Кадыровхой тIаьхьабевллера шена аьлла Нохчийчуьра вахархо Мовлаев дIавахна ГIиргIазойчуьра

Мовлаев Мансур

Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур ГIиргIазойчуьра дIавахна, ша Нохчийчу дIа ца хьажавайта, цигахь кхерам лаьтта цунна. Бишкек гIалин кхело таIзар тIе а чIагIдина, Оьрсийчу цунна депортаци йийр йу аьлла, сацам бича дIавахна иза, хаамбина Кавказ.Реалиига цуьнан адвокато Автандил Бакыта

Цуьнан кхерамзалла ларйеш Мовлаев волу меттиг буьйцуш бац, дIахьедина адвокато. "Шена депортаци ца йайта дIавахна иза республикера. Муха цо и дина, суна хууш дац. Олийла ду, ша кхелан сацам кхочушбина, ша ГIиргIазойчуьра ара а ваьлла иза",- дийцина адвокато.

Хьалхо чохь баккха йалх бутт хан а, депортаци йан сацам а бира кхело Мовлаевн хьокъехь, цо ГIиргIазойчоьнан доза бакъо йоцуш хадорна. Иза Оьрсийчу дIа ца хьажавайта, адвокаташа дехар дора мел а йоккха хан тохахьара цунна бохуш, таIзар динчо бахарехь, даймахкахь кадыровхоша кхел йоцуш хIаллаквийр ву иза.

27 шо долу Мовлаев Мовсар тхэквандо спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.

Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.

  • ГIадужу-бетт бовш Бишкекера талламан изоляторехь шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедира Мовлаев Мовсара, амма дерриг а дийца ца ларийра иза кхелахойн коллегин куьйгалхочо йукъахваьккхина. Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, гIело йарх латкъам ГIиргIазойчоьнан Iазапех дIахьедарехула йолчу Къоман Центре хьажийна аьлла.
  • Нохчийн жигархойн хаамашца, кадыровхоша лечкъийна бигинера Йоккхачу АтагIахь беха Мовлаевн боллу гергарнаш. Шеларчу полицин декъехь уьш латтийна а бохура.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.