Украинерчу тIамехь вийна масийтаза кхел йина хилла Нохчийчуьра криминалан авторитет, "Кадыров Рамзанан чалтач" санна вевзаш хилла Денисултанов Артур. Цунах лаьцна йаздо, ЗАГС-ра гIарадевллачу кехаташна тIетевжина, "Медиазонас". 2023-чу шарахь Денисултановна йалх шо хан кхайкхийра набахтехь даккха, амма цо тIамтIе ваха куьйгйаздира контрактана.
Журналистийн хаамашца, Денисултанов 2024-чу шеран лахьан-баттахь вийна Украинан Донецкан кIоштахь. Кхечу хьасташа хIара хаам тIечIагIбина бац, Нохчийчуьра Iедалхоша а цунах лаьцна дийцина дац.
Курмакаев Артур, "Динго", Антипов Александр, Дакар Александр, "Цебро", Тищенков, Вернер Алекс цIерашца лелла криминалан авторитет 2023-чу шарахь бехкевира 37 миллион соьмана курхаллаш лелорна. Ша "брокер" ву аьлла, долларшца хийца ахча даьккхина хиллера цо 26 шо долчу Москван вахархочуьнгара. Чохь даккха итт шо кхачадора Денисултановна, амма кхело кIад дира таIзар, цо "тIамехь дакъалацарна" а, цуьнан цхьацца къайлах делла совгIаташ хиларна а.
Денисултановна дуьххьара тоьхна хан йацара хIара. 1998-чу шарахь стаг лачкъорна бехкевира иза, 2000-чу шарахь курхаллаш лелорна а, стаг лачкъорна а, талораш лелорна а, Iедалан белхахочунна дуьхьал ницкъ баккхарна а, кехаташца харцонаш лелорна а кхеле озийра.
2017-чу шарахь Денисултанов бехкевира Джохар Дудаевн цIарахчу нохчийн батальонан командирана Осмаев Адамна вен Iалашонца кIело йарна. Ша журналист ву аьлла, Осмаевца цхьанакхетча иза вен гIоьртира Денисултанов. Амма Осмаевн хIусамненан Окуева Аминин аьтто белира чалтачна чов а йина, зулам йукъахдаккха. Украинхойн СИЗО-хь ши шой ахшой хан йаьккхира Денисултановс кхелан таIзаре ладоьгIуш Амма Оьрсийчоьнан ка йелира иза дIасахийца.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Мариуполехь йаьккхинчу видео тIехь хаавелира "Север" батальонан хиллачу командиран гIовс Геремеев Руслан. Иза бехке лоруш ву оппозицин политик Немцов Борис верна. Кадыров Рамзана дIахьедира, Геремеевх "тешийна йара уггар а чолхе меттиг" аьлла, хIунда аьлча "хьомсарчу ВАШАС шен тIедиллинарг чекхдоккхур ду". Кхин а кхо де даьлча дийца даьккхира зорбанашкахь, Геремеевна чевнаш йина, иза цIа вига веза Украинера аьлла.