Коронавирусан уьнах 300 сов стаг велла Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоран урхалло динчу зерашца, тахана, Товбеца-беттан 29-чохь, ерриг а махкахь коронавирус толлуш йина 1213044 тест, царех 3920 тIаьххьарчу 24 сахьтехь йина ю.

Пандеми яьржичхьана 15712 тест позитиве гайтина, тIаьххьарчу дийнахь-буса бинчу талламашца, 119 вахархочуьнца ун къаьстина.

Верриг а 12940 стаг дарба а хилла, лоьрийн тергонера дIаваьккхина COVID-12 вирусах кхелхина 309 дархо.

  • COVID-19 вирусна дуьхьал махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо, яздора Новости агенталло.
  • Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
  • Вакцинаци ярх карах тоьшалла доцуш, ярташка а ца дуьту шаьш, бохуш денна хаамаш бо Нохчийчуьрчу бахархоша. Шайн латкъамаш баржабо цара суьрташца а, видеошца а. Машенлелорхошка сертификаташ хоьтту бохург бакъ ца до республикеру некъан полицин урхалло.