Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 18 вахархочунна а дуьхьал санкциш яьхна Керла Зеландино.
Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Махута Нанаиис динчу дIахьедарца а догIуш, санкцийн тептарехь нисбеллачарлахь – федералан министраш, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан цхьанаэшшара боцу декъашхой, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гергарнаш, иштта Кадыров Рамзан а.
"Украино къаьсташ схьахаийтина, царна гIо дан вайга далун долчех уггар коьртаниг, - вайн кхин дIа а яхъен санкциш а, йоьдучу конфликтехь цаьргахьа хилар а, и деш схьадогIуш ду вай", - аьлла пачхьалкхан МИД-ан хьалханчас.
Цо бахарехь, билгалбаьхна нах Путинан гонера бу, шайгарчу хьолах пайда а оьцуш, Украинан дозанийн цхьааллина а, цуьнан суверенитетана а кхерамаш тийсина цара.
Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансйин министралин активашна тIехь терго латточу урхалло "Iаьржачу тептаре" язбира, США-н резиденташна а, бахархошна а бизнес лелор дихкина нах, вара царлахь Кадыров Рамзан а, цхьа могIа цуьнан гергара нах а. Кадыровна а, цуьнан цIийнах болчу нахана а дуьхьал санкциш яьхна Украинерчу тIамна тIехула.
- США-н "Iаьржачу тептарехь" ю Кадыров Ахьмадан цIарах Регионалан фонд а.
- 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла.
- 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.