Жанаталап эвла: ток, хи а, газ а йоцуш

Жанаталапан урамехь йоьду автобус.

Жанаталапна герга ялийна а яц газан биргIанаш. Баллонашкахь оьцу бахархоша газ. Эца таро йоцучара, Iай дичиг кечдо. 
 

Шен уьйтIахь бедарш юьттуш ю хIара зуда.
 

Жанаталапан яхархо Батыркулова Кулайша ю дуьйцуш, мох, дарц даьлча я догIа догIуш, шайн хIусамашкахь шаьш серло йоцуш дисарх. "Администраце даханера тхо, тойийр ю аьлла, дош делла. Амма хIинца а бала а хьоьгуш деха тхо. Даим йогуш ю трансформатор", - боху цо.
 
 

Хинан биргIанаш а ца кхачийна Жанаталапе. Шайн хьашташна хи гIу чуьра оьцу.
 

Жанаталапере юккъера № 95 школа.

Иштта, шуна ма-гарра ду, Жанаталапехь цIенош.

Хенара Жанаталапера электротрансформатор.

Металлический столб с электропроводами.

"Тхан коьрта проблема муьлха ю аьлча, тоьках хьегар. Тийсина серий а хенара ду, бIогIамаш а ду шира", - боху меттигерчу вахархочо Бекжанов Назымбека. Адамашна кIордийна, шаьш ловш йолу халонаш йийца: доцу хи а, йоцу газ а, доьхна некъаш а, аьлла, тIетуьйхира цо.

 

Шира электробIогIам.

Асфальт йиллаза Жанаталапан урамаш догIа деача хатт болий, ваха а, ван а аьтто боцуш хуьлу.