Цхьана кIиранчохь шозза керла совгIат дина Кадыров Рамзанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун иттаннашкахь йолчу мидалшна а, орденашна а тIекхетта и шиъ а. ХIинца Кадыровна кхаьчна "Оьрсийчоьнан цементан индустри кхиорехь къаьстина дакъалацарна" а, ишта "Iилма кхиорехь дакъа лацарна" а йелла орденаш. Цунна и совгIаташ дар беламе даьккхиина дуьйцуш доллушехь, стенна луш ду и совгIаташ йух-йуха а, хаьттира тхан редакцино эксперташка.
Охан-беттан 6-чохь йелира Кадыров Рамзанна Нохчийчохь "Iилма кхиорна" мидал. И цунна дIакховдийра регионера Iилманан академин президенто Умаров Джамбудата, иза ву республикехь пропаганда йечарех уггар а жигара хьийзарг. Доккхачу декъана иза гIаравелира йоллу Оьрсийчохь йукъадаккха деза Нохчийчохь лелош долу, къурд олуьйту ламаст аьлла хьехарна, цунна нийса хетара дуккхаъчу нехан бакъонаш хьоьшуш хилар, байташ йазйора Кадыровна луьйш болчарна лерина, "хьагI йолу нах, боьха хIуманаш" йу уьш олура. Ткъа мехкан урхалхочунна лерина цхьа могIа книгаш арахецарна цунах вира «халкъан йаздархо» а.
Iилманах дерг аьлча, хIун динчунна йелла Кадыровна рогIера орден, хууш дац. Шена совгIат дарх лаьцна дуьйцуш, хIоттийначу постехь Кадыровс къадийра, и сацам бинарг "Iилманан академин президиум" йу аьлла, тIетуьйхира "сил мехала совгIат дарна чIогIа пусар до" ша аьлла. Кхузахь билгала ду, и мидал дуьххьара Кадыровна йелла хилар. 2022-чу шарахь Умаров куьйгалле хIоттийначу академино йукъайаьккхина йу иза.
Мидал йалар доцург, Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь Умаровс охьадийцира академино бинчу балхах, йовзийтира шейх Мансурах лаьцна арахецна жарга а, нохчи1н меттана тIехь бина болх а, ишта критика йира Википедина.
ШолгIа совгIат делира Кадыровна цул тIаьхьа ворхI де даьлча. Цемент арахоьцучийн Союзан кхочушдаран директора Мартынкина Дарьяс дIакховдийра цуьнга "Оьрсийчоьнан цементан индустри кхиорна йукъа къаьстина йолу хазна йилларна" I-чу даржан орден. Цементан индустрица регионан куьйгалхочун хIун дакъа ду а, ца хаьа, цунах лаьцна дуьйцуш дац. Оццу цхьанакхетарехь йийцарейира "Чеченцемент" заводана модернизаци йаран проект а.
Уьш ца кхета, и беламе хиларх, осала хиларх, нах буьйлуш ма бу цунах
Кадыровца цхьаьнакхета боьлхучу заманчохь, и нах кхета, шайна оьшург цуьнгара хилийтархьама, цунна шаьш а цхьа хIума кховдо йезий. Шиъ а совгIат дарх лаьцна дуьйцучу возуш воцчу нохчийн аналитико бохура ишта. Шен цIарца къамел дан ца лиира цунна.
"Москвахь а, Соьлжа-ГӀалахь а Кадыровс и тайпа беламе совгӀаташ чӀогӀа лерина тӀеоьцу, цхьа доккха и хIума долуш санна. Ша и совгIаташ дан хьакъ ву аьлла а хета цунна. Нах тIеоьху цунна, и кIадван, комаьрша ваккха. Соьлжа-ГӀалахь башхалла йац и совгӀаташ Кадыровна луш хилча а, йа цуьнан кӀенташна луш хилча а. Царна моьтту иза церан шайн багаж йу, шаьш дIагайта а, и дерриг а шайна догIуш делла ду аьлла, тоьшалла дан а. Амма бакъ ду, и совгIаташ шайна луш, чIогIа баккхийбоь уьш. Уьш ца кхета, иза беламе хиларх, кхардаме хиларх, нах шайх боьлуш хиларх а".
"ДагадогIий хьуна, Шварцан кино чохь: "Сийлахь веза, сийлахь Iазапхо, сийлахь тхан паччахьаллин Риман папа". – Оцу совгIаташа, цкъа делахь, совгIатан мах лахбо, нехаш йо царех. ШолгIа аьлча, билгалйоккху "товарищ Сталин- доллу Iилманийн гений ву" баьхна принцип. Диктатурин коьртехь латта везаш волу стаг, йоллу министраллин а, йоллу рекордийн а хьалханча хила везаш ву".
Медийн ловзарш
Воккхахволчу Кадыровн "совгIатийн музейхь"- масех иттаннашкахь пачхьалкхан а, ведомствийн а билгалонаш йу: "Даймахкана гIуллакх дарна" орден, турпалаллин, тIамехь билгалваларна, иштта кхин дIа а мидалш йу. Оццу тептарехь- гIурте а, экзотикан а регалеш йу: "Стоматологихь гIуллакх дарна" орденна тIера сийлахь гIишлошйархо а, фермер а, некъан белхахо цIерашна тIе кхаччалц, ишта тотих лаьцна йаьккхинчу "журналистан репортажах" преми а йелира цунна.
Кехаташ тIехь дукха титулш хиларх забарш чIагIйо йо цо
"И совгӀаташ мемаш хилла дӀахӀиттинехь а, хӀинца а Кадыровн ницкъ гайтаран гӀуллакх деш ду цара", - билгалдоккху Къилбаседа Кавказан аналитико Чемберс ХIаролда. - Уггаре а хьалха, лерам хиларан билгало йу иза: куьйгакӀел болчара къобалдо цуьнан лакхара хилар а, кхетам хилар а. Цу тайпа совгӀаташа муьтIахь хилар дӀакхайкхор дацахь а, цара чӀагӀдо цуьнан Ӏедалехь латтор".
Экзотикан совгIаташ, масала, цементан индустри кхиорехь дакъалацарна йелла орден, "медийн ловзарш ду" бохура къамелдечо: "Цу кепарчу совгIаташа цуьнгахьа йолу интере мел а алсамйоккху. Кехаташ тIехь цуьнан дуккха а титулаш хиларх йаьржина йуьйцу забарш чIагIйо цара. Оцу йукъанна йоллу процессан декъашхой кхеташ бу ма-дарра аьлча иза говзанча воций. Кадыровн самукъадолу оцу совгIатех, иштта зорбанан гIирсашкахь беламца дийца а дуьйцу цунах лаьцна. ТIаьхь-тIаьхьара совгIат хьалха деллачул а безаме хуьлу. Массо а шега хьаьжна, шех лаьцна дуьйцуш хила лаьа цунна, ткъа оцу совгIаташа иштта ван а во иза".
Гильдешкара совгIаташ
Кеп-кепарчу дакъошкара наха Кадыровна совгIаташ дар цуьнан йоцу корматалла къобалйархьама луш дац, цхьа шатайпа "ваIда" деш лелош хIума ду аьлла, кхин дIа а дийцира политолого Дубровский Дмитрийс.
"Нохчийчоьнан куьйгалхочун агӀор хьаьжча, хӀара хиламийн лелар нийса ду. Ӏилманчаш а, хьаькамаш а, кхиберш а декхаре бу цуьнан лакхалла къобалъян. Иза, коьртачу декъана, феодалан система йу: хӀора гильдино шен-шен символан совгӀаташ дохьу. Лоьраша а, Iилманчаша а, эскархоша а совгIаташ дарца диктатура йо, цуьнца цара бакъдо, иза мехкан куьйгалхо хилла ца Iаш, царна хIоранна а "уггар тоьлларг, уггар бен-берса куьйгалхо" а ву. Цуьнца а догӀуш, оцу гильдишца долу хеттарш тӀаьхьо листа атта хир ду".
"Авторитет латторхьама, иза даим а кхион йезаш йу, схьахетерехь, кадыровхой тешна бу, керла-керла регалеш тIекхетарца авторитет латтош йу аьлла, - тешна ву политолог Айсин Руслан а. – Официалан пабликаш схьа мел йоьллу, массанхьа а йаздина хуьлу: Нохчийчохь хьалха йу, и хIуъа делахь а. Масала, Соьлжа-ГIала- Москва дIайаьлча аьтто бинчу гIаланех шолгIа йу боху. Кхеташ ду, оцу рейтингех дукхахйерш аьттехьа а нийса йоций, амма цунах Iехало Кадыров. Цундела даим а керла хаамаш а, Кадыровн а, цуьнан доьзалан а "кхиамаш" а хуьйцуш, бийца безаш бу.
КХИН А ХЬАЖА:
Кадыровн "хIицI-пицIалгаш". Стенна луш ду пачхьалкхан совгIаташ Кадыровна а, цуьнан доьзална а, гонна аКадыровгIар стенгахь бу, Iилма стенгахь ду
"Гонах массо а, иштта нохчий а, кхеташ ма бу, и совгIаташ дала хьакъ долуш луш цахиларх къаьсттина Iилманца доьзнарш, - билгалдоккху нохчийн оппозицин Niyso боламан векалша. – Кадыров стенгахь ву, Iилма мичахь ду. Амма иза, схьагарехь, могӀарерчу тергамхошна а, диктаторан Ӏедал тӀеэцначарна а йукъахь ойланехь йолу херо йу, Кремло билгалдаьккхинчу дозанера. Царна кхечу кепара го хӀума. Уьш цхьа кхечу шайн дуьненахь бехаш бу".
"Оцу цхьана стеган массо а хIума хуьлий, тIаккха иза вазван буьйлало,- шен къамел дерзош бозура Айсина. - Дукхахболчу диктаторшкахь хилла ду и лазар. Кадыров Рамзан а а царлахь ву. Цунна-м ша билггал Дала ваийтина ву аьлла ма хетий, ткъа шен Iалашо – шена гонах йоллу титулш а, цIераш а, совгIаташ а гулдар хета цунна".
- Малхбузенан санкцеша лаьцна ву Кадыров Рамзан 2014-чу шарера схьа дуьйна, хIетахь шен тептаршка ваьккхира иза Евроберто а. 2017-чу шарахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн министралло "Магнитскийн низамехула" шайн санкцийн тептаре йазвира иза адамийн бакъонаш Iалаш ца йарна, нахана тIехь Iазапаш хьегарна а, адамаш дайъарна а. 2022-чу шарахь, Украинана тIелеттачул тIаьхьа, америкахойн санкцеш кхин тIе а шорйира. Дозанаш туьйхира цуьнан хIусамнанна а, кхаа йоIана а. 2025-чу шеран гурахь Британино санкцеш кхайкхийра Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондана, украинхойн бераш дIадуьгуш гIо дарна. Санкцеш йехира Кадыровн нанна Кадырова Айманина дуьхьал а, кехаташ тIехь иза йу Фондан куьйгалла дийриг.
- Кадыровс урхалла дечу заманчохь дуьйна бакъонашларйархоша билгалдоккху Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар. Цара кехаташ хIиттийна Iазапаш хьегийтарх, бертаза нах лечкъорах, къайлабахарх, стагера цхьаъ далахь, цуьнан цIийнах мел верг жоьпалле ийзорах, шайца йогIуш йоцу ойла йолчу нахана таUзар дарх.
- 2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан академин (РАЕН) сийлахь академик вира Кадыровх. Оцу тIехула йоккха гIовгIа эккхийтира, хIунда аьлча, политико йазбина цхьана а кепара Iилманан болх цахиларна. Цо дIахьедира, "уггар а тоьлла диссертаци" йу шена "Нохчийчоь меттахIоттор" а, "къомо къобалвар" а аьлла. Дукха хан йалале РАЕН-н президенто Кузнецов Олега а тIечIагIдира: Кадыровна Iилманан дарж делла цо "Нохчийчоьнан бахархойн а, эскархойн а дахар Iалашдарехь денна къахьегарна" аьлла.