Кадыровхоша "ДНР-н" эскархошна тIехь сийсазалла лелийна бохург бух болуш хила тарло

Донецкан кIоштера "Ахмат" батальонан эскархой, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан эскаран Нохчийчуьрчу салташа сепаратистийн "ДНР-н" эскархой сийсазбина бохург бух болуш хила мега, цунах лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалиин талламехь.

Салтийн зударша, наноша куьйг яздина долу кехат гезгмашин-беттан 23-чу дийнан терахьца ду. Цигахь чIагIдо, "[Оьрсийчоьнан эскарехь болчу] Нохчийн республикерчу тIемалоша сийсазалла лелийна" Донецкан кIоштерчу Докучаевскера мобилизаци йиначарна тIехь. Хьийзийна, дийцарехь, ши эскархо, ший а – гIалан оккупацин администрацин белхахо.

Кавказ.Реалиис билгал ма-даккхара, зен хиллачех цхьаъ Докучаевскан администрацин белхахо Остапенко Евгений хила мега. Сийсазаллаш лелор дуьйцуш болчу коллективан кхайкхамна, хетарехь, цуьнан зудчо Альбинас куьйг яздина. Цуьнан кIанта тIечIагIдира, латкъамехь яздина куьйг цуьнан хилар.

ШолгIа куьйг яздина хила тарлуш ерг – Герус Екатерина. "Донецкая Республика" олучу юкъараллин боламан тIеэцаран куьйгалхо ю иза. Герусна леринчу баркаллин кехатехь цуьнан ден цIе ю язйина – Анатольевна. ТIаккха цуьнан ерриг инициалаш йогIуш ю "ДНР-н" куьйгалхочуьнга бинчу кхайкхамехь язйиначаьрца. Герус Екатеринас а, цуьнан цIийнден гергарчу наха а Кавказ.Реалиин хеттаршна жоьпаш ца делира.

"ДНР-н" куьйгалхочуьнга бинчу кхайкхамна куьйг яздина хила мегачу нахах лаьцна информацино сийсазаллаш баккъалла а лелийна бохург тIе ца чIагIдо, йа нохчаша иза лелийна бохург а.

Украинан кхерамазаллин сервисо хьалхо арахецначу хаамашца а догIуш, зулам дина меттиг ю бохучу Берестовое эвлан уллохь "Ахмат" спецназан тоба ю зазадоккху-баттахь дуьйна. Цунна урхалла деш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера стаг Алаудинов Апти. Гезгмашин-беттан 17-хь Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналехь билггал оцу Берестовое эвлахь ву бохуш вуьйцура иза.

  • Докучаевскера мобилизаци йинчу бахархойн гергарчу нехан кхайкхаман сурт гезгмашин-беттан 27-хь арахийцира "БЭТМЕН ДНР" телеграмерчу канало, кехат баккъала хилар тIечIагIдина дац. Инах хьийзорах, сийсазаллаш лелорах лаьцна цигахь балийна хилла хаамаш талла дуьхьал хилла Сепаратистийн Iедал.
  • Нохчийчуьрчу эскархошна а, Оьрсийчоьнан армера кхечу тIемалошна а юккъера "рогIера девнаш" алсамдевлла бохуш дIахьедора Киево. Йозушйоцчу хьасташкара оцу хаамийн тоьшаллаш дац. Москвано, Соьлжа-ГIалано Украинерчу оьрсийн тайп-тайпанчу эскаран тобанашна юккъехь конфликташ хуьлу бохучунна комментари ца йо.
  • Оьрсийчоьнехьа Украинехь тIомбеш волчу Нохчийчуьра ву бохучу эскархочо нохчийн маттахь шен "оьрсийн" белхан накъост кхалхаре хьоьжуш ву ша цуьнгара герз схьадаккха Iалашонца, бохуш къамелаш деш видео арахийцира хьалхо телеграмерчу каналашкахь.