"Ламаст дац, и талхор ду".  Къилбаседа Кавказерчу зударшна тIехь къизалла латтор

Соьлжа-ГIалахь, гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказера зударшна тIехь къизалла латтош хилар тахана а сингаттам хилла бисина: оцу регионехь кест-кеста тIелетарш до зударшна, нисло хIаллакбар а. Оцу йукъанна волайнхоша дIахьедо полицига, амма дукха хьолахь тергамза дуьту церан аьрзнаш. Зударшна тIехь Iазап латтор йукъара даккха Iалашонца къийсам латторан Дуьненайукъара дийнахь, лахьан-беттан 25-чохь, тхан редакцино листира, хIусамдас йитинчул тIаьхьа а зуда маьрша стенна ца йуьту цуьнан хиллачу хIусамдас. ХIун хийцадала деза пачхьалкхийн институташкахь, доьзалехь хьоьгучу баланах кIелхьарайаьлла зуда маьрша йаха-йан йитийта?

Хих веддарг хьера кIел нисвелла

Шен денцIахь паргIато ца хиларна, йуха а маре йаха дийзира Элизин (цIе хийцина). Хьалха йахначохь маре ца нисделла цIа йеанчу цунна чIогIа лиънера деша йаха а, болх бан а, парггIат цхьаннах йозуш а йоцуш, шен сом даккха а, йаха а.

"Дуьххьара маре йахначуьра сан йохаран бахьана дара ишта даим а марзоша хьийзор. Со дешна йацара, школа чекхйаккхар доцург, даим а суна тIехдеттера и. ЦIа йеанчул тIаьхьа ка йелира сан хьехархойн институте деша хIотта. И чекхйаккха-м ницкъ кхечира сан, амма Соьлжа-ГIала дIа а йахна, цигахь со балха йахийта сан вашас пурба ца лора суна", - дуьйцу зудчо.

Шун йоI балехь йаллош йу, цунна йетта, иза сийсазйо- ткъа и дац эхь?

Дукха хан йалале Элизина вевзира Соьлжа-ГIалахь вехаш волу цхьа жимстаг. Цуьнан шен петар йара, цхьа бакъахьа, оьзда хийтира цунна иза. Цуьнга маре йаха а реза хилира иза, цунна моьттура, гIалахь болх бан а, Iен-йаха а таро шен хир йу. Амма цо бахарехь, хих веддачунна хилларг хилира цунна.

Йуьхьанца дерриг а дика дара, амма хан мел йолу хIусамда кочаэха волавелира деа доцчу бахьанашца, ког баккха а ца йуьтура хIара, даим а кхунах шекволуш: "Цо ца могуьйтура суна пудар-басар хьакха а, сайн доттагIашца цхьанакхета а, йа уьш тхайн цIа балон а. Со балхахь йолчу заманчохь а суна тIехь терго латтайора сан майрчо, белхан хенахь со цхьанхьа а йоьдий хьожуш. Со цIа йогIу хан а, балха йоьду хан а даим а шен тергонехь латтайора".

Цхьа ши шо хан йаьккхира Элизас, хIусамдех дIаэн гIерташ, дов ца хилийта, цо боххург а деш. Амма тIаьхь-тIаьхьа кхин тIе а карзахе хуьлура иза. Кхунах тешам байна къамелаш дечу хенахь кхерамаш туьйсура цо, уьрсаца а цхьана. Эххара кхин детта са а ца хилла, Элиза цIа йахара цуьнгара. ХIетахь Соьлжа-ГIала йаха йуьртара охьайеъначу шен йиша йолчу дIайахара иза.

Амма хIусамда тIаьхьара ца волура. Ша хьо тешаш болуш йитина йац, шен бакъо йу бохуш, йала а, йола а ца йуьтура цо иза.

"Даим а тIаьхьа- хаьлха хьоьжуш, йа дIасахьоьжуш, иза цхьанхьара сайна дуьхьал нисваларна кхоьруш, синтеме ца хуьлуура со чу-ара йаьлча. Балхара хIоразза цIа масоза йогIу, сайн некъ хийца а гIертара со. Амма цунах а гIоле ца хилира цхьана дийнахь", - дагалоьцу зудчо.

Соьлжа-ГIалин урамехь

Элиза балхара суьйранна цIа йогIучу заманчохь нах бехачу, тIекIелдинчу цIеношна йуккъехула боьдучу некъа тIехь цунна дуьхьал велира хилла цIийнда. Кхуьнга йуха йола бехира цо, ткъа зуда дуьхьал йаьлча, цунах леттера иза. Полици а, йа дарбан цIийне а ца йахара иза, шена тIехь цхьацца чевнаш йисинашехь. Иза кхоьрура и гIуллакх нахаладаларна, ша бехкейарна. Цо дийцарехь, иштачу хьелашкахь даим а зуда бехке а йой, доьрзу. Цул совнах, иза кхоьрура и хьал вешина, йа шайн кертара кхечу божаршна хаарна а, тIаккха шина цIенна йукъахь со бахьанехь дов хир дара, бохура цо.

Масех баттахь тийсайелира Элиза, цхьана агIор цхьа йист йер йу моьттуш, тIаккха шен йишига дерриг а охьадийцира цо. Йиша, шен хIусамда а вуьгуш, церан цIийнан нах болчу йахара, иза йита а йитина, тIаьхьара ца валахь, ша полици а, муфтияте а гIур йу баьхнера цо. ТIаккха а ца хуьлчу далахь, кхерам тесна хиллера йишас, хьо Нохчийчохь тIемаш болуш, йукъахь хилла ву аьлла, ша хьуна мотт тухар бу аьлла.

ТIаккха сецира иза Элизин некъаш хедочуьра. Амма кхин нехан цIентIе йахна йац и жима зуда, оцу шинхьа а ша лайначо чам баьккхира шен бохура цо, божарех а, маренах а. ТIаьхьа шен кхелхинчу вешин ши бер а лелош, денцIахь Iийра иза.

ХIокху масало гойту, гергарчара гIортор ца йича, хуьлуш дерг. Шен цIахь а бала хьегначу цу зудчун ницкъ кхаьчнера паргIато шена лаха, амма шолгIа маре йахначохь а дахар ца нисделира цуьнан. Ткъа йуха а цIахь хало лан деза шен аьлла, хеташ, йеххачу заманчохь бала текхира цо.

Цунна нехан хIусамехь йеттачу хенахь, массо а шен-шен чохь Iа

Ишта хьал тIехIоьттича мел чIогIа оьшу хьан дас-нанас, гергарчара хьан агIо лацар, бохура нохчийн кхоллараллин интеллигенцин декъашхочо, шен цIа къайлайахьар а доьхуш. Дукха хьолахь, бохура цо, зудчунна тIехь Iазап латторна бехке цуьнан гергара нах бу. И йоI маре доьхна, цIа йарна кхоьруш, жеро аьлла цуьнан цIе ца хилийта, массо а хIумана бIаьргаш а хьаббеш Iа уьш. Шайн зудчунна йетташ хилахь а, йукъа ца гIурту уьш.

"БIешерашкхаь тхуна чу диллина ду, марера цIавар-эхь ду бохуш. Ткъа хьан йоI сийсазйар, иза хьийзор, цунна йеттар-и дац-кх эхь? И тайпаниг муха хила йиш йу? Аса сайн йоI кхиийна 18-20 шаре йаллалц. Буса наб а ца йеш, исс баттахь кийрахь лелийна ма йу аса иза, цунах йолуш хало а ловш. ТIаккха тахана цхьаъ ван а веана, цунна тIехь сийсазалла лелон йеза? Ас ватIор ву, сайн йоIана тIехь и дендерг", - бохура къамелдечо.

Цунна хетарехь, дуккха а хIума хийцалур дара, нагахь санна, оцу йоьIан тешам белахьара, шех хIуъа Iотталахь а, шен агIо лаца денцIа ду аьлла. Нагахь санна, и стаг а кхеташ хилча, и зуда цхьалха йоций а, ша хьийзайахь, шена могуьйтур доцийла а хууш хилча. Цу шинна а и хууш хилча, ницкъбийр бацара, зуда йийна аьлла, меттигаш а нислур бацара. Амма йукъаралло доллучунна а бIаьргаш хьаббо.

"Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а йоI маре йахначохь хIунда ца хуьлу цуьнан нах? ХIунда аьлча, иза маре йахна, тIаккха цунна тIехь шайн хьаштдерг дан йиш йу-кх. Нагахь санна, йуьхьанца дуьйна, цара доьзал кхуллуш, шина а агIор болу доьзал цхьана хилча, билггал и захало а доцуш, гергарло делахь, ша дерриг а кхечу тайпа хир дара. Вайн гIиллакхашца невцера бехк баккха а йиш ма йац: "Хьо боьха хIума йу! Сан йоIах кхин ахьа пIелг хьакхор белара!" аьлла. ХIан-хIан, товш дац. Вай олу: "Тхо, нохчий, берзалой йу!" Йац, барзо шен кIорнина тIехула милла а ватIор ву. ТIаккха вай хIунда ца Iалашбо вешан йоьIарий?", - хеттаршка йуьйлу къамелдийриг.

ТIеман хенахь "Нохчийоь- Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду" аларца дусту цо, доьзалехь ницкъбар а. ХIетахь цунах бахьана а деш, цхьа а йукъа ца гIуртура арахьара. Цо дийцарехь, иштта логика йу доьзалехь ницкъбарх лаьцна а, гонаха болчарна хета, и гIуллакх цу хIусамден а, хIусамненан а ду аьлла.

"Ткъа иза марера цIа йогIий, тIаккха чоьхьара а доцуш, арахьара гIуллак хуьлу цунах?- кхин дIа а дуьйцу цо. – Цунна нехан хIусамехь йеттачу хенахь, массо а тийна Iа, ткъа иза цIа йогIий, тIаккха дийца буьйлало, цо динарг эхь ду, цIа йан ца йезара бохуш. Вайн проблема кхузахь йу: вайн йоьIаршна гIо-накъосталла оьшучу заманчохь, вай царна тIе ца хIуьтту, вай уьш Iалаш ца бо".

Марера цIайар- паргIатйалар дац

Къилбаседа Кавказехь дуккха а меттигаш бу, и зуда цIа йеанчул тIаьхьа хиллачу хIусамдайша кхерамаш туьйсуш, царна тIаьхьара ца буьйлуш. Цкъацкъа и зуда лачкъийна меттиг нисло, йа цунна тIелатар дина, йа иза йийна, нагахь иза полицига йаьллехь а, иза Iалашйина меттиг бац.

2026-чу шеран гезгамашин-баттахь шен хиллачу хӀусамнанас а, цуьнан йоӀа а болх бечу кафе чу а вахана, герз диттинера Хасавюртара вахархочо. Ший а йийра цо. Хаамийн гӀирсаша дийцарехь, цу кафе чохь болх бар эхь ду баьхнера тӀелатар динчу стага. И зуда оцу стагехь марехь йолчу хенахь дуьйна балехь латтош хиллера цо иза, ткъа дIасакъаьстинчул тIаьхьа а кочара волуш ца хиллера. И ший а йийначул тIаьхьа бен лаьцна ца хиллера и стаг.

Шен хилла зуда а, шен доьзал а боцуш санна лела иза тIаккха

2026-чу шеран лахьан-баттахь хаам бира 34 шо долу зуда-таксхо Алхасова Динара йийна аьлла. ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь цхьаммо кхайкхина балха йаханера и жима зуда, цул тIаьхьа зIенера дIайайнера. ТӀаьхьо цуьнан дакъа карийнера ХIинжа-ГIалана гергарчу Керла Хушет олучу эвлан йистехь.

Зудчун хилла майра а, цунна вевзаш хилла стаг а лаьцна ву оцу гIуллакхца доьзна. Иза йеран бахьана дара боху, шен хилла хIусамнана кхечуьнга марейахар. Динара йуьстахйаккха Iалашонца, талламан версица, лецначара шайна йевзаш йолу цхьа зуда а йукъаозийнера. Такси кхайкхина хиллера цо, ша турист йу аьлла. Иза а лаьцна йу.

2025-чу шарахь охан-баттахь Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархо гӀоьртира шен хилла хӀусамнана йен, шаьшшинан йукъара йоI а цхьана чохь хиллачу цӀийнах цӀе а тесна. Зудчун а, йоьӀан а аьтто баьллера йогучу гӀишлонна чуьра арайала, амма тӀелатархочун аьтто баьллера тIаккха а шен хиллачу зудчун гех масийтаза отвертка тоха. ЙоӀа, теттина, шен да дIаваьккхинера ненах летачуьра, тIаккха шен нана дарбан цIийне а кхачийнера цо. Лоьрийн ка йелира, цунна дарба а дина, иза когаш тIе хIоттон.

Чергазойн йоI йу халкъан духар доьзна

Кхин цхьа гIуллакх нисделира Черкесскехь. Цхьна хенахь хиллачу хIусамдена а, хIусамнанна а йукъахь хилла дов дирзира, цIийнда вуьйш, оцу зудчун ваша Iедало чу а вуллуш. Болчу хаамашца, шен зуда йуха йига гIертара важа, цунна кхерамаш а туьйсуш. Дов даьллачу хенахь зудчун вашас тапча тоьхнера шен хиллачу невцана, иза оцу мIаьргонехь велира.

Адыгейхь а дукха нисделла шен хилла, йа хIинца а шен долахь йолу зуда йийна меттигаш. Стохка гурахь Тахтамукай эвлахь полисхо лаьттинчо кхерамаш тийсинера шен зулдчунна, йуьйр йу бохуш, цунна йиттина а хиллера цо машенийн парковкехь. Ткъа кху шарахь 69 шо долчу Майкопера вахархочо урс хьаькхнера шен зудчунна берийн бешан кертахь.

ГӀебарта-Балкхаройчохь меттигерчу стага 41 шо долу шен хилла хӀусамнана йийнера шайн 8 шо долчу кӀантана хьалха. Зулам хилла 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь Терекехь: Абазов Рустама лаххара а 5-зза урс диттинера шен хиллачу зудчунна, цул тӀаьхьа тӀелатар динера иза йига дагахь хиллачу стагана а. Чевнаш йина, амма дийна висира и стаг.

Йийначун нанас дийцарехь, Абазовс масийттазза йиттинера, кхерамаш тийсинера, ишта цунна тIаьхьара волуш ца хиллера иза. Зудчо полици дIахьедина а хиллера, амма цара цхьана а кепапра терго ца йира. Йуьхьанца кхело 13 шо хан туьйхира Абазовна. Амма йоьIан нанас латкъам бинчул тӀаьхьа республикерчу Лакхарчу кхело 15 шаре кхаччалц йахйира тоьхна хан

Даима а атта ду ала: зудчо са ца тоьхна, цо ца лайна

ГӀалгӀайчохь тӀелатар дира зудчунна, уьш дӀасакъастош кехаташ кечдина а довлале. 2022-чу шеран товбеца-баттахь Тимурзиев Къуйреш Магасехь шен хӀусамнананс болх бечу офисе - иза йара "Къинхетамечу нехан клуб" фондан директор Матиева Ната. Шен хIусамдех дӀакъаста дагахь хиллера иза. Натин йишас дийцарехь, майрачо кхерамаш туьйсуш хиллера цунна, ша шен йоӀ дӀайуьгур йу бохуш, кеп-кепарчу лоьмарш тӀера телефонаш йетташ а хиллера цо цуьнга. Шега йуха йола баьхнера цо, ткъа иза реза ца хилча, лаххара а ворхӀазза урс диттинера цо цунна.

Иштта республикехь гIарадаьллачех дара, Гудантов Ваха шен хиллачу хIусамнанна Людмилина тIаьваьлла лелар а. Цунна тӀаьхьаваьлла леллера иза, балха тӀе а оьхуш, иза йухайало гIертара иза. Ткъа зуда реза ца хилча, травматикан тапча коьртах тоьхнера цо, цул тӀаьхьа и тапча ша-шена а тухуш.

Къилбаседа Кавказехь уггаре а нахаладаьлла, дукха дийцинчех дара БуьритIера 22 шо долу Гагиева Регина йер. Масийттазза шена йиттинчу, ша йуьйр йу бохуш, шена кхерамаш тийсина волчу майрачух Техов Вадимах дӀакъаста гӀоьртинера иза. 2018-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дӀасакъаьстинера уьш, амма хIетте а цунна тIаьхьара ца волура иза. Регинан йишас дийцарехь, цуьнан хиллачу майрачо телефон йетташ, кхидӀа а кхерамаш туьйсуш, иза йаха а, йан а йуьтуш ца хиллера.

Регина масийтаза полицига орца деха а йаханера, амма, цуьнан доьзало дийцарехь, иза Iалашйеш билггал гIулчаш ца йехира цигахь. 2019-чу шеран гезгамашин-баттахь цуьнан белхан меттиге а веана, 15-зза сов урс диттинера цунна Теховс. Регина масех де даьлча дарбан цӀийнехь йелира. 2021-чу шарахь 16 шо хан туьйхира Теховна. 2022-чу шарахь президенто Путин Владимира гечдира цунна, цул тӀаьхьа иза ЧВК-н «Вагнер» тобанах дIа а кхетта, тӀаме вахара, цигахь тӀаьхьо наркотикаш сов лелор бахьана долуш велира иза.

Зуаме дирзира Подмосковьера Кокова Кристинин гIуллакх а. 2020-чу шарахь Нохчийчуьура Умаев Ахьмаде маре йеара иза, цул тIаьхьа Нохчийчохь йаха дIа а йоьдуш. ЙоI дуьненчу йаьллачул тIаьха хIусамдеца йолу йукъаметтигаш галйевлира цуьнан. Кристинас латкъамаш дора, мардас а, марнанас а йетта шена, хьийзайо ша, ницкъбо шена майрачо а бохуш. ДIасакъаьстинчул тIаьхьа ненера йоI а схьайаьккхира цара.

ТIаккха а тIаьхьара ца бовлура цунна. Марда Умаев Руслан хиллера цунна тIехь терго латтош, шантаж а лелош. 2024-чу шеран гезгамашин-баттахь йоI йайра. ТIаьхьо Умаевс даредира, ша иза йийна аьлла. Наб кхеттачу хенахь цуьнан са а дукъийна, докъанах цIе тесна хиллера цо. Кристинин нана шек йара, ша иза хьийзийна хилар къайлахьош, цо дина хир ду иза аьлла.

Нохчийчуьра нускал

Кхечу пачхьалкхе дIайахча а маьрша ца хуьлу зуда, и гойту Арсанукаева Ларисица хиллачо. 2025-чу шеран лахьан-баттахь Ниццехь цуьнан хилла хIусамда Алибиев Башир тIелеттера цунна а, 17 шо долчу шаьшиннан йоIана а. Лариса йийра оцу меттигехь, йоIана чолхе чевнаш йира. 2022-чу шарахь къаьстина хиллера и шиъ. Цул тIаьхьа Алибиев тIаьхьара ца волуш, бераш цунна тIе ца дохкуьйтуш, бала латтабора цуьнгахь.

ХIокху доллу дийцаршкахь шаьш Iазапехь латточу хIусамдайх дIа а къаьстина, керла дахар долон лаам болуш хиллера и зударий. Амма къаьстича а маьрша бацара уьш, дукха меттигашкахь кхин тIе а кхерамехь латтош, шайн куьйгакIелара уьш ца бовлуьйтуш.

Зудчо са детта деза?

Кавказера цхьаболчу божарша и зуда дIа стенна ца хоьцу, шайгара дIайахначул тIаьхьа, хаьттира оха Соьлжа-ГIалара вахархочуьнга. Жоп ишта дара цуьнан, амма шен цIе ца йаккхар дийхира цо.

"Суна хетарехь, и зуда йита оцу стагана дагадеанехь, цуьнан гIуллакх ца хуьлу кхиндIа цуьнца йукъаметтиг латтон. Цо шен керла дахар доладо, керла доьзал кхуллу, цуьнан кхин интересаш хуьлу. Шен хилла зуда-м стенна дуьйцура, ур-атталла берашца а бала ца кхочу цуьнан тIаккха", - бохура къамелдечо.

Амма, нагахь санна, дIасакъаста лаам хилларг зуда йелахь, тIаккха кхечу куьце доьрзу и гIуллакх: "Цуьнгара дIайахна, шен цхьа аьтто а бина, и зуда охьахаа гIерташ йелахь, и чIогIа ца лало боьршачу стаге. Ша оцу зудчо сийсазвина, цо шен сий дайъина олий хета цунна. Нагахь санна, шен накъосташна а, гергарчарна а, гонах болчарна а и гIуллакх гIарадаьллехь, муххале а. Царна моьтту, шена и маре товш дацахь, зуда дIайаха ца йеза аьлла. Стеган йиш йу иза дIатаса, ткъа зудчо са детта деза, цо доьзалан ойла йан йеза, наха олург лардан деза. Цо и низам дохийний, тIаккха цо шен сий дайъина олий ойла хуьлу-кх стегарийн".

Соьлжа-ГIалин вахархочо бакъдира, оцу доллучунна тIехьа лаьттарг безам йа доьзал боха цалаар дац аьлла, стаг гIерта шен ма-хуьллу, "шен карара архаш охьа ца йахка, цунна тIехь контроль латтон".

Журналисто, бакъонашларъярхочо Мирмаксумова Аидас кхин цхьа тенденци хьахийра тхоьца хиллачу къамелехь: Кавказехь божарий беран хьекъале боьлхуш бу, дукха хьолахь жоьпалла шайна тIелаца ца лаьа царна.

Мирмаксумова Аида

"Шайн доьзал Iалашбан а, царна оьшург латтон а, шайн леларна тIехь жоьпалла а латточу меттана, царна атта ма дуй банне а бехкбоцург бехкеван. Кхузахь зуда бехке йо цара: доьзал бохийна, иза вуон зуда йара, ткъа ша даладелла къонах ву бохуш, ишта бехке даим а зуда хуьлу. Балехь йаллийначу зудчунна бехк тIетаттар а иза а долуш ду. Зуда бехкейан атта ма дуй, хIунда аьлча, массарна а дукха дика хаьа, цо ишта а бала лайний а, тIаккха вайн адамаш а кийча ду иза дIакхалла, шаьш цхьа чIогIа дика адамаш а хуьлий. Жоьпалла шайна тIелаца марзбелла бац Кавказера божарий", - аьлла хета бакъонашларйархочунна.

Цо дийцарехь, регионехь массарна а хета доллу жоьпалла зударшна тIехь хила деза аьлла, доьзалан бала а, иза эвсара хилар а. Иза тIехдика шен чуьра гIуллакхашца ларош йелахь, марзошца иза дика йелахь, цунах доьзна ду и доьзал чIагIо йолуш хилар.

"Амма Кавказехь олуш дац-кх, борша стаг- оцу доьзалан шолгIа бIогIам бу. Шерашкахь наркоман хилла, зудчух леташ, цхьацца хьарамчу ловзарех ловзуш, берийн ахча шен хьашташна дойъуш, массо а зударшна тIаьхьа а ваьлла лелаш и стаг хилча, и доьзал хIаллакбийриг зуда ма ца хуьлу, и стаг хуьлу. ХIетте а атта ду-кх: и зуда ца ларийна, цо са ца тоьхна, и мохь цуо шен гихь дIа ца баьхьна бохуш", - кхетадо журналисто.

Цо билгалдаьккхира, цхьаболчу божарий дера хилар доьзна хила тарло, уьш ледара хиларца а, бераллехь цхьацца Iазап-бала цара хьегарна а. Ден-ненан безам тоаме ца хиллехь, доьзалехь гIело латтийнехь, бохура цо, цунах доккха адам хилча, и зуда дIайахар, шена инкарло йина, цо ша дIатасар санна тIеоьцу цо.

"Воккха стаг ма вуй иза хIинца, тIаккха шен кара герз а эцна, зудчунна бекхам бан араволу. Оцу бераллехь хиллачу цатемаша, цунна дас-нанас безам-марзо цайалар, и дерриг а цунна шена дуьхьал долу тIаьхьа, зуламе доьрзу иза воккхахилча", - билгалдоккху Мирмаксумовас.

Пачхьалкхо йукъараллина бIаьца йо- доьзалехь ницкъбар-зулам дац олий

Зударий кхидӀа а доьзалехь ницкъ беш, кхерамаш туьйсуш, хьийзош бу, уггаре а хьалха божарийн, зударийн бакъонаш цхьатерра ца лелорна а, патриархалан стереотипаш а, дискриминаци а доьзалехь латтош хиларна а, аьлла хета бакъонашларйархочунна, «Нийсонан керла культура» организаци йиллинчу Заруи Ованнисяна.

Ницкъ бар, цунна хетарехь, дукха хьолахь адамийн бакъонаш талхор санна а доцуш, цхьа йукъара кега-мерса дов санна тIеоьцу, цундела ишта хIума хила дезаш дерг санна лору.

"ГIело латтор йукъахь хилар хилла ца Iа проблема, пачхьалкхан оцу зудчун бакъонаш Iалашйан, иза ларйан мел таро йу бохучуьнца а йу. Тамашен хIун ду аьлча, гIело лайначу нахана гIо дан, уьш Iалашбан кхоьллина системаш, шаьш а йу институциалан а, профессионалан а проблемаш йолуш, цундела кхин тIе а кхин а чIогIа чолхе хуьлу талхийна бакъонаш меттахIиттон", - бохура къамелдечо.

Цо бахарехь, низамо доьзалехь ницкъбар луьсту, стага зудчунна тIехь бен ницкъ къастийна тидаме а ца оьцуш. Оцу тIехула Iедало тIеэцначу барамаша оцу зуламийн башхаллаш чоьте ца оьцу: зударшна тIехь гIело стенна йина, муха нисделла и, хIун гIо оьшу шен волчу цIийндас, йа хиллачу хIусамдас Iазапехь йаллочу зудчунна олий.

"Иштта йаккхий проблемаш йу бала хьегна зударий Iалашбарца а. Дан дезарг шен-шен хенахь ца до, цунна билггал болу кхерам тидаме а оьций. Цул совнах, ишта меттигаш а нисло, шен гIо доьхуш, баланах йала хьийза зуда оцу зуламхочух ларйала хьийзачу хенахь, зулам динарг иза йолуш санна хьал доьрзуш нисло. Цо гойту, бакъоларйаран органаш кхеташ йоцийла доьзалехь ницкъбарх, цунна тIехь Iазап латторах, кхин дан амал цахиларна, и зуда ша дуьхьал тийсалуш хилар а",- билгалдокакху бакъонашларйархочо.

Кхелан сацам карахь белахь а, бохура Ованнисяна, оцу зудчунна кхерамзалла ца хуьлу, цкъацкъа и кепаш йухайоху, ткъа бала лайна зуда оцу стага йуха а кхерамехь латтайо.

Пачхьалкхан институтийн зудчунна гIо дан ницкъ ца кхаьчча, ша шен амал бан безаш хуьлу иза. Бакъоларйархочо бахарехь, цунна хьалха харжам буьсу: йа кхера а кхоьруш хене йала йеза со, йа кIелхьарайала некъаш лаха деза олий. Цкъацкъа ша йеха меттиг, шен накъостий, ша йаха марзйелла пачхьалкх хийца декхарийла хуьлу иза.

"И хьал зудчун жоьпаллехь хила ма ца деза. Иза ма йац, Iазапах йедда шен цIийнах йала йезарг. И пачхьалкхан декхар ма ду- цунна кхерамзалла латтор", - чIагIдо Ованнисяна.

Цунна хетарехь, низамашкахь хийцамаш бар тоаме дац, оцу низамех пайдаэцар ду хийца дезарг. Оцу гIуллакхна, цунна хетарехь, полицин белхахой, талламхой, прокурораш, суьдхой дикка кечбина хила беза, дукха лерина зен деза оцу нахана мел кхерам лаьтта а. Шен хеннахь цуьнгахьа гIо даьккхина ца Iаш, тIехь терго латтон йеза доза тухуш дуьхьалбаьхна барамаш муха ларбо а, зударшна юридикан а, психологин а, социалан а гIо латтон а деза.

"Уггар а коьртаниг- орца доьхучу зударшкахьа болу институциалан хьажам хийца беза. Iазапхочуьнца йуха барт а бина, чохь йита йеза аьлла, оцу доьзалехь лаьттачу девнна коьрта бехкениг иза йан ца оьшу. Цуьнан бакъонаш йохийна, кхерамца йеха иза, пачхьалкх цунна хьалха декхарийла йу. ГIодар деклараци хила ца йеза, билггал гаранти хила йеза цунна йаха а, цуьнан сийдан а, кхерамзалла латтон а", - дерзийра Ованнисяна.

Культурех доьзна хIума дац, бакъонана пачхьалкх цахилар ду

Нохчийн юристана Янгулбаев Абубакарна а хета карарчу хенахь лелачу низамаша зударий кхоччуш ларбеш бац аьлла. Цо билгалдоккху, Оьрсийчохь доьзалехь ницкъ барх лаьцна къаьстина федералан низам цахилар а, йа зе хилларш шайна тӀехь ницкъ беш болчех сихонца ларбаран эвсаре механизмаш а цахилар.

Янгулбаевс дагадаийтира, 2017-чу шарахь гергарлонца болчу нахана йукъахь тохар-Iоттар нислахь, и бехктакхаман гIуллакх административан кепе дерзор. Цо а лагIдина волайнхой Iалашбар, цундела цунах сигнал хилла, пачхьалкхо доьзалехь ницкъбар цхьа чолхе хьал санна тIедуьтуш цахиларан.

"ХIара тергалцадар дац, хIара ойла а йина пачхьалкхо лелош йолу политика йу: доьзалехь ницкъбар- зулам дац, иза доьзалан гIуллакх ду бохуш", - дуьйцу юристо.

Цо бахарехь полицига орца дехахь а, цо хьуна тешам ца ло, и зуламхо сацор ву аьлла: хьан дIахьедар чу оьцур ду, амма кхин сов даьккхина кIад а дийр дац. Жоьпалла пачхьалкхан институташна тIехь ду - низамаш дохучарна тIера ницкъахошна а, системе болх ца бойтучу кхелахошна а тIекхаччалц.

Къаьстина къамелдечо билгалдаьккхира, ницкъбар "Кавказан халкъийн ламаст ду" бохучунна ша дуьхьал хилар. Меттигерчу ламасташа, иштта нохчийн а цхьаьна, цкъа а бакъ ца вина зуламхо, мелхо а, Iадаташа а, бакъоно а уггар а коьрте хIоттош хилла йу зуда, къаьсттина нана а, хIусамнана а.

"Ткъа тахана вайна схьагушдерг, -хIара ламаст дац, хIара и гIиллакх-оьздангалла талхор а, низам цахилар хьулдар а ду. Боккъал а йолу проблема культурица йац, бакъонан пачхьалкх цахиларца йу. Бакъонан пачхьалкхехь низам баьрччехь хила дезаш ду массо а хIума дIа а теттина", - дерзийра Янгулбаевс.

  • Нохчийчоьнан Iедалхоша кест-кеста дIахьедо боьхна доьзалш вовшахтухучу комиссин кхиамех лаьцна. Официалан хаамашкахь дуьйцу бIеннашкахь, эзарнашкахь бу шаьш йукъахь маслаIат дина, йуха вовшахкхетта доьзалш бохуш. Тхан редакцица къамел динчийн шеконаш йу, комиссийн жамIаш нийса хиларх: статистика лакхайаьккхина, ткъа вовшахтоьхна аьлла, дIакхайкхийначу доьзална йукъахь барт хилла олийла дац бохуш.
  • Къилбаседа Кавказехь чIир йекъарца а, кхайкхорца а тахана а лазаме хьал ду, Iедалхой и йукъара даккха хьийза маслаIатийн леррина комиссеш вовшахтоьхна. Оцу йуккъехула Дагестанан университетан профессоро хьийхира, чIирна стаг верна деш долу бехкзуламан таIазр дайдан деза аьлла. И Iадат тахана а йукъахь лелаш стенна ду, бIешерашкахь и муха лаьттина, пачхьалкх мел чIогIа хьийзарх а, иза йукъара даккха аьтто хIунда ца хьулу- дийцира тхан материалехь.