Керла шо карадале тӀаьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзанан гергарчарна йуха а совгӀаташ дийкъира. Билгалбаьхначарлахь бара республикан куьйгалхочун кӀентий а, невцарий а, вешин-йишин кӀентий а, уггаре а уллера нах а. Мидалш а, орденаш а, йеза цӀераш а кест-кеста луш йу цу регионехь, цундела оцу совгIатийн мехалла а йайна аьлла хета тзан сайто къамел динчу говзанчашна. ХӀун маьӀна долуш ду-те цу кепара и совгӀаташ далар, стенна оьшу иза Ӏедална, хӀун тӀаьхьалонаш йуьту цо?
Даим а санна, йуха а цхьана нахана совгӀаташ - орденаш, мидалш, сийлахь цӀераш – йелира цхьана шарчохь. Уггаре а доккха дакъа кхечира Кадыровн берашна а, церан гергарчарна а, Ӏедалан чоьхьарчу гонера тешам болчу нахана а. Ур-атталла лаккхара цӀераш а, масала, Нохчийчоьнан Турпалхо аьлларг, кест-кеста а, кхин дIоггара бух а ца балош дIасайоькъура даим а. Къаьстина доцуш хуьлура совгIаташ далар: "тешаме хиларна", "дакъа лацарна", "ламасташ лардарна". Дукха хьолахь хаттар жоп доцуш дуьсура: хIун динчунна доькъу и совгIаташ?
СовгӀаташ пайдабоцчу дахарх лаьцна тоххара хаттар федералан тӀегӀанехь а айдира. Цхьана кхеташонехь кинорежиссер Сокуров Александр вистхилира президенте Путин Владимире, Оьрсийчоьнан Турпалхочун цӀеран статус йуха листахьара ахь аьлла. Цо билгалдаьккхира, Кадыров Рамзан а, цуьнан да Ахьмад а санна болчу нахана иза йеллачул тӀаьхьа цуьнан маьӀна дайна хилар.
Цо иштта кхайкхам баро гойтура, и проблема регионан проблема хилла ца Ӏаш, Нохчийчоьнал арахьа а йаьржина хилар. Сокуровс критика йарх лаьцна хаам Кадыровга кхаьчча, цо режиссер национализмна бехке вина, иза "жоьпе озо веза" аьлла, дӀахьедира.
Цхьана а кепара бух а боцуш луш долчу совгIатех хIиц-пицIалгаш хуьлу
Йукъараллехь болчу хаамашца а догIуш, Нохчийчохь Оьрсийчоьнан Турпалхо цӀе лелош ву 36 стаг. Царах дукхахберш бу Кадыровн цIийнах а, цуьнан чоьхьарчу гонах а болу нах.
СовгӀат динчарна йукъахь бара, масала, Американ а, Британин а, Евробертан а пачхьалкхаша санкцеш кхайкхийна нах. Царна бехкаш дехкинера ЛГБТ-н нах хьийзорна а, нахана хьалха дIа а хIиттош, адамаш йуьхьӀаьржа хӀитторна а, халкъана тIехь къизаллаш латторна а, нах байъарна. ХӀетте а, оцу нахана делла лакхара пачхьалкхан совгIаташ, шайна йукъахь Оьрсийчоьнан Турпалхо цIераш а йолуш ду.
"Турпалхойн" тептар дика девзаш ду: ша Кадыров Рамзан, "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти, Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, цуьнан ваша, Росгвардин Нохчийчуьрчу эскаран куьйгалхо Шарип а, республикан Ӏедалан премьер-министр Даудов Мохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Ирасханов Аслан а, кхинберш а бу цу тIехь. Оцу нахах лаьцна журналисташа бина дуккхаъ а талламаш бу а, бакъонашларъярхоша арахецна рапорташ а йу.
Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа кхаьчна волу инарла Алаудинов вевзаш ву Кадыровн критикаш нахана хьалха сийсазбарца, иштта цо баьхнера шен куьйгакIел болчу эскархошка, меттигерчу Iедалхоша "террорхой а, экстремисташ а лоруш болу нах", ца хуьлчу далахь хIаллакбан а мегар ду шуна аьлла.
ДелимхановгӀар а бу шеконе репутаци йолчу нахах. Нохчийчохь тӀемаш боьлхучу муьрехь Делимханов Адам Ичкерин буьйранча Радуев Салман машенахь дIасалелош хилла ву. Журналисташа а, жигархоша а дийцарехь, ДелимхановгӀеран доьзал бехке хила тарло Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис а, нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан чатан модератор Тепсуркаев Салман а верна. 2022-чу шеран чиллан-баттахь Делимханов Адама массарна а хьалха кхерамаш тийсира бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална, "цӀий Ӏанор ду" аьлла дош а луш.
Карарчу заманчохь Нохчийчоьнан премьер-министр, иштта Оьрсийчоьнан Турпалхо волу Даудов Мохьмад а ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна. Иза бехкево гейш бу аьлла, шеконаш йолуш къайлахчу набахтешкахь латточу нахана тIехь къизаллаш лелорна. 2016-чу шарахь Даудовн цIе йаьккхира хаамашкахь, Нохчийчуьра коьртачу суьдхочунна цо йиттина аьлла, иза вуьйцуш.
Орденех йуьзна тIаьхье
Къаьсттина тидам тӀебахийта хьакъ ву республикан куьйгалхо ша а. 2025-гӀа шо цунна а "пайде" шо дара. Кадыров Рамзанна йелира "ТӀамехь билгалваларна" аьлла мидал, амма хууш дац, хIун динчунна догIура цунна и совгIат. Низамца а догӀуш, иза лерина йу тӀеман декхар кхочушдарехь йа леррина операцеш дӀахьочу хенахь куьйга кӀел болчу нахана тIехь хьалха а ваьлла, куьйгалла цо динехь. Зазадокху-баттахь изза мидал йелира цуьнан хӀетахь 17 шо долчу кӀантана Адамна а.
Кадыровс ша йукъайаьккхина хилла "Спортехь кхиамаш бахарна" луш йолу сийлаллин билгало а йелира Кадыровна; совгӀат цуьнга дIакховдийра цуьнан кӀанта, мехкан спортан министран даржехь волчу Ахьмада. Цунна дуьхьал къоначу министро шен дегара "Кадыров Ахьмад дагалоцуш" мидал схьаийцира. Кху аьхка Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан архитекторийн совгӀат делира "гӀаланаш кхиорехь дакъалацарна" аьлла билгалдаьккхина.
ХӀинцале а шозза Нохчийчоьнан Турпалхочун совгӀат дина Кадыров Рамзанна: дуьххьара 2023-чу шеран чиллан-беттан 24-чу дийнахь, йуха 2025-чу шеран гIадужу-баттахь а. Цул сов, республикин куьйгалхо Нохчийчоьнан Ӏилманийн Академин сийлахь академик ву, Оьрсийчоьнан лакхарчу доьшийлийн сийлахь профессор а ву, физикан культурин хьакъволу балхахо а ву, мехкан сийлахь вахархо а и ву. Кадыров Ахьмадан цIарах орден а йу цуьнан, "Даймахкана гIуллакхаш дарна" дина совгIат ду, "Доьналлин орден" йу, иштта кхин а кеп-кепара кхиамаш бахарна йелла мидалш а цуьнан йу.
Кхерамна тIехь, ницкъбарна тIехь, нах хьийзорна тIехь, цхьана доьзалан культ тIехь кхиийна раж йу хIара
Политологаша билгалдоккху , Кадыровн совгIатех самукъадаларо Брежневн зама дагатосу, амма цхьа бакъ ду, ша шена совгIаташ-м ца дора цо аьлла.
Къаьсттина гуш дерг ду, КадыровгIеран доьзалехь "шен нахана совгIаташ деш хилар". Кадыровн нана, Кадырова Аймани Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондан президент йолу, дика йевзаш йу уггар хьалха дуккха а сийлахь цӀераш а, совгӀаташ а кхаьчнарг санна. ХIетте а Кадыров Рамзана чӀагӀдо, иза цкъа а политикана йукъагӀоьртина а йац, шен доьзал а кхиош, чохь тийна-таьIна йаьхна зуда йу олий. "Цуьнан цхьаъ бен боцу бехк бу -иза сан нана хилар", - бохура цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхахволчу кӀанта Кадыров Ахьмада шен дегара стохка бIаьста "Соьлжа-ГIалин сийлахь вахархо" цӀе схьаийцира. 20 шо бен доцу Кадыров Ахьмад Нохчийчоьнан спортан министран даржехь ву. Сил йеза цIе цунна стенна йелла хилла а, хууш дац.
Нохчийн куьйгалхочун доьзалехь уггаре а дукха совгIаташ дина хиларца билглваьлла ву цуьнан воI Адам. Иза ханна жима хиларе хьаьжна доцуш, хӀинцале а дуккха а хьаькамашна а, кхерамазаллин белхахошна а тӀехваьлла иза шена деллачу совгӀатийн терахьца. Йукъараллехь гӀаравелира иза 2023-чу шеран аьхка Соьлж-ГӀаларчу СИЗО-хь КъорӀан дагорна бехке вечу Волгоградерчу студентана Журавель Никитана йиттинчул тӀаьхьа. Оцу кIантана тIехь гIело латтош дIайазйина хилла видео республикерчу Ӏедалша дIасайаржийра "нийсонца бекхам бар" ду и аьлла.
Цул тIаьхьа Кадыров Адамна тIе эгийра дуккха а совгIаташ а, пачхьалкхан даржаш а.
Цунна йелира Нохчийчоьнан Турпалхочун цӀе, ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГӀебарта-Балкхаройн а лаккхара сийлаллин орденаш, Нохчийн "Даймехкан Сий" ("Къоман дозалла") орден, ткъа иштта динан совгӀаташ а. Кхечу совгӀаташца цхьаьна цунна йелла "Оьрсийчоьнан къинхьегаман доьналла" а, "Оьрсийчоьнан спецназан университет кхиорехь дакъалацарна" а мидалш а.
Амма бакъ ду, хӀетахь берхIийтта шо а кхачанза волчу Кадыров Адамна цу тайпа совгIаташ а, даржаш а лойла дацара, низамашкахь а охьайаздина ду ишта хIума магош цахилар. Амма цунах новкъарло ца хилира иза сил чIогIа вазван.
МуьтIахь хиларна а, ницкъбарна а
Пачхьалкхан совгӀаташца бакъболу кхиамаш билгалбаха беза, уьш луш болчеран авторитет а лакхайаккха йеза. Амма бен-берса а ца лоруш, массарна а уьш дIасайекъаро, цуьнан маьIна талхош ду, оцу тайпа мидалш йекъарх а шеко кхуллу, бохура политолга Кутаев Руслана.
"Муьлххачу а пачхьалкхехь совгӀаташ - иза къаьсташ хиллачу, масал хила тарлучу нахана лерам баран билгало йу. Амма уьш, билггал бахьана а доцуш, дӀасадекъча, царех хIиц-пицIалгаш хуьлу, церан мехалла йов. Нагахь санна совгӀаташ кӀезиг а, дикачу агӀор а луш делахь, цара, мелхо а, Iедал чIагIдо: билгалваьккхинчу стеган а сий до, ларам хуьлу цуьнгахьа нехан, тIаккха Iедалх а тешам хуьла халкъан", - кхетийра къамелдечо.
Цунна хетарехь, пачхьалкхан совгӀаташ пайдабоцчу дахар гуш ду Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а.
Орденаш а, мидалш а турпалалла гайтарна луш йац, адам хIаллакдеш дакъалацарна луш ду
Нохчийчохь сийлахь цIераш а, пачхьалкхан совгIаташ а пайдабоцчу дахар дац вай дуьйцург, цигара Iедал легитимехь хиларан кризис хилар ду, тешна ву Ичкерин президент хиллачу Масхадов Асланан адъютант лаьттина Исханов Хьусейн.
"Нохчийн халкъан цкъа а ца хилла Iедалх тешам, йа хила йиш а йацара- йа Оьрсийчоьнан империн заманахь а, йа Советан заманахь а, ткъа тахана-м муххале а. Метрополица йолчу юкъаметтигийн истори ницкъбаран, депортацин, аьшпийн, истори йу, диалоган а, цхьатерра бакъонаш хиларан а йац.
ДIалаьцначу Ичкерин дозана тIехь тахана хуьлуш дерг – "стабилалла" йац, йа "машар" а бац, Путинан пурбанца низаме йерзийна диктатура йу. Иза кхерамна а, репрессешна а, цхьана доьзалан культана а тӀехь дIахIоттийна раж йу. Церан Iедал халкъан харжам а, халкъан лаам а бац, оккупанташна муьтIахь хиларна тIехь лаьтташ ду церан Iедал", - тешна ву къамелдийриг.
Цунна хетарехь, пачхьалкхан совгIатийн, цIерийн, даржийн мах байна Оьрсийчохь: билггал динчу беркатечу гIуллакхашна луш йац уьш, адам балехь латторна луш йу.
"Орденаш а, мидалш а даймохк ларбарна а, турпалалла гайтарна а луш йац, таӀзаран операцешкахь дакъалацарна а, бераш а, зударий а, баккхийнаш а байарна, цӀенош а, адамийн кхолламаш а хӀаллакбарна, Ӏазап латторна, нах лечкъорна, кхел йоцуш нах байарна, маьршачу гӀаланашна тӀелетарш дарна а луш ду и совгIаташ", - бохура Исхановс а.
Оцу системехь сийх - фарс хилла, низамах- фикци хилла, ткъа ша пачхьалкх - Iазапаш латтор къобалден гIирс хилла аьлла, дерзийра цо.
- Кадыров Рамзан дарбанан цIийне охьавиллина аьлла, баьржинчу хаамашна жоп луш Нохчийчоьнан къоман политикан министр волчу Дудаев Ахьмада видео зорбане йаьккхира мехкан урхалхочуьнца цхьаьна цуьнан резиденцихь дIайазйина. Цу тIехь Кадыровс чIагIдо, ша дикачу хьолехь ву, ша дарбанан цIийнехь хилла бохург- аьшпаш бу аьлла.
- Нохчийчоьнан муфтийс, Къилбаседа Кавказан координацин кхеташонан куьйгалхочо Межиев Салахьа йуха а дIахьедина, Украинера тIом- джихIад ду бусалба нахана аьлла. Ишта къамел дира цо Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу конференцехь.