Кадыровн метта шаьш хилча, уггаре хьалха хIун дийр дара аша?

Оьрсийчоьнан федералан бюджетера Нохчийн республике хьажийна ахчанан барам бисина стохка санна. Иза хиина кху беттан 2-чу дийнахь Пачхьалкхан Думан бюджетехула йолчу комитетан кхеташо хиллачул тIаьхьа.

Цхьацца субсидеш а, субвенци олу гIо а дIадаьккхича Нохчийчоьнна лур ду 40 миллиард 400 миллион сом.

ХIинца Республикан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан аьтто хир бу и ахча оьшучу хьашташна дIасадекъа.

Цуьнца доьззна ду оха шун кхоже диллина хаттар. Кадыровн метта шаьш хилча, аш уггаре хьалха хIун дийр дара?