Кхелхина нохчийн дуьххьарлера кинорежиссер Татаев Илес

Татаев Илес

Нохчийчохь дахначу пIераскан дийнахь кхелхина Советан заманахь дуьйна гоьваьлла кинорежиссер, къоман киноматографи кхоллархо, скульптор Татаев Илес. Иза дуьненчу ваьллера 1938-чу шеран Стигалкъекха-беттан 1-чу дийнахь Йоккхачу АтагIахь. 1944-чу шарахь доллу нохчийн къомаца Казахстане хьажийна а вара иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан хьехархойн факультете деша вахара иза.

Соьлжа-ГIаларчу телевизионехь режиссеран гIоьнча санна болх бина цо 1964-чу шарахь. Цул тIаьхьа кхиамца чекхъяьккхина цо Москвахь кинорежиссерийн Лаккхара курсаш.

Мукъамийн, фольклоран, исбаьхьаллин, документалан 30 фильман автор ву Татаев.

1995-чу шарахь дакъалецира цо Нохч-ГIалгIайн киностуди кхуллуш, цуьнан директор а, режиссер а хилира иза. Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча Москва дIавахара Татаев. Кинохь болх бечу юкъанна, скульптураш йора цо. Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь хIиттийна цуьнан гайтамаш. Америкехь, Европехь, Гергарчу Малхбалехь а доларчу коллекцешкахь ду цуьнан белхаш.

2005-чу шарахь Пачхьалкхан Третьяковн галереехь хилира Татаевн гайтам. "Оьрсийчоьнан Федерацин халкъан художник" цIе а елира Татаев Илесна 2005-чу шарахь.

Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а болх беш ю Татаевн галерейш.