Кадыровн критик Абдурахманов Тумсо верах лаьцна дийцина нохчийн жигархоша

Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо вийна. Цунах лаьцна дуьйцу 1ADAT телеграм-канало, хаам тIечIагIбо нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора.

"Цуьнан кхалхаран хьокъехь тоъал тоьшаллаш ду тхан, тIаккха цуьнан ваша Мухьаммад лерринчу сервисаша дIалачкъийна", - дуьйцу каналан хаамехь, Европерчу а, Нохчийчуьрчу а хьасташна тIе а тевжаш.

Масховдовс бахарехь, Абдурахманов масех стага вийна: "Ма-дарра дийца йиш йац сан, амма цунна герз диттина".

Амма йа Масхадовс, йа 1ADAT-о а билгал ца доккху, муьлхачу пачхьалкхехь вийна блогер.

Швецехь Абдурахманов вийна бохуш хаам гIуран-беттан 1-хь гучубелира къобалйанзачу Ичкерин агIончех волчу цхьаннан телеграм-каналехь. И хаам телеграмерчу каналашкахула баьржича, Кавказ.Реалиин редакци цхьана дийнахь-буса масийттаза Абдурахмановца а, цуьнан вешица а зIене йала гIиртира, амма кхачамбоцуш хилира и.

Уьш стенгахь бу а цкъачунна хууш дац Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" организацина. Швецин низамлардаран органийн официалан ресурсаш тIехь а хаам бац Абдурахманов Тумсо верах лаьцна. Швецин полицин пресс-офисехь комментари ца йира блогер вийна хиларх лаьцна болчу хаамашна.

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIелойира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран аьтто хиллера тIелеттачуьнгара герз даккха а, полици кхайкха а. Оцу гIуллакхна тIехула 2021-чу шеран дечкен-баттахь кхело таIзар кхайкхийра. Кхелйинарш бу Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал и зулам дан кхайкхийнарш къаста ца белира, амма суьдехь кхелахочо дIакхайкхийра, "ларо Нохчийчу вуьгу" аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатарх долчу гIуллакхца таIзар кхайкхийначул тIаьхьа цуьнан Германихь вехачу вешина йен кIело юкъахйаьккхира. Бакъонашларйархочо бахарехь, иза вер вовшахтохар тIедиллинера, Кадыров Рамзанан шича лоручу Эдельгериев Пахруддина.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, Германин федералан прокуратуро Нохчийчуьра Д. Валид бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан лаамца шен махкахо вен гIортарна. Цунах лаьцна талламна тIетевжина яздира "Немецкая волна" хьосто.