Дукха нах баьхкинера ГIажарийчоьнан хиллачу президентан тезете

Your browser doesn’t support HTML5

Реформист лоруш хилла Рафсанжани кхелхира дечкен-беттан 8-чу дийнахь. 82 шо кхачьна Рафсанжани велира, дийцарехь, инфаркт а хилла. Иза д1авоьллира Исламан революцин 1979-чу шарахь куьйгалла динчу а, 1989-чу шарахь веллачу АйатоллахI РухоллахI Хомейнина улло. Тезете баьхкинчийн коьртахь вара Хомени веллачул тIаьхьа иза даржехь хийцина АятоллахI Али Хамени. Рафсанжани масех бутт баьллачул тIаьхьа президент хаьржира 1989-чу шарахь. Иза президент вара 1997 шо тIекхаччалц. (Гiажарийчоьнан пачхьалкхан телевидени Рейтерсехула).