Кадыров: Гуьмсехь дIахьочу рейдашкахь ницкъахоша цхьа стаг вийна

Кадыров Рамзан

Гуьмсехь динчу тIелатарна бехкеберш лоьхуш чIагIийнера Нохчийчохь ницкъахоша рейдаш аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана. Iедалхоша дуьххьара бакъдина, Гуьмсехь билггал тIелатар дина хилар. ХIинца йолийначу рейдашкахь шеконашкахь хилла цхьаъ вийна, шолгIаниг лаьцна.

Оцу кепарчу дIахьедарца вистхилла махкарчу ницкъаллин дакъошца дIахьочу кхеташонехь Кадыров Рамзан. Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ирасханов Аслана хаамбина, лаьцначо кийтарлонаш йина, Гуьмсера администрацина хьалха эккхийтар шаьш вовшахтоьхнера аьлла. Республикера "Чечня Сегодня" сайто йаздина, йуьйцург стохкалера "диверси" йу аьлла, амма Кадыровс муьлхан хан йу, хьаха ца дира.

Бехкебечийн цIераш а, уьш гунахь хиларх тоьшаллаш а далош дац Iедалхоша. Иштта хууш дац, рейдаш йирзиний а.

Къаьсттина Нохчийчоьнан куьйгалхочо баркалла элира полицин лерринчу полкан командирна Чалаев Замидна. Иза вара "кхел йоцуш, бина таллам а боцуш, тоьпаш тухур йу" Iедалхошна луьйш болчарна а, терроризмана бехкебечарна а, царна гIодинчарна а бохуш, кхерамаш тийсинарг.

"Нагахь санна, хан йоцчу заманчохь шайн кетIа стаг а веана, цо ша цхьанхьа дIавига алахь, цо бохург ма делаш. Нагахь санна, царна шу улло довлахь, оха шуьгара жоп доьхур ду. Кхана-лама, иза суна вевзаш вара, дуьхьало йан бIегIийла ца хийтира бохуш, кIелхьарадийла ма гIерта. Ишта стаг оха дIавигахь, кхел а ца йеш, таллам ца беш, оха цунна тоьпаш тухур йу. Бегаш цхьангга а бойтур бац",- аьлла дIахьедира Чалаевс.

  • 2025-чу шеран гIадужу-баттахь ватсап мессенджерера нохчийн тобанашкахь хаам баьржира Гуьмсера некъан полицин постехь эккхийтар дина аьлла. Цхьана видео тIехь и сурт гинчо дуьйцу, ГИБДД-н постана уллохь граната эккхийтина, цуьнан геригаша цхьа белхахо вийна аьлла. Оцу видео тIехь гуш ду, Кадыров Ахьмадан проспектехь и тIелатар дина хилар. ГИБДД-н постана уллохь цигахь йу тайп-тайпана бюджетан организацеш, кIоштан администраци а, гимнази а. Эккхийтар динчул тIаьхьа даьккхинчу суьрта тIехь проспект дIакъевлина гуш йу полисхойн иттаннашкахь машенаша.
  • Нохчийн Iедалхоша цхьана а кепара комментарий ца йира оцу хиллачун хьокъехь. Iедалхошкахьа йолчу "ЧП Чечня" телеграм-канало лач къамелехь тIечIагIдира Гуьмсехь полисхочунна кIелойар. И зулам динчунна 5 миллион сом кхаъ кхайкхойш, хаам зорбане баьккхира. И кхаъ кхайкхийнарг мила ву, йаздеш дацара, амма цу тIехь билгалйаьккхинчу телефонан номеран долахочун С.Зеламхин цIартIехь дара банкан шиъ карта. Изза номер йу кхечу абоненташа Сулейманов Зеламха аьлла, дIайазйиина а. Иза ву Гуьмсера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан хьаькам. Йиллинчу хьасташкахь йолчу информацица, и цIе йолу стаг 2021-чу шарера схьа дуьйна ву оцу декъехь болх беш.