ДIатесна кешнаш

90-чу шерашкахь дуккхаъ оьрсий дIабахана Нохчийчуьра, цундела церан беллачийн кешнийн доладан стаг а вац.
 

Кешнашкахь тIемаша лараш йитина - патармаш Iохку маьI-маьIIехь, чарташна чекхйийлина даьндаргаш.

 

Зен хилаза дисина чарташ а кеста даьржина охьаэгар долуш ду.

Кешнаш битаме далош, чарташ юхаметта а хIиттош, церан Iуналла а деш, болх боло Iалашо ю Соьлжа-ГIаларчу масех доларчу конторийн. Маьхза хир дац и.

 

Шахьаран мэрино юкъ-кара субботникаш кхайкхадой, дешархой буьгу кешнаш цIандан, амма церан а ницкъ бац йоллу аренгахь къепе латтон.

 

Цхьадолчу кешнашна йина гонах керташ а яц. Деккъа ирзу ду, мекха лаьцначу аьчган жIараш тIе а хьаьрсина.

 

Дерриг а лору цигахь 300 эзар каш.


 

ТIеман шерашкахь байинчу, муьлш бу а ца хууш дIабоьхкинчийн сийдарца кеста иэсан хIоллам бугIур бу кхузахь.

 

90-чу шерашкахь мародераша къоладина жIарашна а, чарташна тIера аьчган гIирс а боккхуш.. Металл санна дIа а духкуш, шайна ахча даккхархьама.
 

Дукхахдолу чарташ, гуш ма-хиллара, кегделла ду. Цхьаболчу дIабоьхкинчу нахана тIа кхача а ца ло.

 

ТIеман шерашкахь муьлш бу ца хиина, цхьана коша боьхкинарш а бу кхузахь. Официалан доцучу зерашца, тайп-тайпанчу къаьмнийн 1600 стаг ву верриг а дIавоьллинарг. 
Ур-атталла, керт а яц цунна гонах йина.