КемантIехь къола дарна лаьцна Нохчийчуьра вахархо

Гайтаман сурт

Нохчийчуьра вахархо лаьцна "Москва-Иркутск" кемантIехь, цо къола дина хила мега аьлла шеко йолуш. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, Малхбален-Сибрехан транспортан полицин урхаллана тIе а тевжаш.

Полисхойн версица, 24 шо долу Нохчийчуьра вахархочо лачкъийна шена уллехь хиъна хиллачу 43 шо долчу Иркустк гIалара яхархочуьнан тIоьрмиг чуьра 10 эзар сом а, банкан картанаш а. ТIаьхьо оцу картанашна тIера ахча схьаэцна хилла цо. Лачкъийначу ахчанан буьззина барам балош бац.

КХИН А ХЬАЖА: Петербургехь Зорро жIаьла лараделла талорхой схьалаха. Нохчийчуьра схьабевлла бу уьш

Хилларг бахьана долуш талла долийна, доккха зен а деш, къола дарца доьзна бехктакхаман гIуллакх.