Урдун: Хийра боцу мохк

Белла ХIорд Iуьрре

Белла ХIорд дуьнен чохь уггар лоха меттиг ю (420 м хIордан тIегIанна бухахь). Цул сов, дуьненчохь уггар дуьра хи оцу Iома чохь.

Iакхаба уггар къилбехьа йолу гIала ю Урдунехь. Дуккха а туристаш богIу цига, ЦIенчу ХIорд чохь лийча.

Вади Рум олу тогIи. ГIамарш, лаьмнаш, тIулгаш иэделла кхузахь.

Иштта лаьмнаш дукха ду Вади Румехь

Iаламо йина пирамида

Вади Румехь дукха къаьмнаша, тайпанаша, цивилизацеша йитина шайн лараш. ХIара петроглифаш ехкинера Къуръан чохь бийцина болчу Самудаша.

Бедуинийн зудабераша жа ду дажош

Урдун-мехкан Iедалша туризм яржош ю Вади Румехь. Бедуинашна белхан меттигаш хуьлу, арахьара баьхкина туристаш лелош.

Шайн ламасталлин дахар дIакхоьхьуш бу хIинца а цхьаболу бедуинаш.

Муса-пайхмарна Набу-ломан буьххьехь хIоттийна чурт. И лам Товрат тIехь буьйцуш бу: "Муаби-аренашкара Набу-лам тIера Пасга цIе йолчу бохь тIе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гIалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гIалина тIекхаччалц берриг а ГалIад-мохк гайтира Мусана".

Товрат тIехь хьахийна болу ЦIестан Лаьхьа: "Везачу Эло халкъана тIе дIаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. Мусана тIе а баьхкина, исраилхоша элира: "Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоIа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дIадахахьара алий." Мусас нахана тIера доIа дира Везачу Эле. Везачу Эло Мусага элира: "ЦIеста лаьхьа а бай, хьокхана тIетоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цIестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву." ХIара хIоллам бина Италера скулптора Фантони Джованнис.

1932-чу шарахь дуьйна Францисканийн монахаш бу Iаш Набу-ломахь.

Бешахь болх бо монахаша.

Кевна тIе гIортош хилла тIулг. 

Петра-гIалахь долу Обелискийн кешнаш. Петрехь массо а гIишло, лам а аьхкина, йина ю.

Петра йиллина хилла Iаьрбийн махкара баьхкинчу набатейхоша. Шайн гIала хи далош, иштта харшаш даьхнера цара тIулгийн пенашца.

Дин чIогIа лелош хилла набатейхоша. ХIара хено яийна йолу фигураш - церан зуда-дела ал-Уззий, цуьнан лоьмаш а ду.

Хазна. Кху хазни чохь ПирIунан бахам бу къайлабаьккхина, аьлла, тешаш хилла бедуинаш. Пенаш тIе цара йиттина тоьпаш ю хIинца а гуш, цаьрца ПирIунан деши ду моьттуш.

Петра-гIалин урам.

ГIалин театр ян йолийнера набатейхоша. Амма и чекхъяьккхинарш Римера архитекторш бара.

Эха сохьтехь хьалавала веза кху ламеш тIехула ломан буьххье. Шайн деланашна доIанаш дан, эхара набатейхой Аттуф лома.

Аттуф-ломан буьххьехь сагIанаш доху меттиг.

Петрин театр жима хета, кхузара охьахьаьжча.

Кху урамехь Римхоша колоннаш хIиттийна хилла.

Iаьрбаша ад-Дейр олу гIишло. Керста наха шайн хьашташна лелийна хиллачух тера ду и цхьана заманахь. Цу тIе кхача, цхьана сохьтехь сов некъ бан беза лома хьала. И гIишло мел йоккха ю хуур ду, цунна буьххьехь волчу шина стаге хьаьжча.

Iамман, Урдун-мехкан коьрта шахьар.

Машенийн базар дийнахь-бусий болх беш ю, амма оьцуш берш кIезга бу.

Белла ХIорд малх чубузуш хенахь