"Хьекъал долу куьйгалхо хIоттор вац Путина Нохчийчоьнан коьрте: цунна муьтӀахь верг оьшу". "Арахьара агентаца" Масхадов Анзорца хилла къамел

Масхадов Анзор

Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" реестре йазвина вийначу Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан кӀант - Масхадов Анзор. Бахьана ду боху Оьрсийчоьнан Ӏедалша а, тӀеман ницкъаша а лелочух лаьцна харц информаци цо йаржор а, ткъа иштта иза Оьрсийчохь "оьшуш йоцчу" цхьана организацин гӀуллакхашна йукъагӀертар а.

Масхадов Анзор карарчу хенахь Норвегехь вехаш ву. ТӀаьххьарчу шерашкахь цо дуккхаза а критика йора Кремлна а, Оьрсийчоь Украинана тӀелатарна а. 2022-чу шеран аьхка цо а, Украинан агӀор тӀом бечу Шейх Мансуран цӀарахчу нохчийн батальонан векало Белокиев Ислама а массарна а хьалха дӀакхайкхийра, Нохчийчохь къайлаха болам кечбеш бу, цу Ӏедалца къийсам латто аьлла. Иштта кху шеран зазадокху-баттахь Масхадов Анзор Оьрсийчоьно экстремистийн а, террорхойн а тептаре ваьккхира.

Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Масхадов Анзора дийцира, шех "арахьара агент" варх а, цунах лаьцна шен йолчу ойланах а, Нохчийчуьра хьолах а, Iедалехь хинболу карчам шена муха го а.

Дерриг а сан фамилих гоьртина ду

– Ахьа айхьа муха кхетадо хьуо Оьрсийчоьнан"арахьарчу агентийн" тептаре йазвар?

– Керлачу хаамашкара хиира суна цунах лаьцна. Суна сайна бехкаш дахкар, аса дуьйцург бакъ хиларна Оьрсийчоьно къобалдар хета.

[Iедалхой] тIаьхьабисина оцу сацамца. Сан цIе реестре йаккха йезаш йара, нохчий хIаллакбан болийча (Нохчийчохь Оьрсийчоьно тIемаш болийначу хенахь), сан да вийна, цуьнан дакъа лаьтте кховдо схьа ца деллачу хенахь. Оьрсийчоьнна дика хаьа, ша шена мостагIий бан. Церан къомана вон болх хила ца лаьа суна, оцу пачхьалкхо нах ца байичхьана, кхечу къаьмнашка бала ца беачхьана.

Путина уггар а хьекъал доцу а вохкавелла Нохчийчоьнан урхалхо хаьржира, иштачу стагана тIехь урхалла дан атта ма дуй

– ХIун бахьана дара хьуна и статус йала, хууш дуй хьуна?

– Уггаре а хьалха, иза сан фамили бахьана долуш ду, сан дена тIехула, нохчийн къоман цуьнгахьа ларам хиларна. ШолгIа, ас церан аьшпаш гучу а бохуш, кху 25 шарахь къахьегар бахьана долуш. Тхан истори цаьрга ца хийцийта, бертала ца тохийта хьийза со. Царна къайладаккха луучу дуккхаъчу бакъдолчун, хиламийн теш хилла ву со.

– Оьрсийчохь "магийна йоцчу" организацица а вузу хьо. И хIун йукъаралла йара, ахьа хIун гIуллакх дина цу йукъахь?

– Со кхеташ вац, цара йуьйцург хIун организаци йу. Со Нохчийн Ичкери республикин вахархо хилар ду-ту и? Кремло ма бохий и республика йац, йихкина организаци йу. Аса йуха а билгалдоккху, факташ къайлайахьа хьийза уьш. Бакъдерг царна ца оьшу.

Масхадов Аслан а, цуьнан кIант Анзор а

– "Арахьар агент" олучу цу статусо цхьана а кепара Iаткъам бойла дуй хьан балхана, йа кхерамзаллина?

– ХIан-хIа, цхьана а агIор новкъарло ца йо. Со саннарш дуккха а бу. Ас беш болу болх – Дела дуьхьа а, халкъан дуьхьа а, байъинчийн сий деш а беш бу. Со ца хилахь, хир бу дуккха а кхин нах.

- ХIун аьлла хета хьуна, Оьрсийчоьнан Ӏедалша беш болу тӀеӀаткъам хьо цхьанна дуьхьал хьажийна бу, йа массо а критикашна а, жигархошна а, шайна йукъахь нохчийн диаспорера нах а болуш, шуна массарна а йеш луш цхьа сигнал йу иза?

- Ас ма-аллара, цӀарца доьзна ду дерриге а. Иза сигнал йац; тхуна дукха хилла уьш: кIелонаш йар, кхерамаш тийсар, ур-атталла байъина нах а бу. ТӀаккха, хIетте а къардиний тхо?

Путинан некъ

- Тахана Нохчийчоьхь нис деллачу хьолан а, цигарчу Iедалан системин а мах муха хадабо ахьа?

- И Ӏедал дац, [президенто Владимир] Путина ханна хӀоттийна марионетка йу. Цо хаьржина уггаре а йоза-дешар ца хууш, вохкавелла, тешнабехке, сутара стаг, ткъа иштаниг лело атта ма ву.

[Нохчийчуьра] хьал баккъалла а ирча ду, дерриг а къам закъалтана латтош хиларе терра; дуккха а нах дӀабахана цигара, шайн даймахках буьйлу уьш, оьрсийн террор бахьана долуш. Уьш бу, доккхачу декъана, украинхой байъа ца лууш болу кегийрхой. Оьрсийчоьно уьш тӀаме хьийсош бу церан доьзалшна тӀеӀаткъам беш, бертаза.

ДӀабаханчара инзаре хабарш дуьйцу Оьрсийчохь а, оккупаци йинчу республикехь а лелочу зуламех лаьцна. ХӀинццалц тхан махкахь ишттаниг хилла дацара. Диктатор боху дош а кхузахь догIуш дац, хӀара дуккха а инзаре хьал ду. Нохчий дӀабуьгу, хьийзабо, бойуш бу. Кремлан Ӏалашо йу нах кхерор а, уьш дӀатебар а, адам шайна муьтӀахь хилийтар а. Нах кхера а беш, царна тIехь урхалла ду цара деш.

– Йоллу система цхьана стагана тIехь – Кадыров Рамзанна тIехь йу олийла дуй?

– Тхан [Доку] Завгаев вара (1995-чу шарахь Ичкерин президент – редакторан билгалдаккхар), нохчий Москвана муьтӀахь хила лууш. ТӀаккха Кремло [Ахьмад] Кадыров хӀоттийра, эхь доцуш цхьа шоу дӀайаьхьира референдум йу аьлла, цига воьдуш стаг а вацара. Эххар а, нийса ойла йан а хууш воцу, хӀинцалера [куьйгалхо] хӀоттийра цара. Ткъа хийцамаш хилла а бац, хир а бац, хӀунда аьлча, дерриг а Кремлна луучу кепара хуьлуш ду.

– Кху тIаьххьарчу заманчохь къаьсттина дукха дуьйцу Кадыров Рамзанехь вон хьал ду бохуш. Хьуна хетарехь, мел кийча йу Нохчийчоь Iедалехь хийцамаш хила?

– Иза маца лийр ву ала, суна ца хаьа. Со йа лор а вац, амма цунна тIе хьаьжча, гуш ду цуьнан кийрах цхьаъ дуйла, цо лазарш латтадо цуьнгахь, оцу тIехула цхьа молханаш ду цо лелош. Уьш а сел чIогIа долчух тера ду, халла бен вистхила а, меттахвала а йиш йац цуьнан. Со теша, Путина дерриг а дийр ду Нохчийчоьнна тIехь урхалла дар шен карара ца далийта. Цуьнан кабинет чохь, цхьана терхи тIехь Iуьллуш папка хир бу, цу йукъахь йу рогIерчун цIе- Кадыровн гонера стаг ву иза а. Хьекъал долуш, Iилма долу стаг Путина хIоттор вац: цунна шена муьтIахь, ша лелон волу стаг оьшу.

Масхадов Анзор

- Тахана Кадыровн кӀентий хаддаза цунна уллехь бу, царна доькъу совгӀаташ а. Муха мах хадабо ахьа оцу кепара Iедалан мукъ дIабаларан?

– Уьш леррина лакхара дарже кхачо кечбеш бу: мидалш а, седарчий царна ло, лакхарчу даржашка а уьш бу хӀиттош. Ишта ша Iалашвала, ткхъа царна "биографи" йан хьийза Кадыров. Хила тарло, оцу кепара, шаьш тайниг санна лелор волу цхьа кхин стаг кечвеш а. Иза вайна хьалха а гина ду: ур-атталла школа а йуьзззина чекхйаьккхина воцу стаг шен-шен рогӀехь кхерамазаллин сервисан куьйгалхочун дарже кхачийна, цул тӀаьхьа майор, инарла, академик, профессор, ур-атталла шена хийрачу декъехь "говзанча" а волуш. И нах талхийна бу яьссачу регалиша – бакъдолчу сийлаллин меттана къегаш йолчу хӀуманашца.

- Нохчийчоьнан Ӏедалхоша кест-кеста олу, "Тхо Кадыров Ахьмадан некъа тӀехь лелаш ду". Ткъа хӀун некъ бара хьан ден Масхадов Асланан? Нагахь санна, и некъ йукъах ца баьккхинехь, тахана и муха хила тарлора?

- Тхан коча цара тӀом ца боьллинехьара, питтанаш ца лелийнехьара, блокада ца хиллехьара, тхо тхаьш когаш тIе хIиттина хира дара. Цхьаьнний а гIо доцуш а. ТӀом болчу хенахь а орца ца доьхура оха. Тхешан республика а, халкъ а кхин цхьана тӀамах лардан некъаш бен лоьхуш дацара тхо. Кхерамзаллин гарантеш лоьхура, йоьхура оха.

Цхьа а "Ахьмадан некъ" бац, Путинан некъ бу. Иза йамартхойн некъ бу, къизаллин, терроран некъ бу. Цара шайга далург дерриг а дира, тхан пачхьалкх ца хилийта. Нах лечкъабора, кхин долу зуламаш леладора- и дерриге а хилла ду. Амма тхуна зуламхой карийча, ларша Москва дуьгура. Цигахь бара бехкенаш.

Тийна Iерах гIуллакх хир дац

– Нохчийчохь, йа дозанал арахьа бехачу нохчийн зударшна тIехь гIело латторах хIун эр дара ахьа? ХIунда йуьсу и проблема йийцанза?

- Муьлхха а ницкъ бар цхьана а йукъараллехь къобал дан йиш йац. ХӀора зуда цхьаннан нана, йиша, йоӀ йу. Халахеташ делахь а, ницкъ бина меттигаш массанхьа а нислуш йу; тхуна йукъахь бен иштаниг ца хуьлу, олийла дац. И тайпа хIума нисдалар йоккха юьхьӀаьржо йу муьлххачу а доьзална а, цу доьзалшкахь болчу божаршна а. Цундела хила тарло, нах иштаниг къайладахьа лууш.

И проблема а йийцаре йеш йац кхерам бахьана долуш, йукъаралло тӀеӀаткъам бар бахьана долуш, ламаст бахьана долуш, хьийзош болу зударий Iалашбен система ца хиларна. Зударий дукха хьолахь буьсу йукъаралло шайна бехкаш дахкарна кхоьруш, йа шаьш тIедаха тешаме йолу пачхьалкхан, йа динан структураш йацарна. Цхьана хIумаанах кхеташ хила деза, ницкъбар - нохчийн ламасташкара хIума дац, йа бусалба дино магош дерг а дац. ГIиллакхаш дохор а, Iедалехь болчара харцо лелор а, таIзар доцуш царна дерриг а дисар а ду.

- ХӀун хийца деза аьлла хета хьуна, зударий ларбархьама а, царна гӀортор хилийтархьама а?

- ХӀора гӀуллакхца бен-берса хила деза вац. Диаспоран куьйгалхоша а, динан Ӏедалша а цхьаний а йемал дан деза ницкъбар, гӀортор йан йеза балехь латточарна. Муьлххачу а гIуллакхехь. Ишта бен йохайойла дац тийналла, зуда, борша стаг, бер Iалашдан билггал долу хьелаш хIиттон деза.

  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь республикан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна дӀайаьхьначу эфирехь цхьа могӀа даккхий дӀахьедарш дира. Регионан куьйгалхочо Европехь вехачу Масхадов Анзорна хьийхира, даймахка а волий, "Соьлжа-ГӀали йуккъехь хьуо эккхийта" аьлла. Кадыровс дийцарехь, Масхадовс иштта дIагайта дезаш дара "шен доьналла".
  • Оццу шарахь Ичкерин хиллачу хьаькамашца вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзана дӀахьедира, шен дас, хӀетахь Ичкерин муфтий хиллачу Кадыров Ахьмада, новкъарло йинера, президенто Дудаев Джохара Масхадов Аслан вен Iалашонца йинчу кIелона. Кхин дIа Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцура, шен 16 шо долчу хенахь, шен цӀахь цомгуш Iуьллуш хилла Масхадов Аслан ша лелийра аьлла. Кадыровс масийтаза бехкаш дехира Масхадовн кӀанте Анзоре, оцу хенахь шен деца иза ца хилла бохуш.