Къилбаседа Кавказехь нах лецна бакъо йоцуш герз лелорна

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIахьедина, бакъо йоцуш герзаш, лоьлхуьйтурш, кхинболу тIеман гIирс лелош хилла аьлла, шеконаш йолуш 111 стаг лацарах лаьцна. ХIусамех хьийсина ишта Къилбаседа ХIирийчохь а, Дагестанехь а, Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а. Лецначарех кIорггера кхин хаамаш а, йа уьш бехке хиларх ладам болу тоьшаллаш а ницкъахоша ца далийна.

Официалан версица а догIуш, герз доьхкина ца Iаш, бехкебечара ишта иза йуха кечдеш а хилла. Дерриг а къайлахчу сервисийн белхахоша схьадаьккхина: 300 топ, тапчанаш, автоматаш, 223 граната, 82,5 кила лоьлхуьйтурш, 92 эзар патарма а. 47 регионехь лецна нах, ишта Оьрсийчоьнан къилбехь а- Ростовн а, Волгоградан а кIошташкахь а. И лецна нах вовшашца боьзна хилар а толлуш ду.

ФСБ-но Iорайаьккхина, шаьш и нах лоьцуш дIайазйина видео, цхьайолчу меттигашкахь ницкъ дуьхьал баккха а дезна церан. Видео тIехь гуш ду, дийцарехь, бехкебечу нахера схьадаьккхина ду боху герз, амма билггал и даьлла меттиг хууш бац. Цул совнах, талламаш дIахьочу йукъанна карийна ахча а, иштта хууш дац, мел ахча ду а, стенгара даьлла а. Лецнчу наха стенгара оьцуш хилла герз а, лоьхуьйтург а, йуха и цаьргара хьан оьцуш хилла а, ФСБ-но билгалдоккхуш дац.

  • Боккхачу доьзалан да, Волгоградера контрактхо (документаш тIехь цуьнан цIе къайлайаьккхина йу) гIоьртира бакъо йоцуш герз а, лоьлхуьйтурш а лелийна аьлла долийначу гIуллакха тIехула шен лацар къовса. Цо дIахьедира, герз- муляж йара, ткъа дохка бина хилла барт- шайна вевзаш волу стаг забар йеш Iехон дагахь дина хIума дара аьлла. Кхело тIе ца ийцира и чIагIдарш. Оцу гIуллакхан карточка хааделира тхан редакцина.
  • Дагестанера Хасав-Йуьрт гIалин кхело арахь йаккха хенаш кхайкхийра цхьана хенахь полисхой хиллачу Алиев Шемална а, Сайпулаев Рамзанна а, наркотикашца доьзначу гIуллакхна бехкке хеташ лаьцна йалийна зудчунна тIехь ницкъ барна. Цаьрца цхьана таIзар дина чоьхьарчу гIуллакхийн белхахочунна Ахмедова Майина а.