Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша саготта хилар дӀахаийтина, кхоллинчу хьекъалца (ИИ) шен метта Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд хӀотто мега, йа Соьлж-ГӀалин йуккъехь митинган васт кхолла мега аьлла. Цо дӀахьедина, "хӀара тIаьххьара зама йу", цундела меттигерчу пачхьалкхан хаамийн гӀирсаша "халкъаца бен болх чIагIбан беза", "информацин вакуум а ца йуьтуш" аьлла.
Кадыровн критикаша цунна жоп луш, тидаме эцна, дукха хан йоццуш Нохчийчохь леррина операци дIахьочу хенахь махкара зорбанаш "хIуммаъ а ца хилча санна, тапъаьлла Iарна".
Мехкан урхалхочун дIахьедар зорбане даьккхина "Вайнах" телеканало. Видео тIехь гуш ду Соьлжа-ГIалахь шуьйра кхеташо дIахьочу заманчохь Кадыровс къамел деш, цунах лаьцна хаамбира лахьан-беттан 9-чохь цуьнан телеграм-каналехь а. Оцу йукъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхоьллинчу хьекъалх лаьцна ден къамел цу тIехь дац.
Тахана гайтинчу кхеташонехь, Кадыровс бохура: "Кхоьллинчу хьекъало хIинццехь сан метта Трамп охьахаон тарло. И фейк йу, йа билггал дерг ду, къаста а лур доцуш. ХIара тIаьххьара зама йу, цундела вай ма-хуьллу чIагIбан беза халкъаца бен болх. Интернетехь муьлхха а харц сурт хIоттон йиш йу, Соьлжа-ГIалин йуккъехь митинг гайта а, ур-атталла. Нах цунах теша тарло. "Грозный", "Вайнах" телеканалаша бахархошца беш болчу болх лакхабаккха беза, маса бакъйолу информаци дIа а кхачош. Даим а бахархошца зIе латтон йеза, информацин къоьлла а ца хIоттош царна".
Пачхьалкхан хаамийн гIирсаш бахархошца болх муха чIагIбан Iалашо йолуш бу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгал ца даьккхира оцу видео тIехь.
Нохчийн оппозицин NIYSO боламо критика йира Кадыровн дIахьедарна: хIинца билггал Нохчийчохь митинге нах бовлахь а, кхоьллинчу хьекъалца хIоттийна сурт ду и баха тарло цо, бохура цара. Цул совнах, жигархоша тидам тIебахийтира, дукха хан йоццуш Нохчийчохь, ницкъахоша "диверсанташ" лоьхуш, леррина операци дIахьочу хенахь меттигера хааамийн гIирсаша хIуммаъ а ца дийцирна махкахь долчу хьолах лаьцна. Детташ герзаш, тIеман бера-кеманаш стигалхула хьийзаш доллушехь.
- ГIадужу-бутт бовш Кадыровс дIахьедира меттигера вахархо верах лаьцна, бохура махкахь цо диверсеш лелийна. Ма-дарра цунах лаьцна ца дийцира цо, амма баркалла элира полицин лерринчу полкан командирна Чалаев Замидна. Иза вара "кхел йоцуш, бина таллам а боцуш, тоьпаш тухур йу" Iедалхошна луьйш болчарна а, терроризмана бехкебечарна а, царна гIодинчарна а бохуш, кхерамаш тийсинарг. Тхан сайто къастийра, цунах лаьцна хууш дерг.
- Дахначу кIиранах Трамп Доналда хьийхира UFC-н куьйгалхочунна Уайт Данна, КIайчу цIийнан пресс-секретарь хила, хьайна гIоьнна латархой Нурмагомедов Хьабиб а, Махачев Ислама а схьаэца балха аьлла.