IT-говзаллин ах сов студенташ дIабаха лууш бу Оьрсийчуьра

Гайтаман сурт

Информацин технологеш (IT) Iамош болчу 53 процент студентийн лаам бу Оьрсийчуьра дIабаха. Иза гойтуш бу Оьрсийчуьрчу тайп-тайпанчу гIаланашкара GeekBrains дешаран платформа лелочу 5 зар сов студентана юкъахь бина таллам, хаам бо РБК-но.

ДIабаха луучерах доьалгIачу декъо хаам бина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка эмиграци ян лаара шайна аьлла. 7-5 процент респонденташ лууш бу Британе а, Германе а, Канаде а дIабаха, 23 процент – кхечу пачхьалкхашка, ткъа царах кхоалгIачу декъо ца хьахийра пачхьалкх.

ХIара шо долалуш Терахьан технологийн кхиаран а, зIенан а, массийн коммуникацийн а министралло (Министерство цифрового развития, связи и массовых коммуникаций Российской Федерации) хаам бира Оьрсийчохь IT-индустрехь говзалла йолчу нехан дефицит хиларан терахь ду 500-на тIера 1 миллионна тIекхаччалц хIора шарахь аьлла.

"Хабр Карьера" сайто дийцарехь, кхушеран хьалхарчу 6-хь баттахь IT-говзанчийн юккъера алапа алсам даьлла 6 сов процентана, хIинца из аду 120 эзар сом.

Церан алапаш Оьрсийчохь алсамдолуш доллушехь, дуккха а IT-говзанчаш бу махкара дIабаха кийча шаьш хилар гойтуш. Цуьнца цхьаьна цу кепара веха меттиг хийца лааран бахьанаш хуьлу дукхачу хьолехь бахамца доьзна доцу, билгалдоккху GeekBrains.

Иштта хеттамехь дакъалаьцначерах 35 процента дIавахаран бахьана далийра кхечу пачхьалкхашкахь дахаран тIегIа лакхара хилар. 19 процента элира кхечу пачхьалкхехь бехачу шайн гергарчу нахах а, доттIагIех я бевзачерах дIакхета лаьара шайна аьлла. 17 процента билгалдаьккхира керлачу меттехь аьттонаш алсам хилар карьера ян.

Softline компанин Оьрсийчохь а, Малхбалерчу Европехь а, Юккъерчу Азехь а йолчу персоналан директора Лиходиевская Натальяна хетарехь, дуьне глобалан кепе дирзина, ткъа IT-говзалла караерзочу студентийн аьтто бу балх каро кху дуьнентIерчу муьлхха а меттехь.

"Яндексан" студентийн программийн сервисан кхуьйлагхочо Максимова Маринас дийцарехь, и тенденци гуш йолу цхьа шо хилла ца Iан: цкъа дуьххьара дукхахболу къона говзанчаш Москва а, Санкт-Петербурге богIу. Цул тIаьхьа - Силиконан аллей (Silicon Valley). "И меттигаш ю ойла тIеийзораш. Кхин меттигаш гучуйовлийта, деша а, болх бан а мелла а аьхна хьелаш кхолла деза", - аьлла хета "Яндексан" векална.

  • Кхушара Мангал-баттахь (июнь) "Левада-центро" (юкъатоьхна ю "иноагентийн" реестрна) бинчу талламца, 22 процент оьрсашна баха лаьа Оьрсийчоьнал арахьа. Иза уггар лакхара гайтам бу 2013-чу шарахь дуьйна схьа. Махкал арахьа баха луучерах ах гергга кегийрхой бу 18-24 шо хенаш йолу, кхин а кхоалгIа дакъа ду 25-39 шо хенаш йолу нах.