Иттанашкахь бу Алматахь а, Астанахь а дIалецнарш. Фотофакташ
Алматарчу Гоголан а, Панфиловн а урамаш вовшахкхеттачохь дIалоьцура нах.
Кху галморзехь вовшахкхеттера иттех стаг. Пачхьалкхехь бинчу политикан сацамашна а, Iедалхоша лелочунна а реза боцурш а, Астанах Нур-Султан ала дуьхьал берш а бара цаьрца.
Гоголан а, Панфиловн а урамашкахь нах леца болийра делкъанна 11:30 даьллачу хенахь.
Цхьаболчара хоьттура полисхошка: "ХIунда лоьцу аша? Шун да-нана, доьзал бац", бохуш. Алматы, Зазадоккху-беттан 22-гIа де, 2019 шо.
Ша Наурыз даздан веана ву бохушшехь, лаьцна вуьгуш ву полисхоша хIара стаг.
Алматан вахархочо дIахьедо, Казахстанан коьртачу шахьаран цIе хийца ша дуьхьал хиларх.
Йохка-эцаран "Шапагат" олучу центрна хьалха а дIалоьцура нах. Хуьлуш долчух даржо баьхкина Азаттыкан журналисташна Жоямерген Оркенна а, Айтмухамбетов Тимурна а дуьхьалъяьллера, шаьш "студенташ" ду аьлла, цхьа кегийрхойн тоба. Репортерийн балхана новкъарло йора цара.
Камерана герга а оьхуш, кегийрхоша декъалбора вовшийн Наурызца, эшарш лоькхура.
Цара доьхура операторе, нах лецар дIаяздина ца Iаш, шайн хелхарш, самукъадалар а тIедаккха бохуш. Полисхошка арздинера видеооператоро, шен балхана дуьхьало йо цара аьлла, амма ницкъахоша тергамза дитинера арз.
Азаттыкан репортерашна новкъарло йина кегийрхой.
Зазадоккхучу-беттан 22-чохь полицино дIалецира Шымкентерчу дендропаркна уллохь виъ вахархо.
Лоьцуш бара нах 21-чу дийнахь а. Шахьаран акиматна уллохь лаьтташ хилла масех стаг полисхойн автобус чу хаийра. Бара царлахь Астанан цIе хийца дуьхьал берш а.
Официалехь доцчу терахьашца, Зазадоккхучу-беттан 21-чу дийнахь Астанахь верриг а дIалаьцнера 20 гергга меттигера вахархо.