Кхиазхоша ден зуламаш алсамдовларехь Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь хьалха йу

Гайтаман сурт

Кхиазхоша ден зуламаш алсамдевллачу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь билгалйаьлла Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зерашна тIетевжина, цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло.

Официалан хьесапашца а догIуш, 2026-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчохь бархI кхиазхочо зулам дина. Ткъа стохка изза йукъ схьалаьцча, махкахь оцу кепара зуламаш хилла дац цхьа а. ГIебарта-Балкхачройчохь а и гайтам кхозза лакхабаьлла гуш бу – 16-нна тIера 58 стаге гергга. Къилбаседа ХIирийчохь шозза сов лакхара бу гайтам: 7- 17 стаге.

Иштта кегийрхойн зуламаш уггаре а алсамдевллачу кӀошташлахь хьалхарчу пхеа регионца йу Чукотка а, Пензан кӀошт а. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло бинчу хаамца, стохка оццу муьрца дуьстича, 2026-чу шеран хьалхарчу эхашарахь кхиазхойн зуламхойн терахь 945-нна тIера 11 429-не кхаьчна.

  • Оьрсийчохь пачхьалкхана дуьхьал зуламаш дина бохуш, кест-кеста бехкебо кхиазхой. Оцу гIуллакхех лаьцна хаамаш бо бакъонашларайарн органаша а, къайлахчу сервисаша а. Дукха хьолахь цара тIедетта, «Украинерчу кураторийн тIедахкаршца» лелаш хилла лецнарш олий, цхьана а кепара далош тоьшаллаш а доцуш. Тхан редакцино къамел динчу бакъонашларйархошна хетарехь, дукха хьолахь ницкъахоша дина питанаш бахьана долуш тIаьхьабуьйлу кхиазхошна.