“ДаIиш-о”  жоьпалла тIеэцна Мисрерчу килсашна йинчу теракташна

ДаIиш

ДаIиш терроран тобано жоьпалла тIеэцна Мисрерчу (Египет) гIаланашкахь Тантехь а, Александрехь а килсашна тIелатар дарна. Цунах хаамбо Reuters хаамийн агенталло кху беттан 9-чу дийнахь.

Мисрерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, тахана Александрехь Iожалхочо йинчу терактехь кхелхира 11 стаг, чевнаш йира 35 стагана, ткъа Тантерчу килсехь йинчу терактехь вийна а, лазийна а 30 стаг ву.