнехан аьтто цахиларх а: "Суна вуно гергара а, йевзаш а теманаш йу цара меттахъйаьхнарш". Дуьненайукъарчу фестивалашкахь нохчийн кинорежиссерийн кхиамаш хиларна ша воккхавоь, амма цец ца вуьйлу, бохура Сугаиповс. Цунна хетарехь, нохчийн йукъараллехь даима а хилла дуккха а похӀма долу артисташ, амма массеран а аьтто ца баьлла оьшу гIирсаш кара кхача а, шайн гонел арахьа шайн корматалла дIагайта а.
"Суна чIогIа хазахета, вайн, нохчийн къомана йукъахь кино оьшуш хиларх кхетам самаболуш, оцу гIирсаца доллу дуьненна вайх лаьцна дийца таро йу вайн. Ловзар хилла ца Iа хIара, зеделларг а, культура а дIакховдо уггар а ницкъечу гIирсех хIума йу хIара", - бохура къамелхочо.
Сугаиповс билгалдоккху, тӀаьхьарчу шерашкахь нохчийн актераша а, режиссерша а шайн проекташ шайн дай баьхначу регионал арахьа, Европехь а, дуьненаюкъарчу майданашкахь а кхочушъйар алсамдолуш хилар, цигахь шайн говзалла лакхайаккха а, кхоллараллин паргӀатонна а алсам аьттонаш бу, бохура цо.
"ХӀинцалерчу Оьрсийчоьнан Ӏедалан кӀезиг шовкъ йу, шайх лаьцна нохчашка шайгга дуьйцуьйту, йозуш йоцу нохчийн кино кхион. Ткъа Европехь, мелхо а, йоккха шовкъ йу керлачу дийцаршка, културашка, бакъдолчу аьзнашца. Цул сов, интернет бахьана долуш а, нохчийн йукъараллаш дозанал арахьа кхоллайалар а бахьана долуш, болх бан аьтто баьлла хьан, хьалха хиллачу дуьхьалонашна гена а волуш", - аьлла, дерзийра режиссеро шен къамел
Кавказхойх дийцарш кинон призмехула
ПӀаьнказан чӀожехь вехачу нохчийн журналисто, жигархочо Бордзгор Сулхана билгалдоккху, Къилбаседа Кавказах а, цуьнан адамех а лаьцна йаьхна фильмаш фестивалан программина йукъайахийтаро хӀинцале а шовкъ кхуллуш хилар. Цо дийцарехь, ПIаьнказахь дуккхаъчарна цу фестивало аьтто бо, и тайпа дийцарш киношкахула муха дуьйцу хьажа а, уьш шайна мел гергара ду хьаьжна, мах хадо а
Сулхан Бордзгор
"Нагахь санна Нохчийчоьнах, ПIаьнказах, йа регионерчу зударех лаьцна филмех, публикацех лаьцна вай шуьйра дуьйцуш делахь, бакъдерг тӀех аттачу даккхаран кхерам даима а бу. Иза киношца хьакхаделла ца Ӏаш, журналистикех а тасало. Дукха хьолахь, арахьарчу тергамхоша тидам тӀебохуьйту проблемашна, конфликташна, дозанашна, йа халонаш йийцаре йеш. ХIара теманаш билггал йолуш йу, уьш йийцарейан а оьшу, амма цара йукъараллин доллу дахар чекх ца доккху",- бохура цо.
Масална къамелдечо бусалба зудчун васт даладо, дукха хьолахь дозанашкахь латтош долу, тIеIаткъам бен. Цо бахарехь, ишта гайтаро хьиджабах, динан ламастех лаьцна болу хьажам маршо цахилар санна хоьтуьйту: "Оцу йукъанна адамийн бакъдолу дахар Iаламат кхин тIе а чолхе а, чулацаме а ду. Ткъа синбахамаллин контекст, оцу стагах лаьцна дерг а, зударийн болу хьежамаш а оцу кепарчу дийцарийн гурашна йукъа ца догIуш арахьа дуьсу. Цхьа тема хьала а айбина, вукхарел а алсам йуьйцуш хилча, цо стереотипаш кхин тIе а чIагIйо".
- Къаьмнаш махках дохучу 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь шайн дегIан дола далуш ца хилла къаной, зударий, бераш, ворхI бIе гергга адам меттигерчу колхозан говрийн божала чу а лаьхкина, дагийнера НКД-н белхахоша. Къоман дахарера оцу ирчачу дийнах лаьцна "ТIедожийна дицдар"кино йаьккхира режиссеро Эркенов Хьусейна а, Коканаев Руслана а 2014-чу шарахь. Культурин министралло Оьрсийчоьнан дозана тIехь и гайтар дихкира, "къаьмнийн барт эгIабо" цо аьлла, бахьана а хIоттийна
- 2023-чу шеран лахьан-беттан йуьххьехь Къилбаседа Кавказерчу цхьа могӀа йукъараллин гIуллакхдархоша чӀогӀа дуьхьалонаш йора Оьрсийчоьнан историн керлачу школан жаргина дуьхьал. Киншкин чулацамех лаьцна йукъараллехь йинчу реакцино билгалдаьккхира, цу тIехь дерг бакъ цахилар а, репрессеш лайначу къаьмнашна вас йеш дийцина хилар а.
- Кадыров Рамзана тIедиллира, йоллу киншкаш Нохчийчохь йукъарайаккхар, дIахьедира хIетахь парламентан спикер хиллачу даудов Мохьмада. Дешаран министраллица Нохчийчоьнан Iедалхоша дийцаре деш ду махках даьхначу къкаьмнех лаьцначу декъехь хийцамаш барх, блхура цо, амма шен телеграм-каналера киншках йукъарайахарх лаьцна пост дIайаьккхира.